5 — Сýрат Алмáидах1 [Шун]
[Мадийнатехь доьссина‚ 120 аят ду]
Аллáх1а ц1арца къинхетаме, къинхéтам беш волчу
1.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Кхóчуш-бé [шайн] берташ [ч1áг1амаш] ! Шуна [даа] магийна даьхнех хьайба , [цуьнах] шá шуна [цамагош] доьшуш [дерг] дóцург , [шуна] талла мегаш дóцуш , шу ихьрáм дихкина долуш . Баккъалла а Аллах1а Шéна лаьа кхел йо .
2.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ашa мага-ма-дé [шайна] Аллах1ан [хьаждехкаран] лáмасташ [билгалóнаш хийцар] а , [мага] ма бé [шéна чохь т1ом барх] бихкина [болу] бутт а , [мага-ма-дé] г1урбан [дáлош долу] хьайбá а , [билгалонна] кóчарш оьхкинарш [схьадáхар] а , [хьáрамчух] дихкина [долу хьадж] ц1а [бàхка] луурш [т1амца бухатóхар] а , шаьш шайн [дагахь] Дéлéра [рицкъан] комаьршалла а , [Иза] рéзахилар а лоьхуш [болу] ! Шаьш ихьрам д1адаьккхача талла [шайна лаахь] . Шу ма дуьгийла цхьана къóмé болчу цабéзамó — [хьáрамчух] Дихкинчу маьждигах цáра шаьш духатóхарна — ашa [цаьрца] мостаг1алла лéлорна [т1е] ! Вовшашна г1о-дé диканнá а , [Дéлах] кхéрарнá а т1ехь , вовшашна г1о-ма-дé къилахь долчуннá а , мостаг1аллийнá а т1ехь . Аллах1ах кхéра , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш ву [шуна].
3.Шуна [йаа] хьáрам йина къéйелларг а , [1áнийна] ц1ий а , хьакхин жижиг а , шéна Аллах1ан [ц1арца] дóцуш урс хьаькхнарг а , садукъдинарг а , [цхьаъ] тоьхна дийнарг а , [лакхáра] чудоьжна делларг а , [шéна] ма1а 1оьттина дийнарг а , экхó [шéна] катоьхнарг а , ашa [цуьнан садáлалé] урс хьаькхнарг дóцург , ц1уйшна т1ехь урс хьаькхнарг а , пхерчашца [пàлтосуш] ашa дáкъа [билгал] дар а . И [хьахийнарш йаар] пéсакъалла ю . Тахана догдиллина шаьш [Дéлах] цатешначáра шун динах [шу духатóхарх] , цáрех ма кхéра шу , Соьх кхéра ! Тахана Асa шуна кхóчуш дина шун дин , дуьзна шуна Сан зовкх , рéзахилла Сó шуна ислам-динца . Шá мацаллехь [цуьнах ца кхаьлча] ца ваьлларг , къилахьчуьнга [шá] тийжаш вóцуш , баккъалла а Аллах1 [ишттачунна] гечдеш , къинхéтам беш ву .
4.Цáра хьоьга хоьтту шайна х1у магийна . Ахь áла :»Шуна магийна ц1ена [пайден] дерш а , áкхаройх [а , олхазарех а] ашa ж1алех талла 1áмийнчáра лаьцнарг а . Ашa цáрна 1áмадо Аллах1а шайна 1áмийначух . Ашa йаа цáра шайна лаьцначух . Аллах1ан ц1е йáккха цу т1ехь . Аллах1ах кхéра , баккъалла а Аллах1 хьéсапна чехка ву [шуна].
5.Тахана шуна магийна ц1ена [пайден] дерш . [Дáла] Шайна жайна деллачéран юург шуна хьáнал ю , шун юург цáрна хьáнал ю . Муъмазударех [болу] оьзда [ц1ена] берш а , шоьл хьáлха шайна жайна деллачáрех [болу] оьзда [ц1ена] берш а [хьáнал бина шуна] , ашa цáрна цéран тéмаш [мéхаш] д1абелча , [шаьш и] йáлош долуш , нáхацалéлаш а , [цáрех шайна] éзарш лоьцуш а дóцуш . Ткъа шá [Дéлах] тéшарх вухакхетнарг [милла велахь] , бакъдолуш цуьнан 1амал [эрна] йайна . Эхартахь иза хир ву эшначáрех .
6.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шайна лáмазна х1итта лиъча ашa йила шайн яххьаш а , гóлашка [кхáччалц] куьйгаш [пхьаьрсаш] а , шайн кортошна [т1éда] куьгхьакха , кóгаш [била] хьорканашка [кхáччалц] . Шаьш лийчар т1едоьжна хилча ц1анлó . Шу цомгуш , я нéкъаца хилча , я шоьх цхьаъ хьоштаг1éра [нишкара] веача , я шу зударех кхетча , [т1áккха ц1андала] шуна хи ца карийнехь , ашa тéма-дé ц1енчу лaьттаца , ашa хьакха цуьнах шайн яххьех а , шайн куьйгех [пхьаьрсех] а . Аллáх1ана ца лаьа шуна т1ехь гаттó [халó] ян , амма Цуна лаьа шу ц1андá а , шуна т1ехь Шен зовкх кхóчушдан а . Шу баркаллé хила мега .
7.Дагадаийта шайна т1éра Аллах1ан зовкх а , [дагаяийта] Цуьнан ч1áг1ó а , Цó шоьца шá йина йолу , аш аьллачу хéна :»Тхýна хезна , тхо муьт1ахь хилла». Аллах1ах кхéра , баккъалла а Аллах1 хууш ву [адамийн] кийранашкахь дерг .
8.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу хила Аллах1ан доьхьа д1ах1иттé , нийсонца тéшаш [хилла] . Шу ма дуьгийла цхьана къóмé болчу цабéзамó нийсó ца ярé [хáрцóнé] ! Нийсó éлаш [массáрцá] , и герга ду [шуна Аллах1ах] кхéрарна . Баккъалла а Аллах1 ашa дийриг девзаш [хууш] ву [шуна].
9.Аллах1а [дика] ч1áг1ó йина шаьш [Дéлах] тешначáрнá а , диканаш динчáрнá а ; цáрна гечдар а , йоккха ял а ю .
