Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
❏ АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиинчул тIаьхьа, Сийлахь-Везачу АллахIа Ша цхьаъвеш (тавхьидаца) болчу а, цIенна даггара (ихласца) Iамал еш болчарна тIехь а шега куьйгалла дойтур доций, цо элира: «Хьан возаллора! Уьш берриге а тилор ма бу ас, царех Ахь хаьржина дог цIена (ихласца) болу Хьан лайш боцурш». Сурат «Сόд», 82-83 аят.
АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиъна, Сийлахь-Везачу АллахIах тасавелларг а, Цунна цIеначу даггара (ихласца) муьтIахь хилларг а, Цунна тIе болх буьллуш верг а шега Iехалур воций а, галвакхлур воций а.
📕 ИгIáсатул-лухIфáн, 1/99.