button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iарафат дийнан дозалла

Iарафат де хьахича я дагадеъча, уггар дика а, беркате а де ду деношха хьахийнарг. Цхьá де дац, шена чохь малх схьакхеташ я дIабузуш, даим дика а долуш Iарафат дийнал. Суннатехь деана ду, хьадж деш воцчунна, цу дийнахь марха кхабаро шина шеран къинош дIадохуш ду аьлла. Бакъ хилар сецна ду Абу Къатадата алар: АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), хаьттинера Iарафат дийнан мархех лаьцна. ТIаккха цо элира: «ДIадаханчу а, тIедогIучу а шерийн къиношна гечдо цо». Муслим.

Иштта суннатехь деана ду Иблис цхьанна а дийнахь гина дац жима а, гIаддайна а, холчохь а кхана Iарафат де хилча, оцу суьйранна санна.

Iарафат дийнан мархин дикалла:

Иза Зул-Хьиджат беттан уьссалгIа де ду. Iелам нехан хилла барт бу Iарафат дийнан марха уггар дика марха ду аьлла. Къиношна гечдаран а, жоьжахатенах хьалхавийтаран а, Iарафат олучу меттехь лаьттачу (гулбеллачу) охIланах (хьажойха) дозалла даран а де ду иза:

Iáишата (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), элира аьлла: «Шена чохь АллахIа леш жоьжахатенах дукха хьалхабуьтуш цхьа де а дац Iарафат дийналла а. Баккъалла а, Иза юххе а вогIуш, цул тIаьхьа царах дозалла ма до Цо малийкашна (хьалха), тIаккха Цо олу: «ХIорш хIун лууш бу?»». Муслим.

Iумаран кIанта аьлла, пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), элира аьлла: «Баккъалла а, АллахIа дозалла до Шен малийкашна (хьалха) Iарафат тIекхочучу суьйранна Iарафатан охIлунца, тIаккха Цо олу: «Хьовсийша Сан лешка, Суна тIебаьхкина уьш месаш хьирчина, ченех буьзна болуш»». Имам Ахьмад.

Къиношна гечдар а, жоьжахатех хьалхавитар а доьхуш дукха доIанаш дийр ду хIокху дийнахь, цу дийнахь доIаина жоп даларе догдохийла хиларна. Баккъалла а, пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), аьлла: «Уггара дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду, уггар дика ас а, сол хьалхарчу пайхамарша а аьлларг ду: Лá илáхIа иллаллáхI, вахьдахIý лá шарúка лахI. ЛахIул-мулку, ва лахIул-хьамду. Ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр». ат-Тирмизий.

Цундела, бусалбанан декхар ду хIокху сийлахь-доккхачу дийнахь Дела хьехаварна а, доIа дарна а, къиношна гечдар дехарна а паргIат вáлар. Цо доIа дойла шена а, шен дена-нанна а, шен доьзална а, гергарчарна а, бусалбанашна а! Деха ца мегарг дехна доIехь доза а талхор дац цо, шен доIина жоп даларна сих а лур вац иза. ТIевирззина а доьхур ду цо шен доIехь. Ма декъала ву доIин дийнахь доIех кхеташ волу лай!

Шун бусалба ваша ИбрахIим

Comments are closed.