10.Шаьш [Дéлах] цатешнарш а , Тхан áяташ харцдинарш а — уьш жоьжахатин дай бу .
11.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Дагадаийта шайна т1ийра Аллах1ан зовкх , [цхьана] къóмана [нáхана] шуна т1е шайн [ямарт] куьйгаш кховдó дагадеанчу хéна , Цó духатуьйхира шоьх цéран куьйгаш . Аллах1ах кхéра ! Аллах1ана т1етовжийла муъманáх !
12.[Дéлóра] Бакъдолуш , Аллах1а ч1áг1ó ийцира Исраилан к1енташкара . Óха хьажийра цáрех шийтта векал . Аллах1а элира :»Баккъалла а Со шоьца ву . [Дéлóра] Ашa лáмаз [х1отта] дахь , закат лáхь , Сан элчанех тéшахь , цáрна г1ó дахь , Аллах1ана [доьхьа] хаза дéкхар лахь , т1аккха Асa шун вóнаш д1адóхур ма ду , Асa шу дохуьйтур ма ду шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу [ялсаманин] бошмашка . Ткъа шоьх цул т1аьхьа а шá [Дéлах] цатешнарг , бакъдолуш и тила ма велла нийсачу новкъах .
13.Цáра шайн ч1áг1ó йóхóрна , Óха цáрна не1алт элира , цéран дегнаш къиза [дéра] дира , [Дéлан] дош хуьйцу цáра шен меттигашкара , шайна [Товрат чохь] шá хьахийначух [цхьа] дáкъа дицдира цáра , хьо ца соцу хьайна цаьргара ямартлó хаайаларха , цáрех [Тхоьх тешна] к1еззиг бóцурш . Гечдé цáрна , къинт1éра вáла , баккъалла а Аллах1ана дикадийраш бéза .
14.[иштта] Шаьш :»Баккъалла а тхо насáраш [1ийсан динехь] ду» — аьллачаьргарá а ийцира Óха цéран ч1áг1ó , [амма] шайна [жайнахь] шá хьахийна долчух [цхьа] дáкъа дицдира цáра , т1аккха [вовшашка] мостаг1аллá а , цабéзам а тесира Óха цáрна юккъé къéмат денналц . Аллах1а [эхартахь] дуьйцур ду цáрна цáра [дуьнéнахь] деш хилларг .
15.Х1ай жайнан ох1ла ! Бакъдолуш шуна веара Тхан элча , жайнах ашa хьулдеш хиллачух шá шуна дуккхá а билгалдеш , шá [цуьнах] дуккхá а шуна гечдеш . Бакъдолуш шоьга деана Аллах1éра нур а , билгала жайнá а .
16.Аллах1а , Шен рéзахиларна т1аьхьах1оьттинарг , шéца мáшаран нéкъашка нисвеш [долу] а , Шен пурбанца бóданашкара нуьрé бóху Цó уьш , нийсачу новкъá бóху Цó уьш.
17.[Дéлóра] Бакъдолуш , [Дéлах] цатешна шаьш аьлларш :»Баккъалла а Аллах1 , Иза — Марьяман к1ант Масихь [1ийсá] ву». Ахь áла :»Мила ву [т1аккха] Аллáх1éра [1áзапах] цхьа х1ума [духатóхар шен] карахь долуш , Цунна лиъча х1аллакван Марьяман к1ант Масийхь а , цуьнан нáнá а , шá лаьттахь мел верг а ?» Аллах1ан [дóлахь] ду стигланашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь [мел] долчун а паччахьалла . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
18.Жуьгташá а , насáрашá а элира :»Тхо Аллах1ан к1ентий а , Цуьнан дукхадéзарш а ду». Ахь áла [цаьрга] :»Т1аккха Цó — шу къинош бахьнехь — шуна 1áзап х1унда до ?» Мелхó а , шу Цó кхоьллинчáрех [кхидерш санна] адамаш ду . Шéна луучунна гечдо Цó , Шéна луучунна 1áзап до . Аллах1ан [дóлахь] ду стигланашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь [мел] долчунан а паччахьалла , Цуьнга ду [цéран] дерзар .
19.Х1ай жайнан ох1лу ! Бакъдолуш , шуна веана Тхан элча [Мухьаммад] , шуна [шар1] билгалдеш , элчанашкар [хабар дáр д1ахаьдначу] муьрехь , шоьга ца áлийта :»Тхýна-м ца веана [цхьá] кхаъ боккхург а , [ца веана] д1ахьéдархó [кхéрамтосург] а». [бехказа ма дийла] Бакъдолуш , шуна веара кхаъ боккхург а , д1ахьéдархó а . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
20.Мусас элира шен къóмé :»Х1ай сан къам ! Дагадаийта шайна т1éра Аллах1ан зовкх — пайхамарш хилийтара Цó шуна юккъехь , элий бира Цó шоьх , 1áламех цхьанненнá Шá ца делларг делира Цó шуна .
21.Х1ай сан къам ! Чу г1ó безачу махка , Аллах1а шуна шá язбина [ч1áг1ó йина] болу , [кхéралой] духа ма довла , т1аккха шу эшна доьрзур ду».
22.Цáра элира :»Х1ай Мýсá ! Баккъалла а цу чохь наьрт-къам ду , баккъалла а тхо цу чу г1ýр ма дац уьш цу чуьра áрабовллалц , ткъа уьш цу чуьра áрабовлахь т1аккха баккъалла а тхо чу г1ур ду».
23.Шаьш [Аллах1ах] кхоьручáрех [волчу] , Аллах1а шайна зовкх деллачу шина стага [цаьрга] элира :»[кхéра ца кхоьруш] Чуг1ó уьш болчу не1арéхула . Шу цу чудахча , баккъалла а шу тоьлларш [ма] ду . Аллах1ана т1етовжа , шу муъманах делахь».
24.Цáра элира :»Х1ай Муса ! Баккъалла а тхо цу [шахьар] чу г1ýр ма дац цкъá а , уьш цу чохь [бéхаш] мел бу . Д1авалó хьó а , хьан Дéлá а , ашшимма т1ом-бé [цаьрца] . Баккъалла а тхо кхузахь [хевшина] 1ийр ду».
