ЦIеначу даггара лелачуьн нигат цIена хилар билгалдоккхуш, Iелимнаха йийцина билгалонаш ю:
- ГIаравийлар ца дезар.
- Ша наха хестор ца дезар.
- Динан белхашкахь жигар хилар.
- Дика белхаш дарехь сихо яр а, Делера а бен йоле са ца тийсар а.
- Собаре хилар а, шена хуьлуш йолу халонаш нахе ца елхор.
- Шен Iамалш чIогIа къайлаяхьа лууш хилар.
- Къайлах еш йолу Iамал дика яр.
- Къайлах еш йолу Iамал совъяккхар.
- Къайлах еш йолу Iамал, гучохь еш йолчу Iамалал а йоккха хилийтар.
АIма́лул-къулу́б, 43 агIо. Мухьаммад Сóлихь ал-Мунажжид.