Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) шен гергарчарех цхьанна бе́р дича, «КIант вина я йоI йина?» — олий, ца хоттура. Амма, цо хоттура: «Могуш а долуш даьллий и дуьненчу?» — олий. Ткъа шега «хIаъ» аьлла жоп делча, цо олура: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Далла».
ал-Адабул-муфрад, 1256.