Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина стагах бен хьега ца оьшу — АллахIа шена Къуръан хаар деллачу стагах а, буса а, дийнахь а и доьшуш волчу; АллахIа шена бахам беллачу стагах а, буса а, дийнахь а и сагIийна дIабоькъуш волчу».
Бухарий 73, Муслим 815.