БисмиллáхIир-рохьмáнир-рохьим
Хьалхара дика: Iамалаш къобал яр ду.
ШаIба́н бутт — суннат ша хастош а, хоржуш а деанчу беттанашха бу. АллахIа къинхетам барха ду пайхамара (ﷺ) вайна билгалдина хилар цу баттахь вай дендерг, АллахIана вай гергадуьгур долчуха.
Шина «Ас-Сахьийхьа» чохь ду Iа́ишата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Суна АллахIан элча (ﷺ) гина вац цо цкъа́ а буьззина беттан марха кхобуш Рамадана бутт боцург, ШаIба́н берриг кхобуш гIиллакх дара цуьнан. КIеззиг (денош) доцург ШаIба́н буьззина кхабар цо».
Хьуна хаийла, хIай АллахIан лай, АллахI хIокху баттахь Шен лешна доккхачу шина диканца совгIат деш хилар, вайна чIогIа оьшуш долу.
1- Вайн Iамалаш АллахIана гойтуш, Цунна хьалха охьаяхкар ду, цундела Цо къобаляр а ду цараха Шена луург.
2- Лешна къиношна гечдар а ду, АллахIера совгIатана а, диканна а.
ХIара ши дика хьайна даккхаран дуьхьа хьуна тIехь дац, пайхамара (ﷺ) хьо тIенисвинарг дан хьо дIа хIоттар бен.
Ан-Наса́ийс дийцина Уса́ма ибн Зайдас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Ас элира: ХIай Делан элча, ахь цхьа́ а бутт кхобуш ма ца го суна, ШаIба́наха ахь кхобу марха санна?» ТIаккха пайхамара (ﷺ) аьлла: «Нах шена чохь (Iибадатаха) гIопал хуьлуш (терго ца еш) бутт бу иза, Раджабана а, Рамаданна а юкъахь. Iа́ламийн да волчу АллахIе Iамалаш хьалайоху бутт бу и, цундела суна сайн Iамал хьалаяккха лаьа со марха долуш а волуш.
Цундела пайхамара (ﷺ) ШаIба́н баттахь дукха марха кхабаран бахьана ши хIума ду:
Хьалхарниг: Адамаш шена чохь Iиба́дат дарха гIопал хуьлуш бутт хилар ду и. Ткъа хууш ма-ду Iиба́датан ял совйолуш хилар, цунаха нах гIо́пал хилар доккха хилча. ХIара массарна а гуш болх бу. Дукхаха болун нах ши тайпа бу:
Цхьа тайпа бу Раджаб баттана тIебирзина, цу хьокъехь бидIаташ а, туьйранаш а даьхна шайггара, цаьрга и ШаIба́нал а сов лоьруьйтуш.
Важа тайпа нах бу Рамадана баттахь деш долу Iиба́дат бен ца девзаш.
ШолгIаниг: Iамалаш АллахIе оцу баттахь хьалайохуш хилар ду, ткъа уггара дика Iамал, лен Iамалаш АллахIана гергахь къобал хуьлуьтуш йолу – иза марха кхабар ду, Цунна хьалха ша кIеззиг хетар ду, цуьнгахь АллахIе хьашт хилар долун дела а ду.
Цундела хьоьгара догIуш дерг, хIай АллахIан лай, кIеззиг денош доцург ШаIба́на марха кхабар я оцу баттахь дукха марха кхабар ду, АллахIан гергахь хьан Iамалаш къобал хилийтаран дуьхьа.
Сан ваша!
Валла́хIи, кIезиг дийнош ма-ду ахь марха кхобуш дерш!
Цул тIаьхьа хIун ду? Хьан Iамалаш къобал йо-кх!
Iамалаш къобал йо бохучуьнан маьIна хIун ду хаьий хьуна?
Иза ялсамана хьо вахийта АллахI юкъара хилар ду!
Iумаран кIанта – АллахI реза хуьлда цаьршинна – боху: «АллахIа соьгара ши ракаIат (ламаз) къобал диний хиъча, сапаргIат хир ма-вара со» АллахIа бохун дела: «АллахIа (Iамалаш) къобал йийриш (Шех) кхоьруш берш бу».
Цундела, АллахIан лай, марха кхаба, АллахI хьоьга хIокху баттахь хьажа мега, тIаккха ахь дукха марха кхабар гурду Цунна, тIаккха АллахIа хьан кхин йолу Iамалаш а къобал йийр ю.
Маса Iамал ю кхозуш лаьтташ?! ТIаккха ШаIба́н бутт тIебеъча цхьана наха и бутт кхаьбча, АллахIа церан ерриг Iамалаш къобал йо.
Валла́хIи, вайха цхьаьнга аьлча: Мел лурдара ахь АллахIа хьоьгара хьан Iамал къобал йийриг? Цо дIалур ма дара шегара массо сийлахь а, механа деза а мел дерг!
Муха хирду ткъа, АллахIана вайгара дукха даьхни дайа лууш ца хилча?! Амма Цунна деккъа вайгара лууш дерг ШаIба́на баттахь дукха марха кхабар ду.
Билгалдаккхар:
Цхьаболчу наха ШаIба́нан юьххехь марха ца кхобу, тIаккха цуьнан ах гергакхаьчча я эханал тIаьхьа марха кхаба буьйлало уьш. ХIара гIалат ду. Пайхамара (ﷺ) ШаIба́н юкъал тIаехбаьлча марха кхабар дихкина хиларна, цхьаболчу Iилманан охIлуно нийса леринчу хьадийсехь деана ма-хиллара: «ШаIба́н юккъе бахча, марха ма кхабалуш…» ХIара дехкар даран бахьана – АллахI дика хууш ву – къобал янза йолу Iамалаш къобал яйта меттиг ба́ланза хила тарло лай (ШаIба́нан хьалхарчу эхангахь), тIаккха эханал тIаьхьа лена хан ца юьсу Рамадан баттана кечваллал бен. ХIара а иштта шен хьокъехь дехкар деана ду. АллахI дика хууш ву.
Шун ваша: Мухьаммад Аль-Джа́бирий.
Гочдинарг: ИбрахIим
02/ШаIба́н/1431 = 14/07/2010