7 — Сурат Альа1рáф [Óганаш] [Маккахь доьссина ‚ 206 аят ду]
Аллáх1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1. Алиф-лáм-мúм-сóд [Аллах1 т1ех дика хууш ву цáрех Шéна луург].
2. [х1ара] Хьоьга [хьан Дéлéра] доссийна жайна ду , цуьнах гаттó [халó] ма хулийла хьан кийрахь , [Óха и доссийна] хьоьга цуьнца [керстанашна] кхéрам тасийта [хьоьга и д1ахьéдайта] а , [цуьнах] муъманахана хьéхам [хилийта] а .
3. Т1аьхьах1итта шайн Дéлéра шоьга доссийна долчунна , шу т1аьхьа ма х1итта [кхéчу] вéрасашна , Изá вóцуш . [ма] К1еззиг ойла йо аша .
4. Хийла юрт х1аллакйина Óха и [цáра тхан элчанаш харцбарна] . Царна деара Тхан та1зар буьйсанна , я уьш делкъехь садо1уш болуш .
5. Шайна Тхан та1зар деанчу хéна цéран кхайкхар [до1а] дáцара , цáра [къéра хилла] :»Баккъалла а тхо зуламхой хилла» — áлар дóцург .
6. [Дéлóра] Оха жопдоьхур ма ду шайга [элчанаш] бахкийтанчаьргá а , [Дéлóра] Оха жопдоьхур ма ду элчанашкá а .
7. [Дéлóра] Оха царна дуьйцур ма ду [цáра лéлийнарг] хаарца , Тхо дóцуш [х1уммá] ца хуьлу .
8. [1амалаш] Óзар цу [къéмата] дийнахь нийса [хир] ду . Шен терзанаш дазделларш , уьш бу уьш дéкъалнаш.
9. Ткъа шен терзанаш дайделларг , уьш – шайн дог1машна эшам хилларш бу , шаьш хиларна Тхан áяташца зуламé.
10. [Дéлóра] Бакъдолуш , Óха шу ч1аг1дира лаьттахь , шуна хилийтира цу чохь дáхаран г1ирсаш , [ма] к1еззиг баркалла óлу ашa .
11. [Дéлóра] Бакъдолуш , Óха кхоьллира шу , т1аккха кéпé [адам суьрте] дерзийра , цул т1аьхьа малийкашка элира :»Гóрах1итта Áдамна !» Гóрах1иттира уьш , Иблийс дóцург , и ца хилира гóрах1иттанчáрех .
12. Цó [Дáла] элира :»Сте сацийра хьо гóрах1оттарх , Асa хьайга омaр дича ? Цó [иблийсо] элира [жоплуш] :»Со цул тоьлуш ду , Ахьa со ц1ерах кхоьллина , иза поппарх кхоьллина».
13. Цó [Дáла] элира :»Охьадосса цу чуьра , хьýна дац цу чохь куралла яр . Áрадáла , баккъалла а хьо сийсазчех ду «.
14. Цó [иблийсо] элира :»Т1аьхьаттахь со уьш денбийр болу дийналц !»
15. Цó [Дáла] элира :»Баккъалла а хьо т1аьхьатеттинчáрех ду-кх».
16. Цó [иблийсо] элира :»Ахьa со ма-тилорра , со цáрна к1éлонна хуур ма ду Хьан нийсачу новкъа .
17. Т1аккха со дóг1ур ду царна [уьш галбáха] цéран хьалхéнашкахулá а , цéран т1éхьéнашкахулá а , цéран аьтту áг1óнашкахулá а , цéран аьрру áг1óнашкахулá а . Хьýна карор [ма] бац цáрех дукхах берш [Хьайна] баркаллé».
18. Цó [Дáла] элира :»Áрадáла цу чуьра сийсаздина , гéнадаьккхина [дóхийна] . [Дéлóра] Шá цáрех хьýна т1аьхьах1оьттинарг [милла велахь] , Аса [юзнé а] юзур ма ю жоьжахати шоьх массáрех .
19. Х1ай Áдам ! Вáха хьó а , хьан зудá а ялсаманехь . Аша шимма даа шаьшшинна лиъначуьра , шу шиъ герга ма г1óлаш х1окху диттана , т1аккха шу шиъ зуламхойх хир ду».
20. Т1аккха и [ца тайна] , цаьршинна [дагчу вóниг] тесира [хьийхара] цо [иблийсó] , цаьршинна гучуйáхархьама шайн бехкен меттигех шá цаьршиннах хьулйинарг . Цо [харцлуьйш] элира :»Шу шиъ Дáла духатоьхна [ма] дац х1окху диттах , шу шиъ малик ца хилийтá а , я шу шиъ [х1окху ялсаманехь] гуттар дéхачáрех ца хилийтá а бен».
21. [Дéлаца къéра] Дуй биира цо цаьршинна :»Баккъалла а со шу шинна [дика] хьéхардечáрех ма ду» — [аьллa].
22. 1éхадаларчу дóжийра цó и шиъ . Цаьршимма [цу] диттах чамбаьккхинчу хéна , цаьршинна гучуéлира шаьшшиннан бехкен меттигаш , [т1аккха] и шиъ дуьйлира шаьшшинна т1е [хьуламна] ялсаманин г1аш тийса . И шиъ кхайкхира цаьршинан Дáла [бехкбоккхуш] :»Асa шу шиъ духа ца тоьхнéра цу диттах , Асa шу шинга [áла ца] аьллéра , баккъаллá а шайт1а шу шинна билгала мостаг1 ду ?!»
23. Цаьршимма элира :»Х1ай тхан Дéла ! Зулам дина óха тхайн дог1машна , Ахьa тхýна геч ца дахь , къинхéтам ца бахь , тхо хир ма ду эшначáрех».
24. Цó [Дáла] элира :»Охьадисса [цу чуьра] , шоьх цхьаберш вýкхéран мостаг1ий бу . Шуна лаьттахь [парг1ат] дáхаметтиг а , цхьана ханналц зовкх а [хир] ду».
25. Цó [Дáла] элира :»Цу чохь дéхар ду шу , цу чохь лийр ду , цуьнах áрáдóхур ду».
26. «Х1ай Áдаман к1ентий [бéраш] ! Бакъдолуш Óха доссийна шуна т1е , шá шун бехкен меттигаш хьулйен дýхар а , месаш [барзакъаш] а . [амма Дéлах] Кхéраран дýхар – иза тоьлуш [дерг] ду . Иза Аллах1ан áятех [билгалóнех] ду . Цáра ойлаян тарло».
27. «Х1ай Áдаман к1ентий [бéраш] ! Шу питанé ма дойла шайт1ано , шá шун дá-нáна [лéдина] ялсаманéра áра ма-даккхара , шá цаьршинна т1éра шайн дýхар д1адоккхуш , цаьршинна шайн бехкен меттигаш гучуйáхархьама . Баккъалла а цуна гуш ду шу — цуна а , цуьнан тайпанна а , шуна уьш ца гуччу áг1óра . Баккъалла а Оха шайт1анаш дина , шаьш [Дéлах] цатéшачéран вéрасаш [гергарнаш]».
28. Шаьш цхьа маьттазниг [боьханиг] дича , цáра элира :»Тхýна тхан дай карийна цу [балха] т1ехь , Аллах1а омaр дина тхоьга цуьнца». Ахь áла :»Баккъалла а Аллах1а омaр ца до маьттазчуьнца . Ашa [мýха] óлу Аллах1ана т1ехь шайна ца хуург ?»