25.Цó [Мусас] элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а сан карахь дац [Хьан дин тóлó] сан дег1 а , сан вашá а дóцург [х1уммá , бакъонца] къастадéхьа тхýна а , пéсакъ къóмана а юккъехь [дерг]».
26.Цó элира :»[иштта делахь] Т1аккха баккъалла а и [мохк] бихкина бу цáрна шовзткъа шарахь , лаьттахула боьвлла [тилла] лéлар бу уьш . Ахьa г1айг1а ма йé пéсакъ къóмана [нáхана]».
27.Дийца цáрна бакъонца Áдаман шина к1ентан хабар — сáг1а даьккхира цаьршимма , т1аккха цаьршиннах цхьангара къóбалдира , вýкхуьнгара къóбал ца дира . [оьг1азвахана] Цó [Къáбила] элира :»[Дéлóра] Асa вуьйр ма ву хьо». Цó [Х1áбила] элира :»Баккъалла а Аллах1а [сáг1а] къóбал до [Шéх] кхоьручаьргара .
28.[Дéлóра] Ахьa сýна т1е куьг кховдадахь со верхьама , со ма вац сайн куьг хьýна т1е кховдор волуш хьо верхьама , баккъалла а со кхоьру Аллах1ах — 1áламин Дéлах .
29.Баккъалла а сýна лаьа хьо [Дéлé] верза сан [вéран] къацá а , хьан [кхидолчу] къацá а , т1аккха хьо хила [жоьжахатин] ц1еран дайх . Иза – зуламхойн бéкхам бу».
30.Цуьнан дéг1ó дайдира [хаздира] цуна шен ваша вер , цó вийра иза , т1аккха иза хилира эшначáрех
31.Аллах1а къиг яийтира , [еллачу къийгана т1е] шá латта хьоьрсуш [хьоькхуш] , Шá цунна [Къáбилна] гайтархьама шен вешин дакъа цó мýха хьулдан дéза . Цó [Къáбила] элира :»Х1ай сан бáла — я1 ! Г1óрасиз хили ткъа со , х1ара къиг санна хиларх , сан вешин дакъа айса д1ахьулдан». Т1аккха иза хилира дохкóбевллачáрех .
32.Цундéла , Óха яздина [т1едóжийра] Исрáилан к1енташна ; баккъалла а шá цхьа дег1 дийнарг [милла велахь , и дéр] цхьана дéг1ана [дуьхьал] дóцуш , я лаьттахь [цó бечу] цхьана бóхамна [дуьхьал дóцуш] , баккъалла а шá дерригé адам дийча санна [ма] ву . [ткъа] Шá и дендинарг [милла велахь] , баккъалла а шá дерригé адам дендича санна [ма] ву . [Дéлóра] Бакъдолуш цáрна баьхкира Тхан элчанаш билгалóнашца , т1аккхá а баккъалла а цáрех дукхах берш цул т1аьхьá а лаьттахь [Дéлан дóзанел] т1ехбуьйлуш ма бу .
33.Баккъалла а шаьш Аллах1ацá а , цуьнан элчанцá а т1омбечéран а , лаьттахь бóхамца лéлачéран а бéкхам — шаьш байъар а , шаьш [жá1ар т1е] ирх охкар а , я шайн куьйгаш а , шайн когаш а пурх хéдор а , я махках бáхар а бу . Иза — цáрна дуьнéнахь [йолу] сийсазаллá ю . [ткъа] Эхартахь цáрна доккха 1áзап [хир] ду .
34.Шаьш дохкобевлларш бóцурш , шайна т1ехь [кхел ян] шун ницкъ кхáчале . Шуна хаийла баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг вуйла .
35.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аллах1ах кхéралуш , Цунна гергалла лахалуш , Цуьнан новкъахь [г1áзот деш] къахьéгалуш . [т1аккха] Шу дéкъал хила тарло .
36.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш , бакъду лаьттахь [мел] дерг дерригé а , цуьнца кхин оццул а цéран хилча , уьш цуьнца [и махийна делла] къéмат дийнан 1áзапах хьалхабовла , цаьргара и къóбал дина хир дáцара . Царна лазош долу 1áзап ду .
37.Цáрна лаьа шаьш [жоьжахатин] ц1ергара áрабовла , бац уьш цу чуьра áрабевр болуш , цáрна диллина [гуттар лаьтта] 1áзап [хир] ду .
38.Къу-стаг а , къу-зудá а , аша хáдадé цаьршиннан куьйгаш , цаьршимма [гул] динчунна бéкхамна — Аллах1éра [долчу] г1ýданна . Аллах1 сийлахь , кхéтамé [верг] ву .
39.Ткъа шен зуламал т1аьхьа шá дохкóваьлла , [шен] 1амал тóйинарг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1а къóбал до цуьнан тóба . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг ву .
40.Хьýна ца хиъна [тов] , баккъалла а Аллах1 — стигланашин а , лаьттан а паччахьалла Цуьнан дуй ? Шéна луучунна 1áзап до Цó , Шéна луучунна гечдо . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
41.Х1ай элча ! Хьо г1айг1анé ма войла шаьш [Дéлах] цатéшарехь сихóечáра , шайн батошца шаьш аьллачáрех [болу] :»Тхо [Дéлах] тешна» — шайн дегнаш тешнá дóцуш . Шаьш жуьгтийн динехь болчáрех бу хáрцонга ладýг1урш а , хьо волчу ца баьхкинчу кхéчу нáхé ладýг1урш а , [шен меттигéра] дош хуьйцу цáра [Аллах1а] цуьнан меттигаш [билгалйинчул] т1аьхьа , шаьш óлуш :»Шайна х1ара [жоп] лахь [къобал дай] т1еэца и , шайна и ца лахь ларлóлаш [и схьаэцарх]». Аллах1ана шá зен луург [милла велахь] , хьан карахь [хир] ма дац [и духатóхарехь] цунна [дан] Аллах1éра цхьá х1ума . Уьш — Аллах1ана шайн дегнаш ц1андан ца лиънарш бу . Цáрна сийсазалла ю дуьнéнахь , [ткъа] эхартахь цáрна доккха 1áзап [хир] ду .
