Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
❏ Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла: «Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, шена тIе эхь даийтина Iадйита те ша и (йоI) я лаьттах йоллий йийна дIаяккха те ша и бохуш. Ма вон сацам бу-кх цара бийриг!». Сурат «ан-Нахьл», 58-59 аят.
📕 Тухьфатул-мавдýд, 25 агIо.