«Цхьана стага хаьттина хилла Хьасан ал-Басрега:
— Сан йоI йоьхуш дуккху а нах бу, иза хьаьнга ягIийтича гIолехь хир дара-те? — аьлла.
ТIаккха Хьасан ал-Басрийс жоп делла:
— АллахIах кхоьруш волчуьнга ягIийта ахь, нагахь санна цунна иза дукха езаш хилахь цо дика лелор ю иза, нагахь санна цунна иза ца езаш нислахь, зулам дийра дац цо цунна».
[МавIизатул-муъминийн, агIо: 197].