button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Доллу хIума Шен долахь долчуьнга деха

«وَلِلهِ خَزائِنُ السَّماواتِ وَالأَرضِ». «…АллахIан (долахь) ю стигланийн а, лаьттан а хазнаш…». Сурат ал-Мунафикъỳн, 7 аят. «Iилман а, нийсачу новкъа ваккхаран а, аьтто баран а, рицкъан а, могушаллин а, ирсан а хазнаш АллахIан долахь ю. Цундела, Цуьнга бен цхьанге а ма деха!». […]

ШайтIанан гелача ма хила

Цхьана стага ВахIб Ибн МунаббихIе аьлла: «Хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха ВахIба аьлла цуьнга: «ШайтIана хьо воцург кхин цхьа а геланча ца карийра и къамел схьадан?!».

Хьо ларло!

Цхьана стага Хáлид Ибн Валийд волче а веана аьлла: «Цхьа хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха Хáлид Ибн Валийда аьлла: «Иза цуьнан шен тептар ду, шена луучуьнца дIадузхьара цо и».

Дийнахь Дела хьехо уггаре а дика хан

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хаалахь, дийнахь Дела хьехо уггаре а еза, сийлахь хан — Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа ерг юйла». 📔 ал-Азкáр, 155.

2. Вай марха хIунда кхобу? | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

1. Мархийн батте ваьллчо дуьххьара дан дезарг | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Сийсазверг

Далла тIебоьду некъ цабевзург а, и некъ лохуш воцург а ву хьуна, АллахIа шен хьокъехь «сийсазверг» аьлла верг: «وَمَن يُهِنِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن مُّكْرِمٍ». «АллахIа сийсазвинчун цхьаммо а сий дийр дац». ал-Хьажж, 18. 📔 Имам Ибнул-Къаййим — ТIарийкъул-хIижратайн, 177. […]

Хьожуш хила

АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий. «…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ». «Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла».Сурат ал-Бакъара, 196 аят.

Хьайн дика Iамалш къайлахьо

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «فَمَن كَانَ يَرْجُو لِقَاءَ رَبِّهِ فَلْيَعْمَلْ عَمَلًا صَالِحًا». «…Шен Далла дуьхьалкхетаре сатуьйсуш волчо дика Iамалш йойла…» 18/110. Ибн ал-Муба́рака (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «من أراد النظر إلى وجه خالقه فليعمل عملا صالحا ولايخبر به أحدا». «Ша кхоьллина волчуьнан юьхье хьажа луушволчо, дика Iамалш йойла, уьш цхьанге а йийца а ма […]

Кегий къинош атта ма хета!

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «وَوُضِعَ الْكِتَابُ فَتَرَى الْمُجْرِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا فِيهِ وَيَقُولُونَ يَا وَيْلَتَنَا مَالِ هَٰذَا الْكِتَابِ لَا يُغَادِرُ صَغِيرَةً وَلَا كَبِيرَةً إِلَّا أَحْصَاهَا». «[Мел лелийнарг дIаяздина долу] тептар охьадуьллур ду. ТIаккха хьуна гур бу къинош летийнарш цу тептар чохь долчух кхоьруш. Цара эра ду [шайн вонаш гича]: «Тхан дакъазадовлар! ХIара хIун тептар ду?! ХIокхо-м […]