29. Ахь áла :»Сан Дáла нийсонца омaр дина . [Дáлла дуьхьала] д1ахиттайé [д1аерзайé] шайн яххьаш х1ора маьждигна гергахь , кхайкха Цуьнга [шайн] дин доггаха [деккъа] Цунна [доьхьа] дина . Цо шу [кхóлла] дóла ма-дарра духадоьрзур ду шу .
30. Цхьа тóба нисйина Цó , важа тóба – цáрна т1ехь тилар хьакъ хилла . Баккъалла а цáра шайт1анаш лецна [шайн] вéрасаш , Аллах1 вóцуш . Цáрна моьтту , баккъалла а шаьш нийса ду».
31. «Х1ай Áдаман к1ентий [бéраш] ! Ашa схьаэца шайн хазалла [дýхар] х1óра маьждигна гергахь ! Даа , мала [делахь а] т1áламза [кхоамаза] ма хила . Баккъалла а Цуна ца бéза [шуна] т1áламзанаш».
32. Ахь áла :»Хьá ца магийна [нáхана] Аллах1ан [гергара дуьнéнан] хазалла а , Цо Шен лайшна шá йина [кхоьллина] йолу , рицкъанах ц1ена [хьáнал] дерш а». Ахь áла :»И [зовкх] шаьш [Дéлах] тешначарна дуьнéнан дáхарехь [хир] ду , [кхин цхьаннена дóцуш] деккъа [шайна] къéмата дийнахь [хир] ду . Иштта билгала до Óха áяташ хуучу къóмана».
33. Ахь áла :»Баккъалла а сан Дáла цамагийна маьттазанаш [боьханаш] , цáрех гучудаьлларг а , къайладаьлларг а , къá [1éсаллá] а , [шар1ан] бакъó йóцуш [кхéчунна] г1éло яр а , аш Аллах1аца — Цó шéца бух ца боссийна [волу] — дéкъахóвар а , Аш Аллах1ана т1ехь шайна ца хуург áлар а».
34. Х1ора умматан [шен 1óжаллин] хан [зáма] ю . Ткъа шайн [1óжаллин] хан т1ейеача [т1ех1оьттича] , цáра сахьтана т1аьхьá ца тотту [и] , хьалхá ца йоккху .
35. «Х1ай Áдаман к1ентий [бéраш] ! Шуна бóг1ур ма бу шоьх [болу] элчанаш , шуна Тхан áяташ дуьйцуш . Ткъа шá [хьáрамчух] кхийранарг , диканаг динарг [милла велахь] , цáрна т1ехь кхéрам бац , [я] уьш г1аг1анé бац .
36. Шаьш Тхан áяташ харцдинарш а , цáрна куралла йинарш а — уьш жоьжахатин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу».
37. Мила ву , сов зуламé Аллах1ана т1ехь харцо кхоьллинчул а , я Цуьнан áяташ харцдинчул а ? Уьш – цáрна кхóчур ду [жайнахь шайна] яздинчух шайн дáкъа . Цáрна Тхан [саоьцу] гéланчаш даьхкича , шаьш уьш д1акхалхош , цáра элира :»Стенгахь ду аш Аллах1 вóцуш кхойкхуш хилларг ?» Цáра элира :»Д1адайна [къайладаьлла] и тхоьх». Шайн дог1машна т1ехь тоьшалла дира цáра , баккъалла а шаьш керстанаш хилла [аьлла].
38. Цó [цаьрга] элира :»Чуг1ó [юкъакхéта] , жинех а , адамех а шайл хьалха бакъдолуш [жоьжахатин] ц1ерга д1адаханчу умматашна». Цхьа уммат [жоьжахатин] чоьхьа мел дéли , шá санна чуна не1алт-áлара цо . Цу чохь дерриге [умматаш] д1агулделча , цáрех [чудахарехь] т1аьхьарчо элира шайха хьалхарчуьна [хьокъех] :»Х1ай тхан Дéла ! Х1окхара тилийна тхо , лóхьа царна шалха 1áзап [жоьжахатин] ц1ергахь !» Цó [цаьрга] элира :»Массарнá [хир] ду шалха [1áзап] , делахь а шуна ца хаа [и]».
39. Цáрех хьалхарчо шайха т1аьхьарчуьнга элира :»Шунá ца хилла тхýна т1ехь дозалла , [цундéла] 1овша аша [шайн] 1áзап , шаьш [гул] деш хиллачунна [дуьхьал]».
40. Баккъалла а шаьш Тхан áяташ харцдинарш а , цáрна куралла йинарш а , цáрна стиглан не1арш д1айоьллур яц , уьш ялсамани чуг1ýр бац , эмкал мéхан 1уьргахула чекхйáллалц . Иштта бéкхам бо Óха къадечарна .
41. Жоьжахатах [биллина] мотт а , шайна т1ехула [тесна ц1еран] шаршóнаш а хир ю цáрна . Иштта бéкхам бо Óха зуламхошна .
42. Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а — [ткъа] Óха т1е ца дуьллу цхьанá дéг1ана цуьнан ницкъ кхóчург бен – уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
43. Óха д1аяьккхина цéран кийранашкахь йолу хьаг1 [гáмó] , цáрна к1елахула лéла тáтóлаш . Цáра элира :»Хастам бу Аллах1ана , Шá тхо х1окхуьнга нисдинчу , тхо нислур долуш [ма] дáцара , Аллах1а тхо ца нисдинéхьáра . [Дéлóра] Бакъдолуш , Тхан Дéлан элчанаш баьхкира бакъонца». Цаьрга кхайкхира :»И ю шуна ялсамани , шá шуна ирсана елла , ашa деш хиллачунна [дуьхьал]».
44. Ялсаманин дайша кхайкхира жоьжахатин дай :»Бакъдолуш тхýна тхан Дáла тхайна ч1áг1ó йинарг бакъ карийна . Шуна карийний шун Дáла [шайна] ч1áг1о йинарг бакъ ?» Цáра элира :»Х1аъ». Т1аккха д1ахьéдира цáрна юккъехь д1ахьéдочó :»Аллах1ан не1алт хуьлийла зуламхошна .
45. Шаьш Аллах1ан новкъах [нах] бухабетташ , и [некъ] гóма хила лууш , шаьш эхартах цатéшаш болу».
46. Цаьршинна [ялсаманийна , жоьжахатийна] юккъехь [и шиъ къастош , óганан] юкъарло ю , [цу] óганашна т1ехь къóнахий бу , шайна массо а бевзаш шайн билгалонашца . Цáра кхайкхира ялсаманин дайшка :»Маршалла ду шоьга». Цу [ялсамани] чу ца бахана уьш , шаьш [цуьнга] догдóхуш [сатуьйсуш] болуш .
47. Ткъа шайн б1аьргаш жоьжахатин дайн áг1óра дерзийча , цáра элира :»Х1ай тхан Дéла ! Ма хилийтахь тхо зуламечу къóмаца».
48. Óганийн дайша кхайкхира шайн билгалóнашца шайна бевзачу къóнахошка , цáра элира :»Шу хьалха ца дéхи шун гуламо [дукхаллó] а , ашa [шéца] куралла еш хиллачó а .
49. Х1орш бу уьш , Аллах1а царна къинхéтам бийр бац [аьлла] ашa шайца дуй биънарш ?» [цаьрга эра ду] «Ялсамани чуг1ó , [цхьá] кхéрам бац шуна , г1айг1анé [хир] дац шу».