42.[уьш] Хáрцонга ладýг1урш , хьáрам дерг дуурш бу . Хьо волчу уьш баьхкича , цáрна юккъехь кхел-йé , я цáрех д1аверза . Хьо цáрех д1аверзахь , цáра хьýна цхьá зен дийр ма дац . Ткъа ахьа кхелйахь , нийсонца кхелйé цáрна юккъехь . Баккъалла а Аллах1ана нийсóйийраш бéза [хьуна].
43.Цáра хьоьга кхел мýха йойту , шайгахь Таврат долуш , шéна чохь Аллах1ан кхел йолу ? Т1аккха д1абоьрзу уьш цул т1аьхьа , уьш ма бац муъманах .
44.Баккъалла а Óха доссийна Таврат , шéна чохь нийса некъ а , серлó а йолуш , шаьш [Дáлла] муьт1ахь хиллачу пайхамаршá а , жуьгтийн молланашá а , [цéран] 1éламнáхá а кхелйеш долу , шаьш жуьгтийн динехь болчáрна , Аллах1ан жайнах шайга лардайтинчуьнца , уьш бара цу т1ехь тéшаш . Нáхах ма кхéра , Соьх кхéра ! Ма хийца Сан áяташ [дуьненан] к1еззигчу мéхах . Шá Аллах1а доссийначуьнца [цуьнах ца ваьшна] кхел ца йинарг [милла велахь] , уьш бу уьш керстанаш .
45.Óха яздина [т1едиллира] цáрна цу [Таврат] чохь ; баккъалла а дéг1а дуьхьал дег1 , б1аьрга дуьхьал б1аьрг , мера дуьхьал мара , лерга дуьхьал лерг , церга дуьхьал церг , чевнаш бéкхам болуш ю . Шá и [ч1ир] йитинарг [милла велахь] , иза цунна [къинойх] ц1анвалар [хир] ду . Шá Аллах1а доссийначуьнца [цуьнах ца ваьшна] кхел ца йинарг [милла велахь] , уьш бу уьш зуламхой .
46.Óха [шуна] ваийтира цáрна [пайхамаршна] т1аьххьé Марйаман к1ант 1ийсá , Таврáтах шел хьалха [деана] дерг [шá] бакъдеш . Óха цуьнга делира Инжийл , шéна чохь нийса некъ а , серлó а [йолуш] , Таврáтах шел хьалха [деана] дерг [шá] бакъдеш [долуш , Дéлах] коьручáрна [шá] нийса некъ а , хьéхам а болуш .
47.Инжийлан ох1лунó кхел йойла , Аллах1а цу чохь доссийначуьнца . Шá Аллах1а доссийначуьнца [цуьнах ца ваьшна] кхел ца йинарг [милла велахь] , уьш бу уьш пéсакънáх .
48.Óха жайна доссийна хьоьга бакъонца , жайнех шел хьалха [деана] дерг [шá] бакъдеш , [шá] цу т1ехь теш [тéшамé] долуш . Аллах1а доссийначуьнца кхелйé цáрна юккъехь , бакъóнах хьайга деанчух [д1á а вирзина] цéран лаамашна т1аьхьа ма вáза . Шоьх [къаьмнех] х1óраннá а Óха дина [шар1а] низам а , [билгала] некъ а . Аллах1ана лиънехь , Цó шу цхьа уммат дина хир дара , делахь а [Цунна ца лиъна и…] Шá шу зерхьама Шá шуна деллачуьнгахь . Диканашкахь къовсалó . Аллах1é ду шун массéран дерзар . Т1аккха Цó шуна дуьйцур ду шу шéгахь дéкъалуш хилларг .
49.Аллах1а доссийначуьнца кхелйé цáрна юккъехь , цéран лаамашна т1аьхьа ма вáза , ларлó цáрех , Аллах1а хьайга доссийна цхьадолчух цáра хьо [лéвина] д1ахьовзóрах . Ткъа уьш [бакъóнах] д1аберзахь , хьýна хаийла баккъалла а Аллах1ана цéран цхьадолчу къиношна уьш бáланé лéца лаар . Баккъалла а нáхах дукхах берш пéсакънáх ма бу .
50.Сонталлийн [зáман] кхел лоьху тов цáра ? Мила ву Аллах1ал тоьлуш [говза] тéшачу нáхана хьукмадарехь?
51.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма лéца жуьгтий а , [1ийсан динéра] насáраш а гергарнаш [хьéший] ! Цáрех цхьаберш вýкхéран гергарнаш [уьш вовшийн доттаг1ий] бу . Шоьх уьш хьéший лаьцнарг [милла велахь] , баккъалла а иза цáрех ву . Баккъалла а Аллах1а ца нисдо зуламé къáм .
52.Хьýна го шайн дегнаш чохь [мунéпикъалла] цамгар ерш цаьрца [хьéший хила] сихóеш , [бехказлонна] шаьш óлуш :»Тхо кхоьру тхайна т1е [цхьа] бáла бáрах». Аллах1 гергара ву [бусалбанáхана] тóламца , я Шéгара цхьана омарца [сацамца] вáн , т1аккха уьш [мунéпикъаш] хир бу шайн дог1машкахь [дегнашкахь] шаьш хьулдинчунна дохкóбевлла .
53.Шаьш [Дéлах] тешначáра [вовшашка] óлу :»Х1орш бу [уьш] шаьш Аллах1аца шайн ч1óг1а дуйнаш биънарш , баккъалла а шаьш [динехь] шоьца ма ду бóхуш ?» [эрна] Йайна цéран [дика] 1амалаш , [дуьнéнахь , эхартахь] эшнарш хили уьш .
54.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шоьх миллá шен динах вухакхéтахь , Аллах1 вóг1ур ву [цхьана] къóмаца [нáхаца] , Шéна уьш бéзаш , цáрна Шá вéзаш [долчу , шаьш] муъманáхаца [хьастабелла] к1еда-мерза болуш , керстанашца [ч1óг1а] буьрса болуш , шаьш Аллах1ан [дин тóлóран] новкъахь [джих1ад дарца] къахьоьгуш а , т1ехтýхучун т1ехтóхамах шаьш ца кхьоьруш а [болу] . Иза Аллах1ан комаьршалла ю , Шéна луучунна Цó шá луш йолу . Аллах1 [комаьршаллин] шортó ерг , хуург ву .
