button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

25 — Сурат Алфуркъáн

25 — Сýрат Алфуркъáн [Къастóриг] [Маккахь доьссина ‚ 77 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу .

1.[сийлахь] Беркате [лекха] хили Шен лайна т1е [хьáрам-хьáнал] къастóриг [Kъуръáн] Шá [юх-юха] доссийнарг , и хилийтархьама 1áламашна д1ахьéдийриг [кхéрамтосург] ,
2.Шá стигланашин а , лаьттан а дóлалла [óлалла] Шен [карахь] долуш волу , Цо ца лаьцна цхьá а [Шен] доьзалхо [вина]. Цуьнан ца хилла дóлаллехь [óлаллехь] цхьá а дéкъахо , Цо кхоьллина массó а х1ума , белла Цо цуна бáрам а .
3.Цáра лийцира Иза [1адда] витина , шаьш х1уммá а ца кхуллуш болу [кхин] дéланаш [ц1уйш] , уьш [шаьш] бу [кхéчо] кхуллуш . Цéран дóлахь [карахь] дац шайн дог1машна [хуьлу] зен [духатóхар] а , бац [бан] пайдá а . Цéран дóлахь дац [цхьанна] валар [т1едáлор] а , дац [цхьанна] дáхар [далар] а , дац [белларш] г1овттор а .
4.Шаьш [Дéлах] цатешначáра элира :»Х1ара [Kъуръáн] дац , цо шá кхоьллина [долу] харцдерг бен , цу т1ехь кхéчáра шéна г1одина [долу]». Бакъдолш уьш баьхкира зуламцá а , харцонцá а .
5.Цáра элира :»[и Kъуръáн] Хьалхалéрачийн туьйранаш ду , цо шаьш [цаьргара] схьаяздина . Уьш цуна доьшу 1уьйраннá а , суьйраннá а» .
6.Ахь áла :»И доссийна Шéна стигланашкахь а , лаьттахь а йолу къайле хууш волчо . Баккъалла а Иза , гечдийриг , къинхетамениг ву .
7.Цáра элира [цабéшаш] :»Х1ара х1ун элча ву ? [вай санна] Юуург юу цо , бáзаршкахулá лéла иза . Цул цуьнга малик доссийнехьáра , цуьнца [цхьана] д1ахьéдийриг хила и .
8.Йа цуьнга [стиглара] цхьа хазна кхоссахьáра , йа цуьнан беш елхьáра , цо шех [стоьмаш] дууш !» Зуламхóша элира :»Шу т1аьхьах1уьттуш [ма] дац телхинчу стагана бен».
9.Хьажал [гой хьуна] , цáра хьуна масалш муха дáлийна , [нийсачу новкъах] тилла уьш , [цундела] ца карабо царна [и] некъ .
10.Беркате [сийлахь] хили Шá — Шена лиъча — дийр [лур] долуш волу цул [цáра аьллачул] диканиг — шайна к1елахула тáтóлаш лéла бошмаш , йийра [лур] ю Цо хьуна г1áланаш a .
11.Мелхо а , [цул сов] харцдира цáра [къематде х1оттаран] сахьт . [амма] Оха кечйина сахьт харцдинчуна [жоьжахатин буьрса] ц1е .
12.Цуна [ц1ерана] уьш гича гéнарчу меттигéра , царна хезира цуна дéраллийна [оьг1азлонна] кхехкар а , [уг1уш] садий1ар [ц1ог1á] а .
13.Шаьш цу [жоьжахат] чуьра [уггар] готтачу меттиге кхийсича [шайна] буржулш тоьхна , цигахь [т1аккха] цáра кхойкхур ду х1аллак-хиларе .
14.[цаьрга эр ду] «Ашa ма кхайкха тахана цхьа х1аллакхилар , дуккхá а х1аллак-хиларш кхайкха [дéха]».
15.Ахь ала :»И [цаьргара 1áзап] ду тоьлуш [г1оли] йа гуттарéнан [ялсаманин] беш ю , [Делах] кхоьручарна шéца ч1áг1о йина йолу . И хилира царна бéкхам а , боьрзу меттиг а ?»
16.Царна цу чохь — гуттар лаьтташ болчу — [зовкхах] шайна [мел] луург [дéзарг хир] ду . И [царна луург] хилла хьан Далла т1ехь [цáра] ехна ч1áг1о.
17.Цо уьш а , Аллах1 [1адда] витина цáра шена 1ибáдат динарг а д1агулбечу дийнахь , Цо эра ду [цаьрга] :»Ашa тилийна х1ара Сан лайш , йа уьш [шаьш] тилла [нийсачу] новкъах ?»