50. Жоьжахатийн дайша кхайкхира ялсаманин дайшка :»Доттийша тхуна хих [жимма] , я Аллах1а шайна деллачу рицкъанах !» Цáра элира :»Баккъалла а Аллах1а цамагийна и [дала Шех] цатéшачарна .
51. Шаьш шайн дин синкъéрамнá а , ловзарнá а лаьцна хиллачу , дуьнéнан дáхарó шаьш 1éхийначу». Тахана Óха [Тхан диканах] бицбийра бу уьш , х1окху шайн денна дуьхьал кхéтар цáра диц ма-даррá а , Тхан áяташ къóбал ца деш уьш ма-хилларá а .
52. [Дéлóра] Бакъдолуш , Óха шуна жайна деана , Óха шá [Тхан] хаарца билгалдина долу , [шá Дéлах] тéшачу къóманна нийса некъ а , къинхéтам а хилла долу .
53. Цуьнан тидарé-м ца хьоьжу уьш ? Цуьнан тидар дóг1учу дийнахь , [цул] хьалха шайна и дицделлачáра эра ду :»Бакъдолуш тхан Дéлан элчанаш баьхкира бакъонца . Буй-те тхуна [тахана] шафá1атдай , шаьш тхýна [г1оьнца] т1ех1итта , я тхо [дуьненчу] духадéрзо , т1аккха óха дийр [ма] дара , тхаьш шá [хьалха] деш хилларг дóцург». Бакъдолуш , шайн дог1машна эшам бина цáра , цáра шá [харц] кхуллуш хилларг [пайден дóцуш] д1атилла цáрех .
54. Баккъалла а шун Дéла – Аллах1 ву , Шá ялх дийнахь стигланаш а , латта а кхоьллина , т1аккха [Шéца дóг1учу куьцара] «1арша» т1ехь д1анисвелла волу . Цó де хьулдо буьйсанца , цó [т1аьххьé йáг1é] и [де] лоху сихха . Малх а , бутт а , сéдарчий а [кхоьллина Цó] Шен омарца [нáхана] муьт1ахь а дина . Вá ! Цуьнан [ницкъаца] ду [массо а х1ума] кхоллар а , [цéран] 1уналла [дар] а . Беркате хили Аллах1 — 1áламин Дéла .
55. Кхайкха шайн Дéлé хьасталуш а , хьуламе [тийна] а ! Баккъалла а Цуна ца бéза [дóзанел] т1ехбуьйлурш .
56. Ма бé лаьттахь бóхамаш , и тóдинчул т1аьхьа . Кхайкха Цуьнга [та1зарх] кхоьруш , [къинхéтаме] догдóхуш . Баккъалла а Аллах1ан къинхéтам герга бу дикадечáрна .
57. Иза – Шá Шен къинхéтамал [дог1анал] хьалха кхаъца мехаш дохкуьйтург ву . Цáра [мехаша] еза мархаш айъича , Óха уьш [якъа] еллачу меттигé [латта долчу] а йигна , цу т1е [дог1ан] хи доьттира , т1аккха цуьнца массо а стоьмаш áрадéхира [кхиийтира] . Иштта áрабóхур бу Óха белларш а . Аш ойла ян тарло .
58. Хьийкъина [овсарé] меттиг [латта] — цуьнан óрамат áрадолу [кхуьу] шен Дéлан пурбанца , шá вон хилларг – áра ца дóлу халá бен . Иштта [тайп-тайпаначу нéкъашца] карладóху Óха áяташ баркалла óлучу къóмана [нáхана].
59. [Дéлóра] Бакъдолуш , Óха ваийтира Нýхь шен къóмана [т1е] , цо элира [цаьрга] :»Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат дé , Иза вóцург [цхьá] Дéла вац шун . Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу дийнан 1áзапах».
60. Цуьнан къóмаха эланаша элира :»Баккъалла а тхуна хьо билггалчу тиларчохь ма го».
61. Цó элира :»Х1ай сан къам ! Соьца дац тилар , амма со 1áламин Дéлéра элча ву .
62. Шуна сан Дéлан хабарш д1акхайкхадо ас а , шуна хьéхам бо , шуна ца хуург хаа суна Аллах1éра .
63. Шу цецдевлла [тов] шайн Дéлéра [жайна] хьéхам бáрах , шоьх цхьана къóнахна т1е , цуьнга шуна д1ахьéдайтá [кхéрамтасийтá] а , шу [Дéлах] кхéрийтá а ? Шух къинхетам бан тарло».
64. Цáра харцвира иза , т1аккха Óха к1елхьараваьккхира иза а , шаьш цуьнца берш а хинкеман чохь , Óха хибухабахийтира шаьш Тхан áяташ харцдинарш . Баккъалла а уьш хилла [бакъдолчух] б1аьрзé къам .
65. «1áдашка» а [ваийтира] цéран ваша Х1ýд . Цо элира [цаьрга] :»Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат дé , Иза вóцург [цхьá] Дéла вац шун . Шу [Дéлах] ца кхоьру ?»
66. Цуьнан къóмаха шаьш [Дéлах] цатешначу эланаша элира :»Баккъалла а тхуна хьо сонталлехь ма го , баккъалла а тхуна хьо харцлуьйчáрех ма хéта».
67. Цó элира :»Х1ай сан къам ! Соьца яц сонталла , амма со 1áламин Дéлéра элча ву .
68. Шуна сан Дéлан хабарш д1акхайкхадо ас а , со шуна тéшаме хьехамча ву».
69. Шу цецдевлла шайн Дéлéра [жайна] хьéхам бáрах , шоьх цхьана къóнахна т1е , цуьнга шуна д1ахьéдайтá [кхéрамтасийтá] ? Ашa дагадаийта , Цо шу Нýхьан къóмал т1аьхьа вéрасаш дар а , шу кхолларехь [ницкъан , лакхаллан] шортонца совдáхар а . Дагадаийта Аллах1ан зовкхаш , шу дéкъалхила тарло .
70. Цáра элира «Хьо веъна тхýна , тхоьга Аллах1ана — Цунна цхьанна — 1ибадат дайтийтá а , тхан дайш [шайна] 1ибáдат деш хилларг тхоьга дитийтá а ? Хьо вóла тхýна айхьа тхýна ч1áг1о ечуьнца , хьо бакълуьйчáрех хиллехь .
71. Цó элира :»Бакъдолуш , шуна т1едоьжна шун Дéлéра та1зар а , оьг1азлó а . Ашa соьца [мýха] къуьйсу — ашá а , шун дайш а техкинчу ц1ерашкахь , Аллах1а шайн хьокъехь цхьá бух ца боссийначу ? Хьéжа шу , баккъалла а со ву шоьца [шуна 1áзап дáрé] хьоьжучáрех».
72. Óха к1елхьараваьккхира иза а , шаьш цуьнца берш а Тхайгарчу къинхéтамца , т1аьхье хáдийра шаьш Тхан áяташ харцдинчéран . Уьш ца хилла муъманах .
73. «Самýдашкá» [ваийтира] цéран ваша Сáлихь . Цо элира [цаьрга] :»Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат дé , Иза вóцург [цхьá] Дéла вац шун . Бакъдолуш , шоьга еана шун Дéлéра билгалó . Х1ара Аллах1ан [гергара] эмкал ю шуна билгалонна . Ашa йита и Аллах1ан лаьттахь йáжа , хьакха ма лóлаш цуьнах вонца , т1аккха шу лóцур ду лазóчу 1áзапó .
