button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iесачух кхарда мегаш дац

«Бусалба стагана кхечу бусалба стагах кхарда мегар дац и къен вара я цо къа латийнера аьлла, я кхечу муьлха хIуманна а». «فلا يحل لمؤمن أن يسخر من مؤمن لا لفقره ولا لذنبه ركبه ولا لغيره ذلك». Тафсирул-ТIабарий, 22/376. […]

Диканиг де, вониг ма де алар

Aд-Даххьáка (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Диканиг де, вониг ма де» — алар, Беркате а, Сийлахь а волчу АллахIа тIедехкинчу парзашах цхьа парз ду». «الأمر بالمعروف والنهي عن المنكر من فرائض الله تبارك وتعالى».

Хьо муьлхачу хьолехь ву хьажа

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьо муьлхачу хьолехь ву хьажа. Нагахь санна, хьо вала а, коша вижа а кийча волчу хьолехь велахь, кхин дIа а цу хьолехь Iе хьо. Ткъа нагахь санна, вала а, коша верза а кийча воцчу хьолехь хьо велахь, тIаккха АллахIе тоба а дай, цаьршинга верза мегар долчу хьоле […]

Иблисан букъ кагбеш долу хIума

Суфьян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Ла́ила́хIа иллаллахI» боху дашо санна иблисан букъ кагбеш хIумма а ма дац». Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 7/260.

Уггаре вон хан

Уггаре вон хан — диканан цIарах вониг деш, вонан цIарах диканиг деш ерг ю. Цхьана дийцарехь деана: «Нахана тIе цхьа хан йогIур ю, дика дерг вон гуш, вон дерг дика гуш». أسوأ الأزمنة هي التي يُفعل فيها شر باسم الخير، والخير باسم الشر. ففي الأثر: «يأتي على الناس زمان يرون المنكر معروفا والمعروف منكرا». […]

ШайтIа генадоккху бахьаханаш

«Къуръан дукха дешар а, тасбихь алсам дар а, ла́ила́хIа иллаллахI дукха бахар а шайтIа эккхочу, генадоккхучу бахьанех ду». Шайх Iабдул Iазийз Ибн Ба́з (АллахIа къинхетам бойла цунах).

5. ЦIенна Делан дуьхьа долу Iибадат | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Ахь лелориг бух тIера дуй хьажа

«Шеца Къуръан тIера а, суннатера а бух мел боцу некъ — жоьжахати боьду некъ а, Дала Шех эккхийначу шайтIанан некъ а бу». «كُلُّ طَرِيقٍ لَمْ يَصْحَبْهَا دَلِيلُ القُرْآنِ وَالسُّنَّةِ، فَهِيَ مِنْ طُرُقِ الجَحِيمِ وَالشَّيْطَانِ ِالرَّجِيمِ». Ибнул-Къаййим — Мада́рижус-са́ликийн, 2/468. […]

4. Делах кхерар чIагIдар | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Рамадан баттахь санна хила кхечу бетнашкахь а

Iамр ибн Къайса (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хилла: «Декъал хуьлда, Рамадан бутт тIебале хьалха (бусалба динехь) нисвелларг». ЛатIа́ифул-маIа́риф, 138.