button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

БЕХКАЗЛО ЯЛАР

❏ Абу Къилáбас (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьайн вешегара хьайна товш доцу хабар кхаьчча, цунна даггара бехказло лаха ахь. Хьайна цуьнан хьокъехь цхьа а бехказло ца караяхь, хьайн дагахь ала ахь: «сан вешин суна ца хууш цхьа бехказло хила мега»».

Хьиляту ал-авлияъ, 2/285.

❏ IабдуллахI ибн Мубарака (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бусалба стага шен вежаршна бехказло лоху, ткъа мунафикъ стага церан гIалаташ лоьху».

Ада́бул-Iишрати ва зикрус-сухьбати вал-ухуввати, 56.

❏ Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «Стаг Iилмангахь сов мел волу а, шеца бакъо къуьйсуш духьал ваьллачунна алсам бехказло юьту цо. Ткъа Iилмангахь и кIезиг мел хуьлу а, бехказло а кIезиг юьту цо цунна».

Comments are closed.