74. Ашa дагадаийта , Цо шу «1áдашел» т1аьхьа вéрасаш дар , шу лаьттахь [дáха] ховшор , цуьнан éса áрéнех шаьш г1áланаш еш , лаьмнех цоьстуш х1усамаш [еш] . Ашa дагадаийта Аллах1ан зовкхаш , ма дé лаьттахь вóниг бóхамаш беш».
75. Цуьнан къóмаха [болчу] шаьш куралла йинчу элаша , шайна г1éлóйинчаьрга – цáрех шаьш [Дéлах] тешначаьрга — элира :»Шуна хаа [тов] , баккъалла а Сáлихь шен Дéлéра ваийтина вуй ?» Цáра элира :»Баккъалла а тхо , иза шéца ваийтанчух тéшаш ду».
76. Шаьш куралла йинчáра элира :»Баккъалла а тхо , шу шех тешначух цатéшa».
77. Эмкална урсхьаькхира цáра , шайн Дéлан омaрга ла ца дуьйг1ира , цáра элира :»Х1ай Сáлихь ! Хьо вóла тхýна айхьа тхýна ч1áг1о ечуьнца , хьо элчанех хиллехь».
78. Уьш схьалéцира [х1аллакбира , ч1óг1а мохк] бéгóрó , т1аккха уьш 1уьйренга бевлира шайн х1усамашкахь [белла] охьаэгна [меттах ца хьовш].
79. Д1авирзира иза цáрех , цо элира :»Х1ай сан къам ! [Дéлóра] Бакъдолуш , асa шуна сан Дéлан [жайнан] хабар д1áкхáчийра , шуна хьéхам бира , амма шуна ца бéза хьехамчаш».
80. Лýт1 а [ваийтира] , цó шен къóме элира :»[сел] Маьттазниг [мýха] до аша ? Шоьл хьалха ца ваьлла цуьнца 1áламашха цхьá а .
81. Баккъалла а шу , [Дéлóра] бóжаршна бéзамца [ма] дóг1у [цаьрца дуьйшу] зударий [1адда] буьтий . Мелхо а шу т1ехдуьйлу къам ду».
82. Цуьнан къóман жоп дáцара , цáра áлар бен :»Áрабáха уьш шайн юьртара , баккъалла а уьш [вай лéлóчух] ц1анлуш нах бу».
83. Óха к1елхьараваьккхира изá а , цуьнан ох1лу а , цуьнан зуда йóцург , [х1аллак хила] бухабисанчáрех хилира иза .
84. Óха делхийра цáрна т1е [т1улгийн] дог1а . Хьажа мýха хилла къадечéран чаккхé !
85. «Мадьянашкá» а [ваийтира] цéран ваша Шу1айб . Цо элира :»Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат дé , Иза вóцург [цхьá] Дéла вац шун . Бакъдолуш , билгало еана шуна шун Дéлера , кхóчуш бé бáрам [бустам] а , терзá а , ма эшайé нáхана цéран х1умнаш , бóхамаш ма бé лаьттахь и тóдинчул т1аьхьа . И тоьлуш ду шуна , муъманáх хиллехь шу .
86. Охьа ма хийша массо а нéкъаца [маьршачу нáхана] кхéрам туьйсуш а , Аллах1ан новкъах — шá Цуьнах тешнарг — вухаветташ а , и [некъ] гамбан лууш а . Дагадаийта к1еззиг дара шу , т1аккха Цó áлсамдéхира шу . Хьовса мýха хилла бóхамаш бечéран чаккхé .
87. Шоьх цхьа тóба тешна елахь со шéца ваийтинчух , важа тóба ца тешнехь , сóбар дé Аллах1а вайна юккъехь кхел яллалц . Иза кхéлахойх [уггар] тоьлург ву».
88. Цуьнан къóмаха шаьш куралла йинчу эланаша элира :»Х1ай Шу1айб ! [Дéлóра] Óха áравоккхур ма ву хьó а , шаьш тхан юьртара хьоьца [Дéлах] тешнарш а , я шу доьрзур ма ду тхан динé». Цó элира :»Тхо [и дин] цадéзаш хиллехь-ай ?
89. Бакъдолуш , óха Аллах1ана т1ехь харцо кхоьллина [хуьлу , нагахь санна] тхо шун динé дирзича , Аллах1а цуьнах тхо к1елхьарадаьхначул т1аьхьа . Тхан дац цу чу дерзийла , Аллах1ана — тхан Дáлла лиъча бен . Тхан Дáла чулаьцна массо а х1ума хаарца . Аллах1ана т1етевжина тхо . Х1ай тхан Дéла ! Дàстахь тхýна а , тхан къóманнá а юккъехь [долу дов] бакъонца , Хьо ву достучáрех [уггар] тоьлург».
90. Цуьнан къóмаха шаьш [Дéлах] цатешначу эланаша элира :»[Дéлóра] Шу Шу1айбана т1аьхьах1иттанехь , баккъалла а шу т1аккха эшнарш ма ду».
91. Уьш схьалéцира [латта] дéгóрó , т1аккха уьш 1уьйренга бевлира шайн х1усамашкахь [белла] охьаэгна [меттах ца хьовш].
92. Шаьш Шу1айб харцвинарш цу [х1усамаш] чохь ца баьхча санна . Шаьш Шу1айб харцвинарш уьш хилла шаьш эшнарш .
93. Д1авирзира иза цáрех , цо элира :»Х1ай сан къам ! [Дéлóра] Бакъдолуш , аса шуна сан Дéлан [жайнан] хабар д1áкхáчийра , шуна хьéхам бира . [цул т1аьхьа] Аса г1айг1а мýха йо [Дéлах] цатешачу кóманна ?»
94. Óха цхьанá юьрта цхьá пайхамар ца ваийтира , Тхаьш цуьнан [юьртан] ох1лу халонцá а , бáланцá а лаьцна [зийнá] бен . Хьастабала тарло уьш .
95. Цул т1аьхьа Óха хийцира вóчунна метта диканиг , уьш [диканехь] сов бовллалц , цáра элира :»Бакъдолуш , Вайн дайх а хьакхаделла халахéтар а , хазаетар а». Т1аккха Óха [1áзапца] схьалийцира уьш ц1еххьана , уьш хаалуш бóцуш .
96. Яртийн ох1лу [Дéлах] тешнéхьáра а , кхийранéхьáра а , Óха схьадиллина хир ма дара цáрна т1ехь стиглара а , лаьттарá а беркаташ , делахь а цáра харцдира , т1аккха Óха схьалийцира уьш цáра [гул] деш хиллачунна [дуьхьал].
97. Яртийн [керста] ох1лу маьрша ду ткъа , шайна Тхан бáла буса т1ебáрах , уьш набкхетта болуш ?
98. Я яртийн ох1лу маьрша ду ткъа , шайна Тхан бáла 1уьйранна т1ебáрах , уьш ловзуш болуш ?
99. Уьш маьрша бу ткъа Аллах1ан мéкарлóнах [та1зарх] ? Аллах1ан мéкарлонах маьрша [парг1ат] ца дóлу эшна къам бен .
100. Билгала ца даьлла ткъа , шайга лаьттан вéрасалла кхаьчначарна , цуьнан ох1лунал т1аьхьа , Óха Тхайна лиъча шайн къинош бахьан долуш шаьш [бáланца] хьалецна хир дарий ? Оха мух1ар тýху цéран дегнаш т1е , уьш хезаш бац [цхьá хьéхам].