18.Цáра [жоплуш] элира :»Ц1ена ву-кх Хьо [Хьайна т1ехь кхуллучух] . Тхуна дóг1уш [тхан бакъо йолуш , мегаш] ма дáцара , оха Хьо [1адда] витина [тхайна] вéрасаш [гергарнаш] лéцар . Делахь а , Ахьa зовкх хьéгийтира цаьрга а , цéран дайшкá а царна хьéхам бицбаллалц . Х1аллак хилла [эрна дайна] къам хилира уьш».
19.Бакъдолуш , шу харцдина цáра ашa дуьйцучунгахь , шу ницкъ ца кхóчу [1áзап] д1ахьовзо а , г1о дан а . Шух зулам дийриг [милла велахь] , Оха цуьнга доккха 1áзап 1овшуьйтур ду .
20.Оха хьовсийна бац хьоьл хьалха гéланчаш , баккъалла а шаьш юург юуш а , бáзаршкахула [нéкъашкахула] лéлаш а болуш бен . Оха бина шух цхьаберш вукхаьрца зуьйш . Сатóхалур дуй-те шуна ? Хьан Дéла [нийса дерг] гуш [хууш] ма ву .
21.Шаьш Тхуна дуьхьал бáхкарé догцадóхучáра элира :»Тхуна т1е малийкаш диссийнехьáра , йа тхуна тхан Дéла гахьáра» . [Дéлора] Бакъдолуш , куралла [ма] йира цáра шайлахь , т1ехбевлира уьш ч1óг1а т1ехбовларца .
22.Къадечарна малийкаш гучу дийнахь , [диканца] кхаъ [хир] бац царна цу дийнахь , цáра [малийкаш] эра ду [цаьрга] :»Дехкарца дихкина [шуна Делера кхаъ хила]».
23.Тхо т1едирзира [т1едуьйлира] 1амалех цáра динчуна , Оха йира и [мохо] яржийна чан [санна эрна].
24.Ялсаманин дай цу дийнахь тоьлуш [хир] бу 1арехь а , дика [хир] бу садо1ийлехь а .
25.Оцу дийнахь стигал éт1ар ю мархашца , охьадиссор ду малийкаш диссорах а [шорта].
26.Хьакъ долу óлалла цу дийнахь Къинхетамечуна ду . Хала де дара и керстанашна .
27.Оцу дийнахь [дохковáларна] зуламхочо кадеттар ду шен шина куьйгана , шá óлуш :»Х1ай [давискх] элчанца [нийса] некъ лаьцна белар-кх аса .
28.Х1ай сан г1айг1а [х1аллак хилар] — я1 , [и] хьéнех доттаг1 лаьцна ма велар-кх аса .
29.[Дéлора] Бакъдолуш со тилийра цо [Дéла] хьахóрах [Kъуръáнах] , соьга иза деанчул [кхаьчначул] т1аьхьа» . Шайт1а дара [керста] адамна ямарт [халонгахь и д1атосуш].
30.Элчано элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а сан къóмо д1атеси х1ара Kъуръáн».
31.Иштта [хьуна санна] , х1óр пайхамарна а вина Оха къадечáрех мостаг1 . Хьан Дéла тоьар ву [хьуна нийса новкъа] нисвийриг а , г1оьнча а .
32.Шаьш [Дéлах] цатешначáра элира :»Цхьана метта доссийнèхьáра цуна т1е [и] Kъуръáн». Иштта [декъна доссийна] , Тхаьш хьан дог цуьнца [к1ез-к1езиг] ч1аг1дархьама , хаза билгал а дина [доссийна] Оха и билгалдарца .
33.Уьш хьуна бóг1ур ма бац [харц] масалца , Тхо хьуна бакъонца а , тидарехь хазчунца а даьхкина бен .
34.[1уьнкарх1иттийна] Шайн яххьаш т1ехь [тéкхош] шаьш жоьжахати бáлор берш , уьш меттигна вóнаш а , нéкъана уггар тилларш а бу .
35.[Дéлора] Бакъдолуш , Мусага [Таврат] жайна делла Оха , цуьнан ваша Х1áрун г1оьнча а вина цуьнца .
36.Оха элира :»Шу шиъ г1уо шаьш Тхан áяташ [билгалóнаш] харцдинчу къóме». [вахар и шиъ , амма цáра харцвира] Т1аккха Оха х1аллакбира уьш х1аллакбарх а [тáмашийна куьцар].
37.[хьахаде] Нýхьан къам а , цáра элчанаш харцбинчу хéна , Оха хибуха бахийтар уьш , нáхана билгало а йира Оха цáрех , Оха кечдира зуламхошна лазавен 1áзап .
