АсмаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), дуьйцу: «Со Маккахь а волуш мархийн бутт тIебеара. ТIаккха со ТIáифе ваха аравелира, Маккахь йолчу йовхонах ведда.
Со новкъаваьлла воьдуш а волуш, цхьа акха Iарби дуьхьалакхийтира суна.
Ас хаьттира цуьнга: «Хьо стенга воьду» — аьлла?
Цо элира: «Беркатечу Макка воьду со, беркате мархийн бутт цигахь кхабархьама».
Ас хаьттира цуьнга: «Йовхонах ца кхоьру хьо?».
Цо элира: «Цу йовхонах ведда воьдуш ву-кхи со а цига»». (Акха Iарбичо юьйцург, жоьжахатин цIеран йовхо яра).
ал-Кáмилу филлугIати валадаби, 1/163.