101. И ярташ — Óха хьýна дуьйцу цéран хабарех . [Дéлóра] Бакъдолуш , элчанаш баьхкира цáрна билгалóнашца . Амма уьш бáцара шаьш [цáрех] тéшар болуш [цул] хьалхá а шаьш [и] харцдарна . Иштта , мух1ар тýху Óха керстанийн дегнаш т1е .
102. Тхýна ца карийра цáрех дукхахболчáра [шайн] ч1áг1о кхóчуш еш . Амма Тхýна цáрех дукхахберш пéсакънах ма карийра .
103. Т1аккха , Óха вахийтира цáрел т1аьхьа Мýса Тхан билгалóнашца , Фир1авн а , цуьнан элий а болчу , [амма] цáра харцо [инкарло] йира цáрна . Хьажа мýха хилла бóхамаш бечéран чаккхе .
104. Мýсас элира :»Х1ай Фир1авн ! Баккъалла а со 1áламийн Дéлéра элча ву .
105. Хьакъ [сутар] волуш , айса Аллах1ана т1ехь бакъдерг бен ца áла . Бакъдолуш , со шуна веана шун Дéлéра цхьана билгалонца , бахкийта соьца Исрáилан к1ентий [бéраш]».
106. Цó [Фир1авна] элира :»Хьо билгалонца веана хилча , вóла цуьнца [схьагайта и] , хьо бакълуьйчáрех велахь !»
107. Шен 1áса охьатесира цó , т1аккха и билггала лаьхьа бу .
108. Шен [чéтара] куьг схьадаьккхира цó , т1аккха и шурул-к1айн [гуш] ду хьоьжучарна .
109. Фир1авнан къóмаха [болчу] элаша элира :»Баккъалла а х1ара говза [б1аьрла] бозбуанча ма ву .
110. Шу шайн махкара áрадáха лууш . Х1ун омaр до аша ?
111. Цáра элира :»Хьéвéхьа [сацавéхьа] изá а , цуьнан вашá а , бахийтахь шахьаршка [бозбуанчаш] гулбийраш .
112. Цáра хьýна т1евáлор ву массо а говза бозбуанча».
113. Бозбуанчаш баьхкира Фир1авн волчу , цáра элира :»Баккъалла а тхýна мах [хир] буй , тоьлларш тхо хилча ?»
114. Цо элира :»Х1аъ . Баккъалла а шу [сан] гергарчáрех [дукхадéзачáрех] хир ма ду».
115. Цáра элира :»Х1ай Мýса ! Я ахьа охьатаса [хьан 1áса] , я тхо хир ду тхаьш охьатосурш».
116. Цо элира :»Охьатаса ашa !» Цáра охьатесча , нéхан б1аьргаш лéдира цáра [дóцург тардарца] , 1áдийра цáра уьш , уьш баьхкира доккхачу бозбуанчаллийца .
117. Óха Мýсáга [дагчу] хьийхира :»Охьатаса хьан 1áса [аьлла] !» Т1аккха цо д1ахýду цáра шéца [нах] лéбийриг .
118. Бакъдерг [билгала хилла] дуьйжира , цáра шá деш хилларг [сихха] дуьйхира .
119. Эшийра уьш цигахь , [т1аккха] сийсаза хилла [ц1а] бирзира уьш .
120. Гóраийгира бозбуанчаш [хьастабелла].
121. Цáра элира :»Тхо тийши 1áламийн Дéлах ,
122. Мýсáн а , Х1áрýнан а Дéлах».
123. Фир1авнас элира :»Шу цуьнах [мýха] тийши , аса шайна пурба даларал хьалха ? Баккъалла а х1ара мекарло ма ю , аша шá г1áлахь йина , цу чуьра цуьнан ох1лу áрадаккхархьама , хуур ду шуна [аса шайна дийр дерг].
124.[Дéлóра] Аса хéдор ма ду шун куьйгаш а , когаш а б1останéхьа».
125.Цáра элира :»Баккъалла а тхо тхан Дéлé доьрзур [долуш] ду .
126.Ахьа тхан бехк ма ца боккху , тхо тхан Дéлан билгалóнех тéшарнá бен , уьш тхýна яьхкича . Х1ай тхан Дéла ! [шорта] Сóбар доттахь [1áнадéхьа] тхýна т1е , бусалбá долуш кхалхадéхьа тхо !»
127. Фир1авнан къóмаха [болчу] элаша элира [Фир1авнé] :»Ахьа [мýха] вуьту Мýсá а , цуьнан къам а лаьттахь бóхамаш бан а , шаьш хьó а , хьан дéланаш а д1атаса а ?» Цó элира :»Вай бойъур бу цéран к1ентий , [бáцó] дийнабуьтур бу цéран зударий . Баккъалла а вай царна т1ехь [и дан] ницкъболуш ду .
128. Мýсáс шен къóмé элира :»Аллах1аца г1о лаха , [халонна] сатóха . Баккъалла а латта Аллах1ан ду , Цó и кхáчор ду Шен лешха Шéна луучунна . Т1аьхьé [Дéлах] кхоьручарна ю».
129. Цáра элира :»Тхо хьийзийна хьо [Муса] тхýна вáлé а , хьо веанчул т1аьхьа а». Цó элира :»Шун Дéла герга ву , Шá шун мостаг1 х1аллакван а , шу лаьттахь вéрасаш дан а , т1аккха Шá хьажа аша 1амал мýха йо».
130. [Дéлóра] Бакъдолуш , Óха лéцира Фир1авнан ох1лу йокъаллийцá а , стоьмийн эшамцá а . Цáра ойла ян тарло .
131. Шайна диканиг деача , цáра элира :»Тхýна ду х1ара». [ткъа] Шайна т1е вóниг деача , Мýсáх а , цуьнца болчáрех вóн туьду цáра [и] . Вá ! Баккъалла а цéран вон тидар Аллах1ан гергахь [бéкхам хир болуш] ду . Делахь а цáрех дукхахболчарна ца хаа [и].
132. Цáра элира :»Ахьа тхýна муьлхха а билгалó йáлийчá а , тхо шéца лéдархьама , тхо хьоьх тéшар долуш ма дац».
133. Т1аккха Óха царна даийтира [хи] т1едáлар а , ц1оз а , мезий а , пхьидарчий а , ц1ий а [Мýсá бакъ хиларна] билгалйина билгалóнаш . [амма] Цáра куралла йира , т1аккха уьш хилира къадеш къам .
134. Шайна т1е та1зар доьжча , цáра элира :»Х1ай Мýсá ! Дéхахь тхýна хьан Дéлé , Цо хьайна йинчу ч1áг1онца [хьасталой] ! Ахьа тхоьх х1ара та1зар д1аайдахь , тхо хьоьх тéшар ма ду , хьоьца Исрáилан к1ентий бохкуьйтур ма бу».
135.Óха шайха та1зар д1аайдича , уьш шéга кхóчур болчу цхьана ханна , цáра [шайн] ч1áг1ó йóхайо .
136. Т1аккха Óха бéкхам ийцира цáрех , х1орд бухабахийтира Óха уьш , баккъалла а цáра Тхан билгалóнаш харцйарнá а , уьш цáрех чидам [бáла] бóцуш хиларнá а .