55.Баккъалла а шун вéрас [г1оьнча] Аллах1 а , Цуьнан элчá а , шаьш [Дéлах] тешнарш а бу , шаьш лáмаз [х1отта] деш , закат луш , шаьш [рукý1ана] охьатоь1уш болу .
56.Шá Аллах1 а , Цуьнан элчá а , шаьш [Дéлах] тешнарш а вéрас [г1оьнчá] лаьцнарг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1ан тóба — уьш бу тоьлур берш .
57. Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ашa ма лéца шоьл хьалха шайна жайна деллачáрех [болу] шаьш шун дин кхáрдамнá , бéгашнá лаьцнарш а , [Дáлла дéкъахóвеш болу] керстанаш а [шайна] хьéший [доттаг1ий] . Аллах1ах кхéра , шаьш муъманах хиллехь .
58.Ашa лáмазé кхайкхича , цáра и лéцира кхáрдамна а , бéгашнá а . [ткъа] Иза — баккъалла а уьш ца кхéташ къам долун дéла ду .
59.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Шуна тхоьгара цадéзарг тхо Аллах1ах а , [Цо] тхайга доссийначух а , [тхоьл] хьалха доссийначух а тéшар , баккъалла а шоьх дукхах берш пéсакънáх хиларнá бен дуй ?»
60.Ахь áла :»Аллах1ан гергахь бéкхамца цул сов вóниг [мила ву] дийций асa шуна ? [иза] Аллах1а шéна не1алт аьлларг а , Иза шéна оьг1аз вахнарг а , Цó шайха маймалш , хьакхарчий йинарш а , т1áг1ýтана [шайт1ана] 1ибáдат динарг а [ву] . Уьш меттигца вóнаш а , нийсачу новкъах сов тилларш а бу .
61.Шу долчу баьхкича цара элира :»Тхо [Дéлах] тешна». Бакъдолуш , керстаналлийца чýбаьхкира уьш , цуьнца áрáбевлира . Аллах1 т1ех дика хууш ву цáра хьулдеш хилларг.
62.Хьýна го цáрех дукхах берш , къа дарехь а , мостаг1аллехь [зуламехь] а , хьáрамниг шаьш даарехь а сихóеш . [Дéлóра] Ма вон ду-кх цáра деш хилларг .
63.Жуьгтийн молланашá а , 1éламнáхá а уьш бухатóхахьáра цáра къилахь дерг áларх а , цáра хьáрам дерг даарх а ! [Дéлóра] Ма вон ду-кх цáра деш хилларг .
64.Жуьгтийн динехь болчáра элира :»[Дáла шайна рицкъан гаттó йича] Аллах1ан куьг [б1аьрмецигаллó] дихкина ду». Цéран куьйгаш ду-кх [уьш массó диканах] дихкина . [Дáла] Не1алт аьлла цáрна , цáра [и] áларна . Мелхó а , Цуьнан ши куьг [комаьршаллийца] диллина ду . Шéна [дала] луучулла рицкъа ло Цó . [Дéлóра] Цáрех дукхах берш хьан Дéлéра хьоьга доссийначó сов бóхур ма бу т1ехбийларехь а , керстаналлехь а . [цундéла] Óха цáрна юккъé тесира мостаг1аллá а , цабéзам а къéматде кхáччалц . Цáра т1амна ц1е мел латий , Аллах1а д1айайъира и . Уьш лéла лаьттахула бóхамца . Аллах1ана ца бéза бóхамаш бийраш .
65.Цáра [ладóг1арца] д1ах1оттийнéхьара Таврáт а , Инжийл а , шайн Дéлéра шайга доссийнарг а , [т1аккха] цáра [шортта рицкъа] дуур ма дара шайна т1ехуларá а , шайн когаш к1елхьáрá а . Цáрех ю г1éхьа [г1áтакхé] тóба . [ткъа] Цáрех дукхах берш — вон ду цáра дийриг .
67.Х1ай элча ! Д1акхайкхадé [нахé] хьан Дéлéра хьайга доссийнарг ! Ахь [и] ца дахь , ахьа д1а ца кхайкхийна Цуьнан элчаналла . Аллах1а ларвийр ву хьо нáхах [дóлучу вóнех] . Баккъалла а Аллах1а ца нисдо [Шех] цатéша къáм .
68.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Шу дац цхьанá х1уманна т1ехь , аша Таврáт а , Инжийл а , шайн Дéлéра шайга доссийнарг а [цáра бóхург дарца] д1ах1оттадаллалц . [Дéлóра] Цáрех дукхах берш хьан Дéлéра хьоьга доссийначó сов бóхур ма бу т1ехбийларехь а , керстаналлехь а . Г1айг1а ма йé [Дéлах] цатéшачу къóмана .
69.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешнарш а , шаьш жуьгтин динехь хилларш а , [иштта] «Сáбиýнаш» [óлу динах йаьлла тóбá] а , [1ийсáн динéра] насáраш а , цáрех шá Аллах1ах а , т1аьхьарчу [эхарт] дийнах а тешна , дика 1амал йинарг [милла велахь] , цáрна т1ехь [эхартахь] цхьá кхéрам [хир] бáц , [я] уьш г1айг1анé [хир] бáц .
70.[Дéлóра] Бакъдолуш , Óха ч1áг1ó ийцира Исраилан к1енташкара . Óха хьажийра цáьрга элчанаш . [ткъа] Шайн дог1машна цадéзачуьнца шайна цхьа элча мел веа , [цáрех] цхьа тóба харцйира цáра , цхьа тóба йийра .
71.[шайна] Питан [1áзап] хир дац моьттира цáрна , [амма] б1аьрзé а , къорý а хилира уьш . Т1аккха Аллах1а гечдира цáрна . Цул т1аьхьá а цáрех дукхах берш б1аьрзé а , къорý а хилира . Аллах1 гуш ву цáра дийриг .
