button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

33 — Сурат Ал-Ахьзáб

33 — Сурат Аль-Ахьзáб
[Тόбанаш][Маккахь доьссина, 73 аят ду]

Къинхетаме а, къинхéтам беш а волчу АллáхIан цIарца.

1. Х1ай, пайхамар! Аллах1ах кхéра, хьо муьт1ахь ма хила [Дéлах] цатéшачарна а, мунéпикъашна а. Баккъал а, Аллах1 [массо а х1ума] хуург, хьéкъалениг ву.
2. Хьо т1аьхьах1отта хьан Дéлера хьайга хьоьхучунна [Къуръáнна]. Баккъал а, Аллах1 хууш ву аша дийриг.
3. Аллах1ана т1етовжа [хьан г1уллакхехь]. Аллах1 тоьар ву [хьуна] векал [1уналхо]. Кхин дIахьажа

Кхана тоба а дина, сайн керла дахар дIадолор ду ас

Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, да́зо́нах* ларлолахь! Бакъдолуш, иза иблисан уггаре а доккха эскар ду хьуна». Cайдул-ха́тIир, 179.

————
*Юха дийра дар иза-м — бохуш хIума дIатеттар.

Абу IабдуллахI: Билггала волу мостагI 4-гIа дакъа (05.10.2018).

Билггала волу мостагI 4-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 05.10.2018) — скачать

Вай дIатесна долу суннат — берашка салам далар

Анас Ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (ﷺ), берашка салам алуш тIехвелира царна» — аьлла.

Сахьихь Муслим, 2168.

Ахьмад Хьамза: 34- Зударшца дика хилар дуьйцу дакъа 2-гIа дакъа

Риядус-салихьийн: 34- Зударшца дика хилар дуьйцу дакъа 2-гIа дакъа — скачать

Сардам болларан тIаьхье

Цхьа стаг IабдуллахI Ибн Мубаракан тIе а веана, шен кIанта аьлларг ца до шена бохуш арз деш хилла. ТIаккха Ибн Мубарака хаьттина цуьнга: «Цунна вон доIа* диний ахь?» — аьлла.

Стага аьлла: «ХIаъ, дина».

ТIаккха Ибн Мубарака аьлла: «Хьада дIавало, айхьа талхийна ахь иза».

*Вон доIа — иза дайша-наноша шайн доьзалхочунна дуьхкуш долу сардамаш ду. Масала: «Дала хIаллакьвойла хьо, маьрша ма лелийла хьо, са хуьленга ма волийла хьо», кхин а масне ду уьш, вайн къомана юкъахь матте а дирзина, къаьсттина дайша-наноша оьгIузбаханчахь олуш долу.

Шена я кхечунна зен дан мегаш дац

АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шена а,кхечунна азен дан мегашдац». Ибн МаджахI, 2341.

Къемат дийнахь гIаттор

Йа АллахI! Тхан чаккхе хаза е Ахь

Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) олуш хезира шена аьлла: «Массо лай, ша лечу хенахь хиллачу хьолехь гIаттор волуш ву» Муслим, 2878.

Уггаре дика рицкъа шен куьга даьккхинарг ду

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Давуд (пайхамар – IалайхIис-салам) шен куьйга къахьегна яьккхинарг бен юуш вацара». ал-Бухарий, 2073.