137. Óха [ирсана] кхáчийра шайна г1éлоеш хиллачу къóмана лаьттан малхбáлéнаш а , цуьнан малхбузéнаш а , Óха шайна чохь беркат дина йолу . Кхóчуш хилира хьан Дéлан хаза дош Исрáилан к1енташна т1ехь [Фир1авн х1аллакварца] , цáра [халóнашна] сатóхарна . Óха дóхийра Фир1авнас а , цуьнан къóмó а деш хилларг а , цáра [г1ишлох] д1ах1оттош хилларг а .
138. Óха х1ордах дéхьабéхира Исрáилан к1ентий . Т1аккха шайн ц1уйшна 1ибáдат дечу къóмана т1екхéчира уьш. Цáра элира :»Х1ай Мýсá ! Тхýнá бéхьа дéланаш , цéран ма-хиллара дéланаш». Цó элира :»Баккъалла а шу сонта къам ду .
139. Баккъалла а х1орш — х1аллакдина ду уьш шéна чохь берг , харц ду цáра деш хилларг».
140. Цó элира :»Аллах1 вóцург шуна [кхин дéла лáца мýха] лаьа сýна ?! Цо шу тóлийна [хаьржина хилча] 1áламашна т1ехь».
141. Óха шу к1елхьарадéхира Фир1авнан ох1лунах , шаьш шоьга вон 1áзап 1овшуьйтуш болу . Шун к1ентий бойъура цáра , шун зударий [бáцó] дийнабуьтура . Цу чохь доккха зер ду шуна шун Дéлéра .
142. Óха ханйиллира Мýсáна ткъе итт буьйса , Óха кхóчуш йира уьш иттанца , т1аккха кхóчуш хилира цуьнан Дáла йиллина хан шовзткъа буьйса . Мýсас шен вешéга Х1áрýнé элира :»Сан метта сан къóмаца виса хьо , масла1атдé , бóхамаш бечéран нéкъана т1аьхьа ма х1отта !»
143. Мýсá Óха билгалйинчу меттиге веанчу хéна , шен Дéла шéга вистхилча , цó элира :»Х1ай сан Дéла ! [Хьо] Гайтахь сýна , Хьоьга хьожур вара со». Цó элира :»Хьуна со [ганне] гур ма вац , амма хьо хьажа д1óгара лóмé ! И шен меттехь сацахь , т1аккха хьýна гур ву Со». Цуьнан Дéла лóмана гучуваьлча , Цо и хилийтира áтабелла , Мýса [ткъеса кхетча санна] кхéтам чуьра ваьлла вуьйжира . Шá меттавеача цó элира :»Ц1ена ву Хьо , дохкóваьлла со Хьоьга , тешначáрех хьалхара ву со».
144. Цó элира :»Х1ай Мýсá ! Аса хьо нáхал хаьржина Сан хабаршцá а , Сан къамéлацá а . Аса хьайга делларг схьаэца , баркаллéчáрех хила !»
145. Óха яздира цуна [Таврáтан] аннаш т1ехь массо а х1уманах хьéхам а , массо а х1уманна дастар а . Схьаэца и нуьцкъала , хьан къóмé омaр дé цуьнах тоьлуш дерг схьаэцарца . Асa гойтур бу шуна песакънéхан мохк .
146. Асa бухатýхур бу Сан билгалóнех [цáрех кхетарха] , шаьш цхьá бакъо йóцуш лаьттахь куралла йийраш . Шайна х1óра билгало гичá а , цуьнах ца тéша уьш . Шайна нийса некъ гича , цáра схьацалóцу и некъ . Шайна тиларан некъ гича , цáра схьалóцу и некъ . Иза , баккъалла а цáра Тхан билгалонаш харцйина дела а , цáрех чидам [бáла] бóцуш уьш хилла дéла а ду .
147. Шаьш Тхан билгалóнаш а , эхартан дуьхьалкхéтар а харцдинарш — цéран 1амалаш [эрна] яйна . Шаьш деш хилларг бен бéкхам хир буй царна ?
148. Цул т1аьхьа , Мýсан къóмó лéцира [дира 1ибáдатна] шайн хазаллашех [дешех , детех] дег1 долу эса , шен 1éхар долуш . Цáрна ца гина [тов] , баккъалла а и шайга дист ца хилар а , цо шаьш [нийсачу] новкъахь нис ца дар а ?! Цáра лéцира и [1ибáдатна , цундела] зуламхой хилира уьш .
149. Шаьш дохкóбевлла боьхна хьоьвзина , баккъалла а шаьш тилла хилар шайна гича , цáра элира :»Вайн Дáла вайх къинхéтам ца бахь , вайн геч ца дахь , вай хир ма ду эшначáрех».
150. Мýсá шен къóмана т1е вухавирзича оьг1азé , дéра [халахетна волуш] , цó элира :»Ма вон ду-кх ашa соьл т1аьхьа суна динарг ! Шайн Дéлан омaр [х1унда] сихдóра ашa ?» [шéгара] Аннаш охьáтийсина , шен вешин корта схьалéцира цо , шá и шéна т1еийзош . Цо [Х1áрýна] элира :»Х1ай сан нéна к1ант ! Баккъалла а [х1окху] къóмó г1éлóйира сýна , со вен герга бара уьш , ма кхардабéхьа соьх [вайн] мостаг1ий , ма вéхьа со зуламéчу къóмаца [дéкъахь] !»
151.Цó [Мýсáс] элира :»Х1ай сан Дéла ! Гечдéхьа суна а , сан вешийна а , бéхьа тхоьх Хьан къинхéтам . Хьо ву-кх къинхéтамéчáрех уггар Къинхéтамéниг».
152. Баккъалла а шаьш эса [1ибáдатна] лаьцнарш , цáрна шайн Дéлéра оьг1азлó а , дуьнéнан дáхарехь сийсазалла а кхóчур ю . Иштта , бéкхам бо Óха харцóкхуллучарна .
153. Шаьш вóнаш дина , т1аккха цул т1аьхьа дохкобевлла , [Дéлах] тешнарш [муьлш белахь] , баккъалла а хьан Дела цул т1аьхьа [царна] гечдеш верг , къинхéтам беш верг ма ву .
154. Мýсáх оьг1азлó д1атийча , цó [шен] аннаш схьаийцира , цéран яздарехь нийса некъ а , къинхéтам а бара шаьш шайн Дéлах кхоьручарна .
155. Мýсáс хаьржира шен къóмах кхузткъе итт стаг Тхоьца йиллинчу ханна . Шаьш мохкбéгóрó лаьцча , цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Хьайна лиънехь Ахьa [х1окхул] хьалха х1аллакбина хир бара уьш а , сó а . Ахьa тхо х1аллакдо [ткъа] тхоьх сонтачáра динчунна ? И ма дац Хьан зер бен , Ахьa шéца Хьайна луург тилош , Хьайна луург нисвеш [долу] . Хьо ву тхан вéрас , гечдéхьа тхýна , къинхéтам бéхьа тхоьх , Хьо ву-кх гечдечарех [уггар] тоьлуш верг !
156. Яздéхьа тхýна х1окху дуьнéнахь а , эхартахь а диканиг ! Баккъалла а тхо дохкóдевлла Хьоьга». Цо элира :»Сан 1áзап — Ас и ло Сайна луучунна , Сан къинхéтам – цó чулаьцна массо а х1ума . Ас и [къинхéтам] язбийра бу шаьш [Соьх] кхоьручарнá а , закат лочарнá а , шаьш Тхан áятех тéшачарнá а .