38.[иштта] 1áдаш а , Самýдаш а , боьлакан [г1ýнан] дай а , цу [нéхан зáман] юккъехь [даьхна] дуккха а чкъоьрнаш [т1аьхьéнаш] а [х1аллакйира Оха].
39.Царна массарна а масалш дáлийра Оха . [уьш] Массо а х1аллакбира Оха х1аллакбарх а [буьрса].
40.[Дéлора] Бакъдолуш , уьш [хийла] чекхбийлира шéна т1е [Дáла] вуонан [т1улге 1áзапан] дог1а делхийтинчу юьртах . И [юьрт] гуш бáцара [тов] уьш [ойла ян] ? Мелхо а [и гуш йолушéхьа] , г1овттóре догдóхуш [йа цуьнах тéшаш] бáцара уьш .
41.Шайна хьо гича , цáра ца лóцу хьо кхардамнá [беламнá] бен [цáра олу] :»Х1ара ву иза шá Аллах1а элча [вина] ваийтинарг ?
42.Баккъалла а , и герга [кийча] ма вара тхо тило [д1адерзо] тхан дéланашха , óха сацатоьхнехьáра цу [дéланашха тасадалар] т1ехь» . Царна хаар [ма] ду шайна 1áзап гучу хéна , мила ву нéкъана сов тилларг .
43.Гиний хьуна , шен [дéг1ан] лаам [шéна хазделларг] — шен дéла [вина] лаьцнарг ? Хьо хир ву ткъа цуна т1ехьажархо [1уналхо] ?
44.Йа хьуна моьтту , баккъалла а цáрех дукхахберш хезаш бу , йа [ойла ян] хьекъале бу ? [х1ан-х1á] Уьш ма бац хьайбанаш санна бен . Мелхо а , уьш нéкъана [хьайбанел а] сов тилларш [ма] бу .
45.Хьо ца хьаьжна хьан Дéлé — Цо 1индаг1 мýха дáхдина [даржийна] ? Шéна лиънехь , сецна [д1ацатуьлуш] дийра дара Цо иза . Цул т1аьхьа малх бина Цо цу [1индаг1] т1е [нисвен] билгало .
46.Цул т1аьхьа Оха д1атилийра и [1индаг1] тхайгахьа к1ез-к1езиг д1атилорца .
47.И ву , Шá шуна буьйса [цуьнан бóда] йинарг дýхар [санна хьуламе] , наб [йинарг , дог1машна] — синтем [сада1ар хилла] де динарг — [денделла] г1овттар .
48.И ву , Шá хьажийнарг мехаш кхаъца Шен къинхетаман хьалха . Оха доссийна стиглара ц1ена [дог1ан] хи .
49.Тхаьш цуьнца [бакъа] белла мохк денбархьама а , [шаь] Тхаьш шортта кхоьллинчух [долчу] хьайбанашна а , адамашна а и малорхьама а .
50.[Дéлора] Бакъдолуш , Оха даржийра [дийкъара] и царна юкъахь цаьрга [Дéлан зовкx] хьахадайта . [аммa] Адамашха дукхах дерш дуьхьал девлира [шайн дагчуьра] цатéшар доцучунна [массо а зовкхан].
51.Тхайна лиънехь , Оха хьажийна хир ма вара массо а юьрта д1ахьéдийриг [кхерамтосург].
52.Хьо муьт1ахь ма хила [Дéлах] цатешачаьрна . Цаьрца къийсам латтабе ахьa цуьнца [Kъуръáнца] боккхачу къийсамца [къахьегарца].
53.И ву , Шá шиъ х1орд [юх-юххехь] д1ахецнарг , х1ара [цхьаъ] теза мерза бу [шен малар тóмехьа чам болуш долуш] , ткъа х1ара [шолг1аниг] туьхане [ч1а1а санна] дуьра бу . Цу шинна юккъехь [юкъарлонна] пардо а , [и шиъ вовшашна талхамца т1ецакхийдийта а , д1ацаэйта а] нуьцкъала дуьхьало а йина Цо .
54.И ву , Шá [сте-боьрша] хих [óраллех] адам кхоьллинарг . Цо дина и [адам] схьадáлар долуш а , зáхало долуш а [сте-боьрша а] . Хьан Дéла ницкъкхóчуш ву [цу т1ехь].
55.Цáра 1ибáдат до Аллах1 [1адда] витина шá царна пайда ца бечуннá а , царна зен ца дечунна а . Цатешарг хилла шен Дáлла дуьхьал [шайт1ан] г1оьнча .
56.Оха ца хьажийна хьо , кхаъбоккхуш а , д1ахьéдеш [кхерамтосуш] а бен .
57.Ахь áла :»Асa ца йоьхy шоьга цу [кхайкхам] т1ехь ял [мах] , шена лиъначо шен Дáлла т1е боьду некъ лáцар бен .
