button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iилмангахь сов ваккхар доьхуш деш долу доIанаш

Хаттар: Суна Iилма Iамон а, цу Iилмангахь сов ваккхар доьхуш суннатехь деана долу доIанаш довза лаара. АллахIа диканца бекхам бойла шуна!

Жоп: Хастам бу Аллахlана, салам маршалла хуьлда АллахIан Элчанна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна, цул тIаьхьа:

Цу хьокъехь уггаре а сийлахь деана долчу доIанех ду, АллахIа (Сийлахь цIена ву И) Шен Элчанна (Делера салам маршалла хуьлда цунна) Iамийна долу хIара доIа: «Ахь ала: сан Дела, со Iилмангахь сов ваккха Ахь!». (сурат «Тlохlа», 144 аят).

* Ткъа вай и доIа иштта дан деза: «Робби зидни́ Iилмá» аьлла. رَبِّ زِدْنِي عِلْمًا

Иштта оцу доIанех ду хьадисехь бух болуш деанарг: «АллохIумман-фаIнá бимá Iалламтанá, ва Iаллимнá мá йанфаIунá, ва зиднá Iилмá». [Тирмизис а, Хьакима а дийцина ду и. Иштта Албанис бакъ хьадис ду а аьлла и].

اللَّهُمَّ انْفَعْنَا بِمَا عَلَّمْتَنَا، وَعَلِّمْنَا مَا يَنْفَعُنَا، وَزِدْنَا عِلْمًا 

«Йа Аллахl! Айхьа тхуна Iамийнарг тхуна пайде де Ахь, тхуна пайде дерг Iама а де Ахь тхуна, со Iилмангахь сов а ваккха Ахь!».

Iаббасан кIантера дийцина, бакъдолуш цо ша олуш хиллера аьлла: «АллохIумма заккирни мá нуссийту, вахь-фаз Iалаййа мá Iалимту, ва зидни Iилмá».

اللَّهُمَّ ذَكِّرْنِي مَا نُسِّيتُ، وَاحْفَظْ عَلَيَّ مَاعَلِمْتُ، وَزِدْنِي عِلْمًا

«Йа АллахI! Суна дицдинарг дагадаийта Ахь, суна хиънарг суна дагахь латта де Ахь, со Iилмангахь сов а ваккха Ахь».

Ткъа дика хууш верг Аллахl ву!

Фатван лоьмар: 109313. islamweb.net

Comments are closed.