button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

32 — Сурат Ассажда

32 — Сýрат Ассажда [Голах1оттар] [Маккахь доьссина ‚ 30 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къихетам беш волчу

1.Алиф-лáм-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву цáрех Шéна луург].
2.[х1ара] Жайна доссор , шегахь шéко йόцуш , 1áламашин Дéлера ду .
3.Я цáра όлу :»[шéгара] Кхоьллина [яздина] цо [Мухьаммада] и [Kъуръáн] ?» Мелхό а , и [Kъуръáн] хьан Дéлера [долу] бакъдерг ду , хьоьга шайна хьоьл хьалха кхерамтасархо ца веанчу къόмана кхéрамтасийтархьама [доссийна долу] , уьш нисбала ма тарло .
4.Аллах1 — Шá стигланаш а , латтá а , цаьршинна юккъехь [мел] дерг а ялх дийнахь кхоьллина , цул т1аьхьа «1арша» т1ехь [Шéца дόг1учу куьцара] нисвелларг ву . Шун вац Иза вόцург [цхьá] вéрас а , вац [шафá1атна] т1ех1уттург а . Ойла ца йо ашa [ца кхéта шу] ?!
5.[Шен] Омaр доссадо [доуьйту] Цо стиглара лаьтта , цул т1аьхьа хьаладόлу [юхадоьрзу] и Цуьнга , шен бáрам ашa дагардечух эзар шо хиллачу дийнахь .
6.Иза къайлах дерг а , гуш дерг а хуург , сийлахьниг , къинхетамениг ву ,
7.Шá [хаза] говза дина [волу] Шá и кхоьллина [мел] долу массό а х1ума , адам кхоллар поппарх Шá долийна волу ,
8.цул т1аьхьа Цо йира цуьнан т1аьхье х1ух — эг1азаллéчу [стеган-зудчун] хих [όраллах] ,
9.цул т1аьхьа нийса [кхáчаме] дира Цо и [адам] , цунна чу шен са кхоьллира Цо , шуна хазар а , б1аьрсá а , дегнаш а дира [делира] Цо , [амма] к1еззиг баркалла όлу ашa [Дáлла] !
10.Цара элира :»Ткъа тхо лаьттахь [мурдоьлла] дайча [цуьнах д1аийча] , тхо баккъалла а керлачу кхолларехь [хир] ду тов ?!» Мелхό а , уьш шайн Дáлла дуьхьалкхéтарх цатéшаш [керста] бу .
11.Ахьа [цаьрга] áла :»Шу д1акхалхадо мулкалмόтό [саоьцучу малийко] , шá [Дáла] шуна [шун синош эца] т1ех1оттийна долчу , цул т1аьхьа шайн Дéле дерзор ду шу».
12.Хьуна гича къадинарш [керстанаш] , шайн Дáлла гергахь [эхьана] шайн кортош охкийна [та1ийна , шаьш όлуш] :»Х1ай тхан Дéла ! Гина тхуна [тхаьш харц динарг] , хези тхуна [Хьан дош , дуьненчу] юхадерзадéхьа тхо , дика [мел дерг] дийра дар оха [цу чохь] . Баккъалла а тхо [х1инца] билггала [Хьоьх] тешна ду-кх».
13.Тхайна лиънехь х1ор дéг1ана [синна] шен нийсо д1аелла хир ма яра Оха , делахь а Соьгара [Сан] дош бакъ [хьакъ] хилла [цаьрна т1ехь] :»Асa юзур ма ю жоьжахати жинех а , [1éсачу] адамех а — массáрех».
14.[1áзап] 1овша-аш [х1инца] , х1окху шайн денна дуьхьалкхéтар шаьш дицдарна . Баккъалла а Оха шý а дицдина [шайн 1áзапехь] . 1овша-ашa гуттаренá а [долу] 1áзап , шаьш [1есачух] деш хиллачунна [дуьхьал] .
15.Баккъалла а Тхан áяташех тéша , шайна уьш хьахийча шаьш [Дáлла хьасталой] гора [сужуде] оьгурш а , шайн Дéла хасторца [вόчух] ц1анвийраш а , шаьш [имдилла] кураллá а ца еш .
16.Цéран áг1онаш [хьала] айъало товжийлашха [меттанашха] шайн Дéле кхойкхуш а [Цуьнах] кхéрарнá а , [Цуьнан къинхетаме] сатийсарнá [догдáхарнá] а , Оха шайна деллачух харжйеш а .
17.Цхьанá а дéг1ана [синна] ца хаа шайна [Дáла ялсаманахь] х1ун хьулдина [кечдина шайн] б1аьргаш бузуьйтучух [резахуьлучух] , цáра [дуьненахь] деш хиллачунна бéкхамна .
18.Шá [дуьненахь] муъмастаг хилларг , шá [дуьнéнахь] пéсакъ [къадеш] стаг хилларг санна [хир] ву ткъа [эхартахь] ?! [х1ан-х1а] Цхьатерра [цхьанийсса хир] бац уьш !
19.Амма шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , цаьрна [бéкхамна] боьрзийлан [ялсаманин] бошмаш ю [чохь хьеший хилла] д1атарбала [1ан] , шаьш деш хиллачунна [дуьхьал] .
20.Амма шаьш пéсакъхилларш [къадинарш] , цéран боьрзийла [жоьжахатин] ц1е ю . Цáрна цу чуьра áрабовла мел лии , юхаберзийра уьш цу чу . Цаьрга элира :»1овша-аш [жоьжахати] ц1еран 1áзап , аша шá [дуьненахь] харцдеш хилла долу».
21.[Дéлόра] Оха цаьрга 1овшуьйтур ма ду гергарчу [дуьненан] 1áзапах , доккхачу [эхартан] 1áзапал хьалха . [т1аккха] Уьш [цáрех бисанарш нийсачу новкъа] юхаберза тарло [шаьш и гергарниг 1оьвшича] .
22.Мила ву т1ех [сов] зуламе шен Дéлан áяташ шéна хьахийна [волу] , цул т1аьхьа цáрех д1авирзинчул а ? Баккъалла а Тхо къадечаьргара ч1ир оьцуш [ма] ду .
23.[Дéлόра] Бакъдолуш Оха [дала] ма делла Мусáга [Таврат] жайна . Хьо ма хила шéкόнехь цунна дуьхьалкхетарх [цхьанакхéтарх] . Оха дира и [жайна] Исрáилан к1енташна [бéрашна] нийса некъ .
24.Оха бира цáрех хьалхарнáх [имáмаш] , шаьш [нáх] нисбеш Тхан омарца , цáра сатόхарнá а , Тхан áяташха доггахтéшаш [уьш] хиларнá а .
25.Баккъалла а хьан Дáла , къéмат дийнахь къастор ду цаьрна юккъехь уьш шéгахь [барт бόцуш] бéкъабелла [галморзах] хилларг .
26.Цо цаьрна билгала ца дина тов , Оха [д1адаханчу] чкъоьрнашха [къаьмнашха] мел х1аллакдина цáрел хьалха ? Уьш лéла цéран [хиллачу] бáхаран меттигашкахула [ойлаяр дόцуш] . Баккъалла а цуьнгахь [Оха цáрех динчуьнгахь] билгалόнаш ма ю [т1аьхьа бόг1учаьрна] . Царна цахеза [хезча ойла ца йо] ?
27.Царна ца гина [ткъа] , баккъалла а Оха дáладо декъачу лаьтте хи , т1аккха цуьнца хьаладόлуьйту шех цéран хьайбанаш а , цáра шаьш а дуу ялта ? Царна ца го [и] ?
28.Цáра όлу :»Маца [хир болуш] бу и [вайн юккъехь йист йоккхун] сацам [шун тόлам] , шу бакълуьйш хилча ?»
29.Ахь áла :»Сацам [кхόчуш хиларан] дийнахь , шаьш [Дéлах] цатешначаьрна цéран [т1аьхьа] тéшаро бан пайдá а бац , [йа] уьш [дохкобовла] т1аьхьатоттур а бац .
30.Юхакхéта цáрех [бита уьш] , [тόламан сацаме] хьéжа хьо [сих а ца луш] ! Баккъалла а , уьш а бу [хьуна вон болх хиларе] хьоьжуш [1аьш] .

17/11/2015

Comments are closed.