АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий. «…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ». «Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла».Сурат ал-Бакъара, 196 аят.
|
|
||
|
АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий. «…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ». «Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла».Сурат ал-Бакъара, 196 аят. Iамр Ибн Къайс ал-Мулáийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъдолуш, Къемат-дийнахь зудчо шен хIусамда АллахIан хьалхахь кхеле озор ву. Эра ду цо: «Со бусалба динехь кхетош-кхиош вацара и, я хIумма Iама а ца дора суна. Базарара бепиг-м латтадора цо суна» (кхача-м латтабора, амма динах лаьцна хIумма а Iамош вацара)». عَن عَمْرو بن قيس الْملَائي […] «ШайтIанан лорах а ма лела» — бохучу АллахIан дешан маьIна деш Имам Къатáдата аьлла: «АллахIана Iеса хуьлуш мел деш долу хIума — иза шайтIанан лар ю». عَنْ قَتادَةَ عَنْ قَوْلِ اللَّهِ: {ولا تَتَّبِعُوا خُطُواتِ الشَّيْطانِ} قالَ: «كُلُّ مَعْصِيَةٍ لِلَّهِ فَهِيَ مِن خُطُواتِ الشَّيْطانِ». Тафсир Ибн Аби Хьáтим, 1508. […] Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьайн вешин къайле йийцар, ямартлонах ду». .«إنَّ من الخيانة أن تُحدِّث بسرِّ أخيك» ас-Самт, Ибн Аби ад-Дуня, 404. «Бусалба стагана кхечу бусалба стагах кхарда мегар дац и къен вара я цо къа латийнера аьлла, я кхечу муьлха хIуманна а». «فلا يحل لمؤمن أن يسخر من مؤمن لا لفقره ولا لذنبه ركبه ولا لغيره ذلك». Тафсирул-ТIабарий, 22/376. […] Aд-Даххьáка (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Диканиг де, вониг ма де» — алар, Беркате а, Сийлахь а волчу АллахIа тIедехкинчу парзашах цхьа парз ду». «الأمر بالمعروف والنهي عن المنكر من فرائض الله تبارك وتعالى». Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьо муьлхачу хьолехь ву хьажа. Нагахь санна, хьо вала а, коша вижа а кийча волчу хьолехь велахь, кхин дIа а цу хьолехь Iе хьо. Ткъа нагахь санна, вала а, коша верза а кийча воцчу хьолехь хьо велахь, тIаккха АллахIе тоба а дай, цаьршинга верза мегар долчу хьоле […] Суфьян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Ла́ила́хIа иллаллахI» боху дашо санна иблисан букъ кагбеш хIумма а ма дац». Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 7/260. Уггаре вон хан — диканан цIарах вониг деш, вонан цIарах диканиг деш ерг ю. Цхьана дийцарехь деана: «Нахана тIе цхьа хан йогIур ю, дика дерг вон гуш, вон дерг дика гуш». أسوأ الأزمنة هي التي يُفعل فيها شر باسم الخير، والخير باسم الشر. ففي الأثر: «يأتي على الناس زمان يرون المنكر معروفا والمعروف منكرا». […] «Къуръан дукха дешар а, тасбихь алсам дар а, ла́ила́хIа иллаллахI дукха бахар а шайтIа эккхочу, генадоккхучу бахьанех ду». Шайх Iабдул Iазийз Ибн Ба́з (АллахIа къинхетам бойла цунах). |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||