|
|
||
|
«Делах кхоьруш волу дикачу доьзалхочо еш йолу дика Iамалийн ме́л, цунна санна цуьнан дена-нанна а хуьлуш бу, цуьнан ме́лах хIумма а эша а ца деш. ХIунда аьлча, и доьзалхо царшимма къахьоьгуш кхиийна волун дела». Шайх Мухаммад Насуруддин ал-Албаний Ялсаманин охIлунах лаьцна АллахIа хIоттийна долчу суьртан цкъа а ойла йиний ахь? «МагIаршкахь дIахIиттийначу маьнгеш тIехь дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ат-ТIу́р, 20 аят. «Чухула ездари тесна долчу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ар-Рохьма́н, 54 аят. «Баьццарачу гIайбанашна тIе кортош а дехкина, тIеххазачу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш». Сурат ар-Рохьма́н, 76 аят. «Вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина, дIатийжина хир бу уьш». Сурат ал-Ва́къиIа, 16 аят. Тахана дуьненчохь (дика Iамалш еш) кIадло хьо, ялсамани чохь дIатевжина садоIуш Iархьама. Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий «Массо хIуманехь а, Делаца йолу хьайн дог-ойла дика хилийталахь. АллахIаца вон дог-ойла хилар мунепикъийн куьцашха куц ду хьуна». «وَظَنَنْتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنْتُمْ قَوْمًا بُورًا» «…Вон ойланаш йир аша, хIаллакьхилла нах дара шу». Сурат ал-Фатхь, 12 аят. Цхьаболчу Iелимнаха аьлла: «Цхьана меттигехь АллахIана Iеса хуьлуш ахь къа латийнехь, цу меттигехь АллахIана муьтIахь хуьлуш а дика Iамал е ахь; (астагIфируллахI бохуш) Деле гечдар доьхийла ахь я АллахI хьехавойла ахь я муьлхха а дика Iамал йойла ахь. Цу меттиго хьуна дуьхьала тешалла ма-дарра, хьоьгахьа а тешалла дийр ду хьуна цо». «Хьуна хаийла, хьайн бусалба вешин сакхташ ахь даржийча, хьан сакхташ даржошверг АллахIа хьуна а тIетосур вуйла, хьуна хьакъболу бекхам беш». Шайх ал-lусаймийн — Тафсир сурат ал-Хьужурат, 52. Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шен да воций хуъушехь кхечу ден кIант ву ша бохуш волчунна, ялсамани хьарам ю». ал-Бухарий, 6766. Муслим, 63. |
||
|
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||