157. Шаьш йóзацадевзаш волчу элчанна , пайхамарна т1аьхьах1иттина болу , царна шá д1аязвина карош волу шайгарчу Таврáтчохь а , Инжийлчохь а . Шá цаьрга [диканца] девзинчуьнца омaр деш , вочух уьш бухатýхуш , цáрна ц1енадерш магош , боьхадерш цамагош , цáрех шайн [беза] мохь а , царна т1ехь хилла халóнаш а д1аойбуш . Шаьш цуьнах [Мухьаммадах] тешнарш а , цуьнан сийдинарш а , цунна г1одинарш а , цуьнца доссийначу [Къуръáнан] нуьрана т1аьхьах1иттанарш а — уьш бу уьш дéкъалнаш .
158. Ахь áла :»Х1ай нáх ! Баккъалла а со Аллах1ан элча ву шоьга массáргá , Шен дóлахь стигланашин а , лаьттан а паччахьалла [óлалла] долуш [волу] . Кхин дéла вац Изá бен , Цó [массо а х1ума] дендо , [саэцарца] кхалхáдо . Тéша Аллах1ах а , Цуьнан йóзацадевзаш волчу элчанах а , шá тéшаш волу Аллах1ах а , Цуьнан дешнех [жайнех] а . Т1аьхьах1итта цуна , шу нисдала тарло .
159. Мýсан къóмах ду [цхьа] уммат , [нáх] бакъонна т1енисбеш а , цуьнца нийсо еш а .
160.Óха бийкъира уьш шийтта тайпанé . Óха хьийхира Мýсáга , цуьнан къóмó цуьнга хи дехча :»Хьан 1áса тóха т1улгах !» [аьлла] . Т1аккха цуьнах шийтта шовда хьаладéлира . Бакъдолуш , массó нáхана шайн химолу меттиг хиира . Óха 1индаг1 дира цáрна т1ехь [к1айчу] мархаца , доссийра цáрна [мазал мерза] «манн» а , [нáна-лекъ олхазар] «салвá» а . Даа Óха шайна деллачу рицкъанах ц1енадерг . Тхýна ца дира цáра зулам , амма шайн дог1машна зуламдеш бара уьш .
161. Цаьрга элира :»Дáха х1окху юьртахь , даа цуьнах шайна лиъначохь , аш áла :»Д1адáхахь [тхоьх къинош] !» , чудовла не1арха горх1иттана , т1аккха Óха гечдийр ду шуна шун г1áлаташ . Óха [мéлехь] совбóхур бу дикадийриш».
162. Цáрех шаьш зуламдинчáра хийцира дош , шайга аьлларг дóцучуьнца , т1аккха Óха цáрна т1едаийтира стиглара та1зар , уьш зуламдеш хиларна .
163. Хàтта цаьрга х1ордан юххéхь хиллачу юьртах [лáций] . Т1ехбевлира уьш шоьта дийнахь , цéран шоьта дийнахь царна дóг1ура шайн ч1éрий [хина] т1ехуладовлий , шоьта дóцучу [кхéчу] дийнахь ца дóг1ура . Иштта зуьй Óха уьш , песакъа уьш хиларна .
164. Цáрех цхьана тóбано элира [вýкхарга] :»Х1унда бо ашa хьéхам , Аллах1а шаьш х1аллакбийр болчу , я ч1óг1а 1áзап дийр долчу нáхана ?» Цáра элира :»Шун Дéлé бехказадовлархьама . Уьш кхéра тарло».
165. Цáрна шайга шéца хьéхамбинарг дицделча , шаьш [нáх] вóчух бухатоьхнарш Óха к1елхьарабéхира , [ткъа] шаьш зуламдинарш Óха схьалийцара луьрачу 1áзапца .
166. Цáра шаьш шех бухатоьхнарг тергал ца дича , Óха цаьрга элира :»Шу хила сийсаза маймалш !»
167. Хьан Дáла д1ахаийтира , [Дéлóра] Шá царна т1е хьовсóр ма бу къéмат де т1едáллалц шаьш цаьрга вон 1áзап 1овшуьйтур дерш . Баккъалла а хьан Дéла г1ýда чехка долуш ма ву . Баккъалла а Иза гечдийриг , къинхéтамениг ма ву .
168. Óха бекъна уьш лаьттахь тóбанашка . Цáрех диканаш бу , цáрех иштта бóцурш бу . Óха зийра уьш диканашцá а , вóнашца а . Уьш [Дéлé] берза тарлo .
169. Цáрел т1аьхьа еара жайна шайга кхаьчна [вон] т1аьхьé, цáра схьаоьцура [мéхана] х1окху дуьнéнан мéхала дóцург , шаьш óлуш :»Гечдийр дара вайна-м». Шайна и санна мéхала дóцург деача , [цáрна бехкбуьллучу] вýкхáра схьаоьцур дара иза . Цаьргара ца эцнéра [тов] жайнан ч1áг1ó , Аллах1ана т1ехь бакъдерг бен цáра ца áла , цу чохь дерг 1áма ма динéра цáра [цунна шалхо х1унда йо цара] ? Эхартан х1усам тоьлуш ю шаьш [Дéлах] кхоьручарна . Аш ойла ца йо ?
170. Шаьш жайнах тасабелларш , лáмаз динарш , баккъалла а Óха ца йойъу дикадечéран ял [мел].
171. Óха айъира цáрна т1ехула лам , баккъалла а шá [цáрна т1ехула лаьцна] чéтар долуш санна . Цáрна хийтара [уьш тийшира] , баккъалла а иза шайна т1ебужур буй . [Óха элира] «Схьалáца Óха шайга делларг нуьцкъала , хьахадé [дагадаийта] цу чохь дерг ! Шу кхéра тарло».
172. Хьан Дáла áраяьккхира [кхоьллира] Áдаман к1ентех – цéран баккъех цéран т1аьхьé , Цó цаьрга тоьшалла дайтира шайна т1ехь :»Cо вац шун Дéла ?!»[аьлла] . Цáра элира :»Х1аъ . Óха тоьшалла ди». Шоьга [ца] áлийта къемата дийнахь :»Баккъалла а тхо х1окхунах чидам [тергам] бóцуш хилла».
173. Я шоьга [цa] áлийта :»Баккъалла а [х1окхул] хьалха тхан дайш [Дáлла] декъахó вира . Тхо дара цáрел т1аьхьа [деана] чкъор . Ахьa тхо [х1унда] х1аллакдо [ткъа] харцлуьйчáра динчунна ?»
174. Иштта , Óха билгалдо áяташ . Уьш [Дáлла] т1еберза тарло .
175. Дéша цáрна , Óха шéна Тхан áяташ деллачун [цáрех тешначун] хабар , [цул т1аьхьа] цáрех д1акъаьстира иза , т1аккха шайт1ано [шéна] караверзийра иза . Т1аккха и хилира тиллачáрех [х1аллак хиллачáрех].
176. Тхýна лиънехь , Óха [боьхачух] айвина хир вара иза цаьрца , делахь а лаьтте [дуьнé дéзарé] тевжира иза , шен [дéг1ан] лаамна т1аьхьавéзира иза . Цуьнан масал , ж1аьлин масалх тера ду , хьо цунна чухьаьдча хьухадóла и [мотт áратосу цо] , я ахьa 1аддитча хьухадóла и [мотт áратосу цо] . Иза шаьш Тхан áяташ харцдинчу къóман масал ду . Дийца дийцар , цáра ойла ян тарло .
177. Масалехь вон хилла , шаьш Тхан áяташ харцдина , шайн дог1машна зуламдеш хилла къам .