72.[Дéлóра] Бакъдолуш , [Дéлах] цатешна шаьш аьлларш :»Баккъалла а Аллах1 — иза Марйаман к1ант Масийхь [1ийса] ву». Масийхьа [цаьрга] элира :»Х1ай Исрáилан к1ентий ! 1ибáдат-дé Аллах1ана — сан Даллá а , шун Дáллá а [сýна ма дé] ! Баккъалла а шá Аллах1аца декъахó вийриг [милла велахь] , бакъдолуш Аллах1а цуна хьáрам йина ялсамани , цуьнан лечкъийла [жоьжахатин] ц1е ю . Зуламхошна бац [уьш к1елхьар бáха] г1оьнчанаш».
73.[Дéлóра] Бакъдолуш , [Дéлах] цатешна шаьш аьлларш :»Баккъалла а Аллах1 кхааннах кхоалг1аниг ву». Кхин дéла вац , цхьа [Аллах1] Дéла вóцург . Уьш ца совцахь шаьш бóхучух , [Дéлóра] цáрех шаьш [Дéлах] цатешначáрех хьакхалур ма ду [уьш] лазош [долу] 1áзап .
74.Аллах1е тóба [х1унда] ца до [те] цара , Цуьнга гечдар [х1унда] ца доьху [те] цáра ?! Аллах1 [дохкó ваьллачунна] гечдеш , [цуьнца] къинхéтамé [ма] ву .
75.Марйаман к1ант Масийхь [1ийса] ма вац , элчá бен , бакъдолуш шел хьалха [шá санна] элчанаш д1абахана [волу] , цуьнан нáна ю бакъ [оьзда] зуда . И шиъ дара [адамаш санна] кхáча бууш . Хьажахь [цáрна] áйаташ Óха билгала мýха до , т1аккхá хьажахь [шат1анó бакъóнах] уьш д1а мýха берзабо .
76.Ахь áла :»Аша 1ибáдат [мýха] до ткъа Аллах1 [1адда] витина шуна [дан] зен а , пайда а [шен] карахь дóцучунна , И Аллах1 [аша дуьйцург] хезаш , [лéлóриг] хууш волушехь ?!»
77.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Шу т1ех ма дийла шайн динехь [къаьсттина] бакъ дóцучохь , шу т1аьхьá ма дáза [д1адаханчу] къóман [нéхан] лаамашна , бакъдолуш [т1ех дáларна] хьалха тиладелира и , дуккхá [нах] тилийра цáра , нийсачу новкъах тилабелира уьш».
78.[Дáла] Не1алт аьлла Исрáилан к1ентех шаьш [Шех] цатешначáрна Дáвýдан а , Марйаман к1ента 1ийсáн а маттаца . Иза уьш 1éса хиларнá а , [дозанел] т1ех буьйлуш хиларнá а [аьлла] ду .
79.Уьш бара шаьш динчу вóчух вовший юха ца тýхуш [ца сацош] . [Дéлóра] Ма вон ду-кх [и] цáра деш хилларг .
80.Хьýна го цáрех дукхах берш , шаьш [Дéлах] цатешначаьрца гергарлó лéлош . [Дéлóра] Ма вон [х1ума] ду-кх [и] цéран дог1маша цáрна [эхартана] шá хьалхадаьккхинарг — Аллах1 шайна оьг1аз вахар , гуттар 1áзапехь лаьттар бу уьш .
81.Уьш тéшаш хиллéхьáра Аллах1ах , пайхамарах , [Дáла] цунга досиийначух — цáра уьш [керстанаш шайна] доттаг1ий [хьéший] лоьцур [ма] бáцара [бусалбанаш 1аддá битана] . Дéлахь а цáрех дукхах берш пéсакънáх бу .
82.[Дéлóра] Хьýна карор ма бу шаьш [Дéлах] тешначáрна уггар ч1óг1а мостаг1алла долу нах жуьгтин динехь берш а , шаьш [Дáлла] декъахó винарш а . [иштта Дéлóра] Хьýна карор ма бу шаьш [Дéлах] тешначáрна цáрех уггар бéзамца ч1óг1а берш шаьш :»Тхо насáраш [1ийсан динехь] ду» — аьлларш . Иза , баккъалла а цáрех мозг1арш а , халбатхой а болун дéла а , баккъалла а цáра [бакъонна т1аьхьа бáза] куралла ца йо дéла а ду .
83.Цáрна хезча [Дáла] элчанна т1едоссийнарг , хьýна го цéран б1аьргаш б1аьрхих дуьзна шайна девзинчу бакъдолчух . Цáра óлу :»Х1ай тхан Дéла ! Тхо тешна [х1окхунах , цу т1ехь] тéшашца [цхьана] д1айаздéхьа тхо .
84.Тхо х1унда ца тéша Аллах1ах а , бакъдолчух тхайна деанчух а ? Тхо догдóхуш ма ду тхан Дáла [ялсамани] чудахийтарé дикачу къóмаца [нáхаца]».
85.Цáра аьллачунна [дуьхьал] Аллах1а цáрна елира [ялсаманин] бошмаш , шайн к1елахула тáтóлаш лéлаш [йолу] , гуттар лаьттар бу уьш цу чохь . Иза дикадечéран бéкхам бу .
86.Шаьш [Дéлах] цатешнарш а , Тхан áйаташ харцдинарш а — уьш жоьжахатин дай бу .
87.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аллах1а шайна [зовкхех] магийна [хьáнал дина] долу ц1ена дерш хьáрам ма дé , [Аллах1ан дóзанел] т1ех ма довла ! Баккъалла а Аллах1ана ца бéза т1ехбуьйлурш .
88.Аша даа Аллах1а шайна деллачу рицкъанах хьáнал , ц1ена дерг . Кхéра Аллах1ах , Шá — шу Шех тéшаш волчу .
89.Аллах1а шу бехкé ца до шун дуйнашкахь лаамза даьллачунна , делахь а Цó бехкéдо шу аша [шайн лаамца] дихкинчу дуйнашна . Цуьнах ц1анвалар — дукха хьóлахь аша шайн доьзалшна баóчу кхáчанах итт мискастагана кхáча баор , йа цáрна т1едýхар , йа лай азат [маьрша] вар ду . Шá [цáрех цхьá х1ума] ца карийнарг [милла велахь — цуьнан ц1анвалар] кхо де марха кхáбар ду . Иза шун [къéра] дуйнех ц1анвлар ду аша биъначу . Ларбé шайн дуйнаш ! Иштта , Аллах1а билгалдо шуна Шен áйаташ . Шу баркаллé хила мега [цу т1ехь].
