Ялсаманин охIлунах лаьцна АллахIа хIоттийна долчу суьртан цкъа а ойла йиний ахь?
«МагIаршкахь дIахIиттийначу маьнгеш тIехь дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ат-ТIу́р, 20 аят.
«Чухула ездари тесна долчу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ар-Рохьма́н, 54 аят.
«Баьццарачу гIайбанашна тIе кортош а дехкина, тIеххазачу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш». Сурат ар-Рохьма́н, 76 аят.
«Вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина, дIатийжина хир бу уьш». Сурат ал-Ва́къиIа, 16 аят.
Тахана дуьненчохь (дика Iамалш еш) кIадло хьо, ялсамани чохь дIатевжина садоIуш Iархьама.
Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий