Хьайх лаьцна хьан вон ойла хиларо а, хьан дукха къинош хиларо а хьуна новкъарло ма йойла хьайн Деле деха. АллахIа иблисан доIанна а жоп ма делла цо даьхначу хенахь: «Сан Дела, къематде тIе даллалца дитахь со» — аьлла. Фатхьул-бáрий 11/168.
|
|
||
|
Хьайх лаьцна хьан вон ойла хиларо а, хьан дукха къинош хиларо а хьуна новкъарло ма йойла хьайн Деле деха. АллахIа иблисан доIанна а жоп ма делла цо даьхначу хенахь: «Сан Дела, къематде тIе даллалца дитахь со» — аьлла. Фатхьул-бáрий 11/168. ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР БУЬЙСАН БИЛГАЛОНАШ: 1) Цу буьйсана дог синтеме хуьлу. 2) Цу буьйсана дог самукъане хуьлу. 3) И буьйса сирла, лепаш хуьлу. 4) Цу буьйсана седарчий охьа ца оьгу. 5) Цу буьйсана чIогIа шийла а, я чIогIа йовха а ца хуьлу. 6) И буьйса дIаяьллачу Iуьйрана малх схьакхетачу хенахь, зIаьнарш йоцуш цIена гуш хуьлу. Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Эрна хан яйъар валарал а чIогIа ду. ХIунда аьлча, эрна хан яйъаро АллахIах а, эхартах а дIахадаво, ткъа валаро — дуьненах а, цу чохь болучарах а дIахадаво». ал-Фавáид, 44. IабдуллахI Ибн Шубрумас аьлла: «Адамашха цецволу со, цамгарх кхоьруш юучух ларло уьш, амма жоьжахатех кхоьруш къиношха ца ларло уьш». Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 6/348. Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIа шена Iилма даларца дика дина волчунна, АллахIа цунна даьхнел а, тIаьхьенел а, хIусам-нанойл а, гIаланел а, машенашал а, массо хIуманал а тIех деза-доккха хIума делла хьуна». Шархь Риядус-салихьийн, 5/229. Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, хIокху дуьненах lехаваларха ларлуш хилалахь! Баккъалла а, дуьне текхаргах тера ду хьуна, тlе куьг lоьттича кlеда ю иза, амма цуьнан дlовшо адам доь хьуна». [Мин васóйá ас-салаф, агIо 74]. «Дуьнен тIехь долу Ислам-дин цкъа а дIаболуш боцу маьлхах тера ду. Цхьана махкахь чу буьжча, кхечу махкахь гучуболу и». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий Марха даста йиначу яахIуманна реза воцуш ахь дош аларо нанна, йа хIусамнанна, йа йишина халахетийта тарло. Ша марха кхобуш а йолуш, кухни чохь шортта хан яьккхина цо хьо бахьанехь. «АллахIан Элчано ﷺ цкъа а юург емал ца йина хьуна». Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас аьлла, АллахIах кхоьруш волу цхьана стага элира аьлла: «Деган цамгарийн* дарба пхиъ ду: I) Къуръан ойла а еш дешар. 2) Марха кхабар. 3) Буьйсанна ламазаш дар. 4) Iуьйкъанна доIанаш дар. 5) Дикачу нахах веттавалар». *Деган цамгарш: Хьагl лацар, Iамал цIархазмана яр, бусалба нехан хьокъехь вон ойла яр, иштта кхин дIа а. СаIдан кIанта СахIлас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Баккъалла а, ялсаманин цхьа неI ю ар-Раййáн олуш, къематдийнахь марханаш кхаьбнарш гIура бу цу (неIарехула) чу. Уьш боцурш цхьа́ а гIура вац цу (неIарехула) чу. Олучо эра ду: «Марханаш кхаьбнарш мичахь бу?» ТIаккха уьш (цу неIарехула чу […] |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||