90.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Баккъалла а , къаркъá а , [юкъа ахча дуьллу] шовкъé ловзарш а , ц1уй а , [шайца пáл тосу] пхерчий а шайт1ан балхах [долу] боьханиг ду [шуна] . Гéнадовла цуьнах ! Шу дéкъала хила мега [т1аккха].
91.Баккъалла а шайт1анна лаьа къаркъангахь а , [юкъа ахча дуьллу] шовкъé ловзаршкахь а шуна юккъé мостаг1алла , цабéзам бóжó а , Аллах1 хьахóрах , лáмазах шу духатóхá а . Шу совций ?!
92.Аллах1ан муьт1ахь хила , элчанна муьт1ахь хила , ларлó [1éсаллех] ! Ткъа шу [муьт1ахьаллех] д1адерзахь , шуна хаийла баккъалла а Тхан элчанна т1ехь [дерг деккъа] билгала д1акхайкхор дуй [ткъа бекхам Тхоьгахь бу].
93.Шаьш [Дéлах] тешначáрнá а , диканаш динчáрнá а т1ехь къа дац , шаьш [хьалха] диъначунна , уьш [х1инца] кхийрача , [Дéлах] тешча , диканаш дича , т1аккха [юхá а] кхийрача , тешча , т1аккха [юхá а] кхийрача , дикадича . Аллах1ана дикадийраш [ма] бéза .
94.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [Дéлóра] Аллах1а шу [ихьрам дихкина долуш] зуьйр ма ду ижýх [экханах цамагийначу] цхьана х1уманца , шун куьйгаш а , шун г1оьмукъаш а шéна т1екхóчуш йолчу , Аллах1ана хаархьама мила ву Шех къайлаха кхоьрург . Ткъа шá цул т1аьхьа [оцу дóзанел] т1ехваьлларг [милла велахь] цунна лазош [долу] 1áзап ду.
95.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ашa [цхьá] экха ма дéлуш шаьш ихьрáм дихкина долуш ! Шá и [экха] дийнарг шоьх [милла велахь] хуушехь , [цуьнан] бéкхам цó дийнарг саннарг [бáрамехь] хьайбанех [такхар] бу , шéца кхел еш шоьх нийсó лéлóчу шимма «Ка1бате» кхóчу сáг1а дáккхарца , я [цуьнан] ц1анвалар мисканáхана кхáча балар ду , я цуьнан [х1ор кáнна] бáрамехь [цхьа де] мáрха кхáбар ду , цуьнга шен балхан бáла [халó] 1овшийтархьама . Аллах1а гечдина д1адаханчунна . Шá [цунга] вуха вирзинарг [милла велахь] , Аллах1а цуьнгара бéкхам оьцур бу . Аллах1 сийлахь , бéкхам эцаран Дá ву .
96.Шуна магийна [ашА] х1орд чохь ч1áра лáцар , и баар — шунá а , нéкъахошнá а зовкханна . Шуна ца магийна лаьттахь таллар , шу ихьрам дихкина мел ду . Кхéра Аллах1ах , Шéга шу гулдийр долчу .
97.Аллах1а хилийтана [хьáрамчух] дихкина [долу сийлахь] Ц1а — «Ка1ба» а , [хьáрамчух] бихкина [болу] бутт а , г1урбан [дáлош долу] хьайбá а , [билгалонна] кóчарш оьхкинарш а нáхана [динехь] т1етовжамна . Иза , шуна хаийтархьама ду , баккъалла а Аллах1ана сигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг хууш дуй а , баккъалла а Аллах1 массо х1ума хууш верг вуй а .
98.Шуна хаийла , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш вуй а , [иштта] баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг вуй а .
99.Элчанна т1ехь [ма] дац [шуна] д1акхайкхор бен . Аллах1ана хууш ду аша гучудоккхург а , аша хьулдеш дерг а .
100.Ахь áла :»Цхьатерра дац боьха [хьáрам] дерг а , ц1ена [хьáнал] дерг а , боьхачун дукхаллó [хьо цецваьккхина] хьоьга [шех] тáмаша байтинехь а». Аллах1ах кхéра х1ай хьéкъалан дай ! Шу дéкъала хила мега .
101.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма хетта шайна [жоьпаш] гучудаьхча шаьш шуна цатам бийр болу х1уманех [лаьцна] , аша цáрех [лаьцна] Къуръáн доссош хáттахь шуна гучудóхур ду уьш . Аллах1а гечдина цáрна . Аллах1 гечдийриг , вунó сóбарéниг ву .
102.Бакъдолуш шоьл хьалха хаьттира цáрех [лаьцна цхьана] нáха . Т1аккха уьш хилира цáрех цатéшаш .
103.Аллах1а омар дина дац «бахьийратцá» а , дац «сáибатцá» а , дац «васийлатцá» а , дац «хьáмицá» а [óлучу эмкалшца] , делахь а шаьш [Дéлах] цатешначáра харцó кхуллу Аллах1ана т1ехь , цáрех дукхах берш хьéкъалé бац .
104.Цáрга аьлча :»Схьадуьйла Аллах1а доссийначунгá а , элчанна т1é а !» Цáра элира :»Тоьуш ду тхýна [динехь] тхан дай шéна т1ехь карийнарг». Цéран дай х1уммá ца хууш а , [бáкъонга] ца нислуш а хиллехьай ?
105.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шуна т1ехь шайн дог1маш [лардар , нисдар] ду . Шуна зен дийр дац шá тилавеллачó шу нисделлехь . Аллах1é ду шун дерзар массéран , т1аккха Цó дуьйцур ду шуна ашa деш хилларг .
106.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шоьх цхьанна валар [бахьана] т1едеана — весет дечу хéна , шуна юккъера тоьшалла шоьх [волчу] нийса шимма , я шоьх вóцучу кхéчу шимма [дан дéзаш] ду , шу лаьттахула лéлаш [долуш] , шуна т1е валаран бáла беанехь . Аш и шиъ сацор ву [малхбузу] лáмазал т1аьхьа , т1аккха Аллах1аца дуй буур бу цáршимма , шу шек-девллехь [цéран тоьшаллехь] . «Óха ца оьцу цуьнах [дуьнéнан] мáх , иза [тхан] гергара [стаг] хиллехь а , óха ца хьулдо Аллах1ан тоьшалла , т1аккха баккъалла а тхо къинош дечáрех ду».