178. Аллах1а [шá] нисвийриг , иза нислур ву . Цó [шá] тилóриг — уьш бу уьш эшнарш .
179. [Дéлóра] Бакъдолуш , Óха кхоьллина жоьжахатна дуккха а жинаш а , адамаш а . Цéран дегнаш ду — [делахь] уьш ца кхéта цаьрца , цéран б1аьргаш ду — царна ца го цаьрца , цéран лергаш ду – царна ца хеза цаьрца . Уьш хьайбанаш санна бу , мелхо а уьш [цáрел] сов тилла бу . Уьш бу уьш чидам [тергам] бóцурш .
180. Аллах1ан уггар хаза ц1ераш ю . Аша кхайкха Цуьнга цаьрца ! Аша 1аддабита шаьш Цуьнан ц1ерех д1абоьрзурш [уьш харцйийраш] . Цáрна бéкхам хир бу шаьш деш хилларг .
181. Óха кхоьллинчех ду [цхьа] уммат , шаьш [нáх] бакъонга кхойкхуш , цуьнца кхел [нийсо] еш .
182. Шаьш Тхан áяташ харцдинарш , Óха [зовкхашца] зуьйр бу уьш цáрна ца хуучу [дагахь дóцучу] áг1óра .
183. Аса бахбийра бу уьш [цу зовкхехь] . Баккъалла а сан мéкарло ч1óг1а ю .
184.Цáра ойла ца йина ? Цéран накъостаца жиний хьý ма яц . Иза вац , билгала д1ахьéдархó [кхерамтасархо] бен .
185. Уьш ца хьаьвсина [ткъа] стигланашин а , лаьттан а паччахьаллé а , Аллах1а [царна чохь] кхоьллинчу [массо а] х1уманé а , цéран хан [1óжалла] гергаеана хила магарé а ? Муьлхачу къамéлах тéшар бу уьш цул т1аьхьа ?!
186. Шá Аллах1а тилóриг [милла велахь] , цуьнан вац [шá] нисвийриг . Цó 1аддабуьту уьш шайн т1ехбийларехь боьхналéлаш .
187. Цáра хоьтту хьоьга [къéмата дийнан] сахьтах :»Маца ду цуьнан х1оттар ?» Ахь áла :»Баккъаллá а цуьнах дерг хаар сан Дéлехь ду . Шен [х1оттаран] хàнна и гучу ца доккху Цó бен . Дазделла и стигланашкахь а , лаьттахь а . И дóг1ур дац шуна ц1еххьана бен». Цáра хоьтту хьоьга , баккъалла а хьо цуьнах дерг хууш [девзаш] волуш санна . Ахь áла :»Баккъалла а цуьнах дерг хаар , Аллах1ана гергахь ду». Делахь а , дукхахболчу нáхана ца хаа [и].
188. Ахь áла :»Сан дóлахь [карахь] дац сан дéг1ана пайдабар , дац зéдар , Аллах1ана лиънарг бен . Со къайлах дерг хууш хиллéхьáра , диканехь совваьлла хир вара , [цхьá] вон соьх хьакхаделла хир дáцара . Со вац , д1ахьéдархó [кхéрамтасархó] а , [Дéлах] тéшачу къóмана кхаъбоккхург а бен .
189. Иза ву , Шá шу цхьана дéг1ах кхоьллинарг а , цуьнах цуна зуда йинарг а цуьнца цуьнан [стеган] сатедалийта . Иза [меттахь] цуьнах [зудчух] кхетча , вайчу доьзалх хилла и [мохь] д1абаьхьира цо . Иза [шен доьзалхóчух] язйелча , цаьршимма кхайкхира Аллах1е – шаьшшинан Дéлé :»[Дéлóра] Ахьа тхýна диканиг [доьзалхо] лахь , тхо хир ма ду баркаллéчáрех».
190. Ткъа шаьшшинна диканиг [доьзалхó] велча , цаьршимма бира Цунна дéкъахой , Цó шаьшшинна деллачуьнгахь . Аллах1 лакхаваьлла цáра [Шéца] декъаховечух .
191. Цáра дéкъахó [мýха] во [Цуна] шá х1уммá ца кхуллург , шаьш [кхéчó] кхуллуш берш ?!
192. Цéра ницкъ [ма] ца кхóчу цáрна г1о дан , [я] шайн дог1машна г1о ца до цáра .
193. Аш уьш кхайкхича нийса новкъа , шуна т1аьхьа ца х1уьтту уьш . Цхьатерра ду шуна , аш уьш кхайкхичá а , я шу дистхуьлуш дáцахь а .
194.Баккъалла а аша , шаьш — Аллах1 вóцуш — кхойкхурш , шу санна лайш бу . Кхайкха аша цаьрга , шуна жоплойла цáра , шу бакълуьйш хиллехь .
195. Когаш бу [тов] цéран , шаьш цаьрца лéлаш , я куьйгаш ду цéран , шаьш цаьрца тýхуш , я б1аьргаш бу цéран , шайна цаьрца гуш , я лергаш ду цéран , шайна цаьрца хезаш ?! Ахь áла :»Кхайкха шайн дéкъахошка , йé сýна кийтарло [мéкарло] , ма татта со т1аьхьа !»
196. Баккъалла а сан вéрас [вели] Аллах1 ву , Шá жайна доссийна волу . Цó дóладо дикачéран .
197. Иза вóцуш ашa шайга кхойкхурш , цéра ницкъ [ма] ца кхóчу шуна г1о дан , [я] шайн дог1машна г1о ца до цáра
198.Аш уьш кхайкхича нийса новкъа , цáрна ца хеза . Хьýна го уьш хьайга хьоьжуш [болуш санна , амма] уьш [хьо] гуш бац .
199. Къинт1éра вáла , [диканца] девзинчуьнца омaр дé , д1аверза [пе бетта] сонтачáрех !
200.Шайт1анéра [цхьа] вóниг хьан дагчу дáг1ахь , Аллах1аца ларло. Баккъалла а Иза хезаш верг , хууш верг ву .
201. Баккъалла а шаьш [Дéлах] кхийринарш , шайха шайт1анéра [цхьа] бáла хьакхабелча , царна дагадóг1у [Дéлан та1зар] , т1аккха уьш [нийса некь] гуш хуьлу .
202. Цéран вежарша царна г1о до къадарехь [тиларехь] , т1аккха ледар ца хуьлу уьш [цу т1ехь].
203. Хьо шайна [Дéлера] цхьана áяташца веача , цáра элира :»Ахьа [хьайгара] хаьржинéхьáра [деанехьара] и !» Ахь áла [цаьрга] :»Баккъалла а со т1аьхьавóзу сан Дéлера сайга хьоьхучунна . Х1ара [Kъуръан] — шун Дéлера билгалóнаш , нийса некъ а , кхéтам а бу, [Дéлаха] тéшачу къóмана [нáхана]».
204. [цхьамма] Къуръан дешча, ладóг1а цуьнга, дист ма хила . Къинхетам бан тарло шоьх.
205. Хьéхавé хьан Дéла , муьт1ахьаллийца , кхéрарца , хозуьйтуш áлар дóцуш , 1уьйранна а , суьйранна а . Ма хила чидам [тергам] бóцучáрех !
206. Баккъалла а шаьш хьан Дáлла гергахь дерш , цáра куралла ца йо Цунна 1ибадат дарха , цáра ц1анво Иза , Цунна горах1уьтту уьш .