Суфъян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
1. «Хьо волче хьайн ваша веача, цуьнга «ХIума кхоллий ахь? Юург охьайиллий хьуна?» – бохуш хетта ма хетталахь. Цунна юург хьалха йилла, шена лаахь юур цо, ца яахь, хьалхара дIайоккхур ахь и». МавáIиз 84.
2. «Аша деш долу къамел паччахьана тIе хьура долуш шуна юкъахь цхьаъ хилча, и (паччахь) оьгIаз вохуьйтун долу къамел дийр дарий аша?!».
Цара аьлла: «ХIан-хIа, дийра дацар дера! Тхох мила ваьхьира вара и къамел дан?».
ТIаккха Суфян ас-Саврис аьлла: «Шуна хаийла аша деш долу къамел малийкаша шун Деле хьаладоккхуш хилар».
3. «Зудчунна шен хIусамал дика хIума ма дац, иза къанъелла йоккха стаг елахь а». ат-ТамхIийд лима́ фил-муваттIаъи минал-маIа́ни вал-аса́нид, 23/402.
4. «Хьайна эхартар балхах цхьа болх коьрте багIахь цунна тIеверзалахь, и барехь сихо а елахь хьайний, цунний юккъе шайтIа далале». Хьилятул-авлияъ, 7/83.
5. Суфъян ас-Савре (АллахIа къинхетам бойла цунах) хаьттина: «ТIехь декхар долуш волчу стага жижиг даа мегар дуй?» — аьлла.
Цо жоп делла: «ХIан-хIа, мегар дац*» — аьлла. Хьилятул-авлияъ, 7/19.
————
*Цо гойту, оьшуш а, ца оьшуш а оьцуш йолу хIуманаш совца а йина, декхар дIадалар хьалхадаккха дезаш хилар.
6. «»Ла́ила́хIа иллаллахI» боху дашо санна иблисан букъ кагбеш хIумма а ма дац». Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 7/260.
7. «Хьуна ша дина долу диканаш дагардеш волчуьнца доттагIалла ма леладелахь». ШуIабул-ийман, 8882.