107.Баккъалла а [веллачун ох1лунна] и шиъ [теш] къинна хьакъ [хáрц] хилар гучудаьллехь , т1áккха шайна т1ехь [харцó] хьакъ хиллачáрех [волу веллачун] хьалхара [гергара] кхи шиъ х1уттур ву цаьршиннан меттана , цáршимма Аллах1аца дуй буур бу :»[Дéлóра] Тхан тоьшалла цаьршиннан тоьшаллел а сов хьакъ ма ду , тхо [дóзанел] т1ех ма ца доьвлла . [довлахь] Баккъалла а тхо т1аккха зуламхойх ма хуьлу».
108.Иза герга ду уьш бáхка тоьшаллийца шá ма-дарра , я уьш кхéра шайн дуйнел т1аьхьа [кхéчáра] дуйнаш юхабаарх . Аллах1ах кхéра , ладóг1а [шайга дуьйцучунга] , Аллах1а ца нисдо пéсакъ [1éса] къáм .
109.Оцу [къéмат] дийнахь Аллах1а элчанаш гулбина элира :»Х1ун жопделла [шун къаьмнаша] шоьга ?» Цáра элира :»Тхоьгахь дац [и] хаар , баккъалла а Хьо ву къайлéнаш хуург».
110.Аллах1а элира [эра ду] :»Х1ай Марйаман к1ант 1ийсá ! [баркаллийца] Дагадаийта хьайна т1éрá а , хьан нáнна т1éрá а Сан зовкх , Асa хьо ч1аг1вира Дéзачу [Жабрáилан] Сица . Ахьa нáхé къамел дóра áганахь [волуш] а , кхиъна [воккха] волуш а . Асa хьýна 1áмийра йóзá а , кхéтамаллá а , Таврат а , Инжийл а . Сан пурбанца ахьa поппарх олхазаран санна кеп йóра т1аккха цу чу 1а тýхура , т1аккха цуьнах олхазар хуьлура Сан пурбанца , ахьa тóвóра б1аьрзéниг а , прокáза [цамгар] ерг а Сан пурбанца , белларш [денбой] г1иттабóра Сан пурбанца . Асa хьоьх [куьг 1оттарх] бухатуьйхира Исрáилан к1ентий хьо цáрна билгалóнашца веанчу хéна . Цáрех шаьш [Дéлах] цатешначáра элира :»Х1ара [ма] дáц билггала [долу] бозбуанчаллá бен».
111.[дагадаийта] Асa хьийхира [1ийсáн] нáкъосташка :»Тéша Соьх а , Сан элчанах а» [аьлла] . Цáра элира :»Тхо тешна , тоьшалла дéхьа баккъалла а тхо бусулбанаш хиларца».
112.[дагадаийта 1ийсáн] Нáкъосташа элира :»Х1ай Марйаман к1ант 1ийсá ! Хьан Дéлан ницкъ кхóчий тхýна т1е стигалара [дааран] шун доссó ?» Цó [1ийсáс] элира [цáрга] :»Аллах1ах кхéра , шу муъманáх хиллехь».
113.Цáра элира :»Тхýна лаьа тхаьш цуьнах кхáлла , тхан дегнаш д1атéдалá а , бакъдолуш хьо тхуна бакълийна хилар хаá а , цу т1ехь тхаьш теш хилá а».
114.Марйаман к1анта 1ийсáс элира :»Х1ай Аллах1 — тхан Дéла ! Доссадéхьа тхýна т1е стиглара [дааран] шун , шá тхýна — тхан хьалхарчуннá , тхан т1аьхьарчуннá дездé а , Хьоьгара билгалó а хуьлуш . Лóхьа тхýна [и] рицкъа ! Хьо ву-кх рицкъа лучáрех уггар г1óлий верг».
115.Аллах1а элира :»Баккъалла а Асa доссор ду и шуна т1е , ткъа шá [цул] т1аьхьа цатéшарг [милла велахь] , баккъалла а Асa цунна 1áзап дийр ма ду , 1áламашха цхьанненнá а Асa шá дийр дóцучу 1áзапца».
116.[дагадаийта] Аллах1а элира :»Х1ай Марйаман к1ант 1ийсá ! Ахь аьллéра [ткъа] нáхé :»Аллах1 [1адда] витé сó а , сан нáнá а ши дéла лáца ?» Цó [1ийсас] элира :»[декъахóчух] Ц1ена ву Хьо [Дéла] . Сан [бакъóнехь] ма дац сан бакъó йóцург ас áлар [кхайкхор] . Ас и аьлла хилча , бакъдолуш Хьýна и хиъна [хир дара , х1унда аьлча] Сан дагахь дерг Хьýна [дика] хаа , Хьан дагахь дерг сýна ца хаа . Баккъалла а Хьо ма ву къайлéнаш хууш верг .
117.Аса ца аьлла цáрга , Ахьа соьга шéца омар динарг бен :»1ибáдат-дé Аллах1ана — сан Дáллá а , шун Дáллá а !» Цáрна т1ехь теш вара со , цáрна юккъехь со мел ву , ткъа Ахьа со д1акхалхийначу хéна , Хьо вара цáрна т1ехь т1ехьожург , Хьо ву массó х1уманна т1ехь теш .
118.Ахьа цáрна 1áзап дахь , баккъаллá а Хьан лайш бу-кх уьш , ткъа Ахьа цáрна геч дахь , баккъаллá а Хьо сийлахьниг , кхéтамéниг ма ву».
119.Аллах1а элира :»Х1ара бакълуьйчарна шайн бакълéрó пайдабо де ду , цáрна шайна к1елахула тáтóлаш лéла бошмаш ю , цу чохь лаьттар бу уьш гуттар». Аллах1 рéза хилла цáрна , Цунна рéза хилла уьш . Иза бу боккха тóлам .
120.Аллах1ан ду стигланашин а , лаьттан а , цу чохь [мел] долчунан а óлалла [дóлалла] , Иза массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .