Цхьана стага МуIазан кIант Яхья волчехь хIара аят дешна хилла: «Аша-шимма ала цуьнга (ФирIовне) кIеда дош». ТIаккха Яхьяс велха а вилхина аьлла: Сан Дела! «Со дела ву» бохучуьнца хьо оццул къинхетаме, кIеда-мерза хилча, ткъа «Сан Дела Хьо ву» бохчуьнца хьо мел къинхетаме хир ву?! «Со ву шун уггаре а лекхара, веза, сийлахь дела» бохучуьнца Хьо оццул кIеда-мерза хилча, ткъа «ЦIена ву сан лекха Дела», бохучучуьнца Хьо мел къинхетаме хир ву?!”.
📕 Тафсир ал-БагIавий, 1/274.