button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Мотт санна чу йолла езаш хIумма а яц

ХIокху деношкахь догIмаш чу доьхкина совцийна ду. Амма, мотт хецна бу: гIийбаташ деш, эладиташ дуьйцуш, даьсса, пайда боцу къамелаш деш, кхердаш, бакъдоцу къамелаш даржош.

Ибн ал-Къаййима аьлла: «Лаьтта букъ тIехь мотт санна чу йолла хьакъ долуш цхьа а хIума яц».

Я АллахI! Тхан меттанаш Хьо хьехорца тIуьна латтаде Ахь. Амин!

Зуда IатIар тоьхна араялар

ШарIо ца магийначух ду: IатIар тоьхна зуда араялар. Иза хьарам а, даккхийчу къинойх къа а ду.

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «IатIар а тоьхна шех хаза хьожа яийтархьама нахана юккъехула йолаелла зуда, зина дина ю». ат-Тирмизий, 2786.

Хьо бакъонна тIехь вара аьлла зен ца зуьш вуьтур вац

«Хьо бакъонна тIехь вара аьлла зен ца зуьйш а я бала ца хьоьгуш а вуьсур вац. Пайхамарех Яхья а, Закария́ а вийна, Муса махках ваьккхина, Юсуф набахти чу воьллина. Ткъа пайхамарийн эла волу Мухьаммад лаьцна а латтийна, етта а йиттина цунна, махках а ваьккхина иза. Цул тIаьхьа бакъо тоьлла».

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий

Муъманах массо хьолехь а синтеме хуьлу

Муъманехан куьцашха ду, берриге нах хьере хилла, кхерамехь болчу хенахь, АллахIа церан дегнаш чу синтем боссош хилар.

Сийлахь — Везачу АллахIа аьлла: «АллахI ву, муъманехан дегнашка синтем боссийнарг, шайгахь долчу ийманна тIе кхин а ийманехь уьш совбахархьама…» Сурат «ал-Фатхь», 4 аят.

ХIай везан Дела! Тхуна тIе синтем боссабехьа! Тхо ийманехь а, Хьо везарехь а сов а дахахь!

Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

Салаваташ дукха дахкаро — баланаш юхатуху

«Iаьржа ун а, кхин долу даккхий баланаш а юхатухучу бахьанех уггаре доккха бахьана, Пайхамарна дуккха а салаваташ дахкар ду (саллалло́хIу IалайхIи ва саллам)».

Базлул-ма́Iу́н фи́ фадли ат-тIа́Iу́н, 333. — Ибн Хьажар

Дена-нанна дика волчуьнан вон чеккхе хир яц

«Шен дена-нанна дика хилла волу доьзалхо, лечу хенахь вон чеккхе а йолуш лийр вац». СаIийд ибн ал-Мусаййиб (АллахIа къинхетам бойла цунах). Тарих ибн МаIийн, 2/228.

30. Дала хьуна деллачу хIуманех уггаре хаза хIума

4. АллахIана хьаста а луш, шаьш лардар деха Цуьнга | Шайх Мухьаммад ал-Iарифий

Аюб пайхамаран доIа | Шайх Набил ал-Iавадий

Тергое ШаIбан беттан! | Шайх Хьасан ал-Хьусайний