|
|
||
|
«АллахIа шена цхьа ниIмат делла волчу стага “Алхьамду лиллáхIиллази́ биниIматихIи́ татиммуссóлихьáт*” алахь, Сийлахь-Везачу АллахIа долчух кхачам а бийр бу цунна, ниIматехь кхин сов а воккхур ву и». الحَمْدُ للهِ الَّذِي بِنِعْمَتِهِ تَتِمُّ الصَّالِحَاتُ Хьилятул-авлияъ, 2/148. ________________ Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) шен гергарчарех цхьанна бе́р дича, «КIант вина я йоI йина?» — олий, ца хоттура. Амма, цо хоттура: «Могуш а долуш даьллий и дуьненчу?» — олий. Ткъа шега «хIаъ» аьлла жоп делча, цо олура: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Далла». ал-Адабул-муфрад, 1256. Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къиношна генаваларо а, шен бала боцург Iаддитаро а дог нуьре до (нийсонна а, бакъонна а тIенисво)». اجتِنَابُ المَعَاصِي وَتَرْكُ مَا لاَ يَعْنِيْكَ يُنَوِّرُ القَلْبَ Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 10/98. Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (РахьимахIуллахI) аьлла: «Варийлаш, гIийбатах ларлолаш! Со Шен керахь волчу АллахIах дуй ма буу ас, цIаро дечиг дагочул а сиха ягайой дIа ма йоху цо дика Iамалш». قال الحسن البصري رحمه الله: إياكم والغيبة، والذي نفسي بيده، لهي أسرع في الحسنات من النار في الحطب ал-ГIийбату ван-намима, 163. Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «ХIай, Адаман воI! Бакъдолуш, хьан (АллахIах) тешар гIийла хилар бахьана, АллахIан керахь долчу хIуманал а, хьайн керахь долчу хIуманах хьо алсам тешаш хилар ду (Сийлахь-Веза ву И)». МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 1/36. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||