1. «Я АллахI, Хьайн динна гIодечарех ве Ахь со».
И доIа шортта делаш! Баккъалла а, АллахIан динна гIо дар уггаре а даккхий совгIатех совгIат а, уггаре а сийлахь даржех дарж а ду шуна. АллахIа цкъа а эшамехь хуьлуьйтур вац, ша Ислам-динан гIуллакх деш къахьоьгуш вуй хууш волу Шен лай.
2. Рамадан бутт — шена чохь доlанашна жоп луш болу бутт бу.
Ма хийлаза доIанна жоп делла-кх Рамадан баттахь.
Ма хийлаза сатийсам кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.
Ма хийлаза боккха бала тIера дlаайбина-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.
Ма хийлаза доьхучарна шайн хьашташ кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.