|
Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн бусалба вешина къинтIера вала. Хьуна хIун пайда хуьлу, АллахIа хьо бахьанехь цунна Iазап дича?!». سامح أخاك وما ينفعك أن يعذب الله أخاك المسلم بسببك Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 11/262. […]
«СаIийд ибн Жубайра, Рузбан дийнахь, малхбуз-ламаз динчул тIаьхьа малх чу буззалц, цхьаьнге къамел ца дора, доIина жоп ло хан ларъеш». ФикъхIун-нафс, 115.
Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Стага шен бала боцург лелош хилар, АллахIа и лай дIатесна хиларан билгало ю». ФикъхIун-нафс, 221.
Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нахана Iилма бепигал а, хинал а алсам хьашт ду. ХIунда аьлча, Iилма массо а хенахь оьшу, ткъа бепиг а, хи а дийнахь цкъа я шозза бен ца оьшу». ФикъхIун-нафс, 302.
Сулайма́н ибн Хьамза ал-Макъдисийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шозза бен парз ламаз айса цхьалха дина дац ас. И ши ламаз айса дина аьлла хеташ а вац со (жамаIатца и шиъ цадар бахьана долуш)». Цо и олучу хенахь, дезткъе итт шо хилла цуьнан. ФикъхIун-нафс, 109.
Цхьаьна доттагIчо шен кхечу доттагIчуьнга хаьттина: «1000 сом алапа а оьцуш, шен цIахь болх бар гIоли ду, я шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь 27 000 сом алапа а оьцуш болх бар гIоли ду?» — аьлла. ДоттагIчо вела а велла жоп делла: «Шеко йоцуш, шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь […]
Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «ХIай дегI! Цхьа кIеззиг кIадло хьо, Фирдавс ялсаманехь дуккха а садоIур ду ахь». يا نفس اتعبي قليلاً، تستريحي في الفردوسِ كثيراً ЛатIáифул-маIáриф, 304.
«Къемат дийнахь ахь латийнчу къинна тешалла дийр ду АллахIа а, маликаша а, матто а, куьйгаша а, когаша а, хазаро а, бIаьрсино а, чкъуро а, жижиго а, даьIахкаша а, ахь и къа латочу хенахь хьешна долчу лаьтто а».
Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн мотт ларбе. Бакъдолуш, ахь мел олург, тептар тIе дIаяздеш ду хьуна. Юха, къемат-дийнахь, хьуна хьалха дуьллур долуш а ду хьуна и». احفظ لسانك فإن الصحف سوف يُكتب فيها كل ما تقول وسوف تنشر لك يوم القيامة Тафсир жуз Iамма, 73. […]
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Бусалба динах хьакхалуш боцу муьлха а бала атта бала бу. Ма-дарра аьлча, и (дуьненан бала) ниIмат ду. Бакъболу бала, бусалба динехь зуьйш тIебеана болу бала бу». كُلَّ مُصِيبَةٍ دُونَ مُصِيبَةِ الدِّينِ فَهَيِّنَةٌ، وَأَنَّهَا فِي الْحَقِيقَةِ نِعْمَةٌ، وَالْمُصِيبَةُ الْحَقِيقِيَّةُ مُصِيبَةُ الدِّينِ Мада́рижус-са́ликийн, 1/306 […]
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|