button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам Мухьаммад ибн Идрис аш-ШафиIий

Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:

1. «Шен вешийца даггара вежаралла лелош волчо, цуьнан бехказлонаш къобалйийра ю, цуьнан сакхт нисдийра ду, цуьнан гIалатана гечдийра ду». ТIабакъату аш-Шафи1иййати ал-кубра 2/138.

2. «Цхьа а сакхт доцуш доттагI лоьхуш волчо ша шена хало йийра ю, шен вежаршкара мел даьллачу гIалатах бехкаш дохуш волчо шен мостагIий сов бохур бу».

3. Велавелира со, элира цара: «Иэхье ца хета хьуна?!».

Вилхира со, элира цара: «Къажа ца къежа хьо?!».

Къежира со, элира цара: «МоттаргIанаш лелош ву!».

Хоттийра ас, хьаж юккъе шад, элира цара: «Цуьнан даг чохь хилларг гучадели!».

Тапъаьлла Iийра со, элира цара: «Маттана говза вац!».

Вистхилира со, элира цара: «Къамелан шера ву!».

КIедахилира со, элира цара: «Осалчу нехан хIума ду, шен ницкъ кхачахьара, оьцур яра цо чIир а!».

ОьгIаз вахара со, элира цара: «Кхетам боцуш ву, кхетам болуш велахьара дийра дацар!».

«ХIан-хIа» ас аьлча, олу цара: «ДIакъесташ ву».

Шайна со тIетайча, олу цара: «Массо хIуманна реза хуьлуш ву!».

ТIаккха хиира суна, мел нах резабан со гIертарх а , хир вуй со сийсаза!!

4. «Сурат «Ал-КахIф» дешар дика хета суна, пIераскана дийнахь а, (пIераскана) буьйсанна а, цу хьокъехь даьхкина хьадисаш долун дела». Имам аш-ШафиIий, «Ал-Умм», 1/208.

5. «Айса цхьанна гIийбат дийриг хилча, сайн нанна дийра дар ас гIийбат, хIунда аьлча, сайн диканаш дIадала нахалахь уггаре а хьакъ ерг иза йолун дела».

6. «Дезаш вац со адам тIех сов даздар, цуьнан кошах маьждиг а деш. Цунна шена а цунах питан (зер) хира долуш, цул тIаьхьа богIучарна а питан хира долуш». [Руъусул-масаили, агIо: 187].

7. «Ма дика Iилма ду-кх лоьрийн Iилма. Вай (бусалба наха) тесна а дитина, кериста наханна дIадели иза».

8. «АллахIан элчан (ﷺ), суннат шайна карийча, цунна тIаьхьадаза, нехан къамеле ла а ца доьгIуш». Хьилятул-авлияъ, 9/107.

9. Имам Шафиlийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIана хьо гуттаренна а жоьжахатехь вáгийта лууш хиллехьара, Цо хьан даг чу Ша цхьаъвайтар (тавхьид) тосур ма дацара». Дийвáн ал-Имáм аш-Шáфиlий.

10. «Iилма ца дезачуьнгахь хайр дац». Тариху Димашкъ, 15/407.

11. «Мархийн баттахь (дийнахь марха а долуш) гIенах левинчо, шен марха лийча а лийчина дIакхобур ду, иза доькхуш кхаба а ца деза цо. Иштта, (мархийн баттахь буьйсанна) шен зудчуьнца эвхьаза гIуллакх деанехь, юха цо лийчар тIера даккхале Iуьйра (ламазан) хан тIекхаьчнехь, цо лийча а лийчина шен марха дIакхобур ду (иза юха доькхуш кхаба а ца деза цо)».

مَنْ احْتَلَمَ فِي رَمَضَانَ اغْتَسَلَ وَلَمْ يَقْضِ، وَكَذَلِكَ مَنْ أَصَابَ أَهْلَهُ ثُمَّ طَلَعَ الْفَجْرُ قَبْلَ أَنْ يَغْتَسِلَ اغْتَسَلَ ثُمَّ أَتَمَّ صَوْمَهُ

ал-Умм, 2/106.

12. «Къиношна генаваларо а, шен бала боцург Iаддитаро а дог нуьре до (нийсонна а, бакъонна а тIенисво)».

اجتِنَابُ المَعَاصِي وَتَرْكُ مَا لاَ يَعْنِيْكَ يُنَوِّرُ القَلْبَ

Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 10/98.