58.Хьо товжа Шá ца лечу дийначунна т1е , ц1анве И хасторца . И [цхьаъ] тоьар ву , Шен лайн къинош довзарехь .
59.Шá кхоьллина волу стигланаш а , латта а , цу шинна юккъехь [мел] дерг а ялх дийнахь . Цул т1аьхьа «1арша» т1ехь д1анисвелла Иза — Къинхетамениг . Ахьa хатта [Цуьнах дерг] И вевзачуьнга».
60.Цаьрга аьлча :»Къинхетамечуна [сужуд дарца] гóраг1о !» Цáра [жоплуш] элира :»Х1ун ду [и] Къинхетамениг [тхуна девзаш , йа оха къóбул деш х1ума ма дац и] ?! Тхо гóрадоьлху ткъа ахьa тхоьга омaр дечунна [ахь и áларна] ?» Цо [цуьнан кхайкхамо] совбéхира уьш [ийманаx] къахкарехь .
61.[сийлахь] Беркате хили Шá стиглахь седарчий дина , цигахь [стиглахь маьлха] чиркх а , нуьре [лéпа] бутт а бинарг .
62.И ву , Шá буьйса а , де а [рог1ехь] хийцалуш динарг , шéна лиъначуна ойла ян а , йа [шéна] лиъначуна [Дéлан зовкхана] баркалла áлá а .
63.Къинхетамечун лайш , шаьш лаьтта т1ехула [Дáлла хьастабелла] оьзда лéларш а , ткъа шайга сонтанах [ирча] бистхилча «Мáшар» аьлларш а бу .
64.Шаьш буьйса йоккхурш шайн Дáлла [муьт1ахь хилла] горабахна а , [1ибадатца] д1ах1иттина а .
65.Шаьш óлурш :»Х1ай тхан Дéла ! Д1ахьовзадéxьа тхоьх жоьжахатин 1áзап . Баккъалла а цуьнан 1áзап [сецнa] г1ýда дар-кха .
66.Баккъалла а и [жоьжахати] вуон хили-кх [чохь] 1арехь а вáхарехь [верзарех] а».
67.Шаьш харжйича , [цуьнгахь] т1ехцабийлинарш а , [и] ца кхоийнарш [пис ца хилларш] а . [шайн харжйар] Цу [шина бáрам] юккъехь нийса хилларш а .
68.Шаьш Аллах1аца [дéкъахо вина] кхин дéла ца кхойкхурш а , шá [дер] Аллах1а дихкина долу са [шар1а] бакъонца бен ца дуьйраш а , нáхаца [зина деш] ца леларш а . Ткъа и дийриг [милла велахь] , та1зар кхóчур [ма] ду цуна ,
69.къемата дийнахь 1áзап алсама а доккхур [дéбор] ду цуна , сийсаз [аьшнаш] вина гуттар лаьттар а ву и цу чохь .
70.Шá дохковаьлларг а , [Дéлах] тешнарг а , дика динарг а вóцург . Ткъа уьш , Аллах1а хуьйцyр ду цéран вуонаш диканашца . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
71.Шá дохко а ваьлла дика динарг [милла велахь] , баккъалла а Дéле воьрзу и [ц1енчу] дохковáларца .
72.Шаьш харцтешалла ца дийраш а . Эрна [дáстаме] долчуна юххехула шаьш т1ехбоьвлача , [цуна букътоьхна] сийлахь т1ехбоьвларш а .
73.Шаьш , шайн Дéлан áяташ шайн хьахийча къору а , б1аьрзе а хилла ца эгнарш а .
74.Шаьш óлурш :»Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхуна тхан зударех а , тхан т1аьхьéнашха а [цáра дика дарца тхан] б1аьрг бузар [даккхийдер] . Дéхьа тхо [дика лай , Дéлах] кхоьрyчаьрна [т1аьхьах1оттa] масал [хилийтa] !
75.Царна бéкхамна [ялсаманийн лаккхара] чоь [меттиг] лур ю [халóнашна] сатóхарна , уьш т1елóцур бу цу чохь т1екеренца [лáрамца] а , салам-маршаллийца а
76.Цу чохь гуттар лаьттар болуш . [ма] Хаза хили и [ялсаманийн чоь] 1арехь а , вáхарехь [верзарехь] а .
77.Ахь áла :»Сан Дáла шун терго йийра [ма] йáцара , шун кхайкхар [до1анаш] дáцахьáра . Бакъдолуш харцдира ашa [Дéлан дин , цундела] хир ма ду и [1áзап шуна , хилаза ца дóлуш] сецна .

20/03/2015

Leave a Reply