button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ойла еш Къуръан дешар

Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Суннат Iибадатех уггаре а чIогIа АллахI воьзуьйтуш долу Iибадат — Къуръан дешар ду, къаьсттина ойла а еш (и дешар)».

أعظم ما تحصل به محبة الله من النوافل :تلاوة القرآن، وخصوصا مع التدبر

Мажмуlур-расáил, 4/87.

Ислам дин

«Ислам дин — доккха ниIмат ду, нагахь вай цунах кхеташ делахь!
ИбрахIим пайхамара шен дена и ниIмат хиларе сатийсина, Нухь пайхамара шен кIантана и хиларе сатийсина, Мухьаммад пайхамара (ﷺ) шен девешина и ниIмат хиларе сатийсина.
Ткъа АллахIа, вай дехна а доццушехь, я и хиларе сатийсина а доццушехь делла вайна и ниIмат».

«Баккъалла а, АллахI адамашца Комаьрша ву, делахь а, дукхах долу адамаш баркалле дац». Сурат, ГIафир, 61.

Лай шен Далла уггаре а герга хуьлу меттиг

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла:

«Лай шен Далла уггаре а герга, сужудехь волуш хуьлу. Ткъа (цу сужудехь) дуккха а доIанаш дойла аша».

Муслим, 482.

Массо бала — вон бац, я массо ниIмат дика а дац

«Бала — ниIмат ду хьуна, нагахь хьо хьайна тIе бала беача АллахIана гергаваханехь. Иштта ниIмат а бу хьуна бала, нагахь хьо хьайна тIе ниIмат деача АллахIана генаваьллехь».

Дуьненан йовхо хааелча, эхартан йовхо дагаяийта еза

Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Маьлхан йовхонехь волчо шена дагаяийта еза, къемат дийнахь цу маьлхан хир йолу йовхо. Бакъдолуш, малх, къемат дийнахь нехан кортошна улле тIе балор болуш бу».

ЛатIа́ифул-маIа́риф, 321.

Ахьмад Хьамза: Сурат «ал-Фажр»

Тафсирул-Жалалайн, Сурат ал-Фажр — скачать

ХIай ирс лоьхушверг!

АллахIан дешнел дика а долуш дешнаш дан а дац. ХIай ирс лоьхушверг! ПаргIато а, я ирс а, я синтем а бан ма бац Къуръанций бен.

Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

34 — Сурат Сабаъ

34 — Сýрат Сабаъ
[Маккахь доьссина‚ 54 аят ду]

Къинхетаме а, къинхéтам беш а волчу АллáхIан цIарца.

1. Хастам Аллах1ана бу, Ша стигланашкахь а, лаьттахь а мел дерг Шен [дόлахь] долуш волчу. Цунна бу хастам эхартахь а. Иза ву хьéкъалениг, хуург.
2. Цунна хаьа [девза] ша лаьттах [мел] доьдург а, ша цуьнах схьа [мел] дόлург а, ша стиглара [мел] дуссург а, ша цига [стигал] хьала [мел] дόлург а. Иза ву къинхетамениг, гечдийриг. Кхин дIахьажа

ГIалат валарх эхь дац, цу тIехь дIа ца вахчахьана

«ГIалат ца долу адам хила ма гIерта, иза хила йиш йоцург ду. Мелхо а, шен гIалатех Iемаш долу адам хила хьо, иза сийлахь адам ду хьуна».

Iилман чам

«Iилман шен чам бу. цуьнан чам кхеттачо, и дIа ца тосу».