Цхьана дикачу стага аьлла: «АллахIан дуьхьа долу вежаралла куьйгах а, бIаьргах а тера ду. БIаьрг билхича, куьйго цуьнан хи дIадоккху. Ткъа куьг лазийча, бIаьрг цунна боьлху».
|
|
||
|
Цхьана дикачу стага аьлла: «АллахIан дуьхьа долу вежаралла куьйгах а, бIаьргах а тера ду. БIаьрг билхича, куьйго цуьнан хи дIадоккху. Ткъа куьг лазийча, бIаьрг цунна боьлху». Йа АллахI! Рамадан батте кхачаде Ахь тхо! Ал-Фудайл ибн Iийадас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Муъма стага нехан гIалаташ хьулдо, (царех дог лозуш) хьехар до, ткъа Iеса стага нехан гIалаташ Iорадоху, уьш тIех а детта». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 1/225. Iовдал стаг еша а, яздан а ца хууш верг вац, бакъдолуш, Iовдал стаг, къилба мича агIор ду а хууш ламаз ца деш верг ву! Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Баланаша муъма нехан кегий къинош дIадоху, ткъа цу баланашна собаре хиларо, даржашкахь лакха а боху уьш». МажмуIул-фатáвá, 14/255. Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къовсам моссуза болу ши бусалба стаг вовшах къаьсташ велахьара, бусалба нахана юкъахь сий-ларам а, вежаралла а дуьсур ма дацара». МажмуIул-фатáвá, 24/173. Цхьамма аьлла: «Берашна «Фатихьат» сурат сайла а хьалха цхьанге Iамадойтур дацар ас, хIунда аьлча, шен деригге а дахарехь цо и ламаз тIехь доьшур долун дела». (Ма сийлахь ойлаяр ду иза!). Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, шайтIан белхаш чIагIдечух уггаре доккха бахьана — эшаршка ладегIар а, эшарийн гIирс а бу. Мушрик нехан ладегIар ду иза». Ал-Фуркъáну байна авлия́ир-рахьмáни ва авлия́иш-шайтIáн, 205 агIо. Имам Ахьмад Хьанбалс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дуьне — Iамал йо меттиг ю, ткъа эхарт — бекхаман цIа ду. Кхузахь Iамал ца йинарг, цигахь дохковера ву». аз-ЗухIду лил-БайхIакъий, 282. Бакъдолу вовшахкъастар генна новкъавалар, я везачух къастар, я валар а дац хьуна. Эхартахь вай цхьанакхетар долуш ду. Амма бакъдолу къастар – вайх цхьаверг ялсаманехь, важа жоьжахатехь хирг хилар ду хьуна. Я АллахI! Ялсамани охIлунах де Ахь тхо! |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||