button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ши бала

Яхья Ибн МуIáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла::

❒ «Адам делча цуьнан даьхнех (ахчанах) ши бала хуьлу цунна».

Цуьнга хаьттина: «ХIун ши бала бу и шиъ?»

ТIаккха МуIáза жоп делла:
«Деригге даьхни дIа а доккху цуьнгара.
Деригге даьхнех барт а хотту цуьнга».

📕 Сифатус-сафвати, 2/293.

Ца хуург ца хаа алар эхь дац

IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

❒ «Хьайна ца хуург ца хаа алар — Iилма ду»

📕 Сахьих ал-Бухарий, 4774.

Ахча дукха дара алий воккха ма велахь…

Ахча дукха дара алий воккха ма велахь, нагахь и диканна а, Дела реза волче а хьовзош дацахь

❒ Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Къемат-дийнахь ши дирхIам (сом) долучуьнга барт чIогIох хоттур бу, цхьа дирхIам долучуьнгачул».

📕 Аз-ЗухIд ли-Аби Давуд, 186.

Парз ламазаш а, рузбан ламаз а лардар

Парз ламазаш а, рузбан ламаз а АллахIа омра ма-дарра лардан дезаш ду — дуьззина а деш, церан хенаш а, куцош а, меттиг а ларъеш.

АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Пхи ламаз а, рузбанна тIекхаччалц долу рузба а, Рамаданна тIекхаччалц болу Рамадан бутт а шайна юкъахь эгна къинош дIадохуш ду, даккхийчу къиношха ларвелчахьана». Муслим, 233. Кхин дIахьажа

Байшца а, тоба диначарца а, миска нахаца а цхьаьна охьахийшар

Хьекъале верг

Суфъян Ибн Iуйайнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❒ «Хьекъал дерг – дика а, вон а девзарг вац. Хьекъал дерг – дика дерг шена гича, цунна тIаьхьавозуш а, ткъа вон дерг гича, цунна генаволуш верг ву».

📕 Хьилятул-авлияъ, 8/339.

Аьтто болушехь хьаж ца даран кхерам (16.03.2018).

Аьтто болушехь хьаж ца даран кхерам (Рузбан хьехам, 16.03.2018) — скачать

КIанте шега лахийта шена рицкъ

Нанна муьтIахь, дика хилар — къинах цIанвалар ду

Майрачуьн дага тIе боьду некъ

Хьайн майрачуьн дага тIе боьду некъ безахь
-Цуьнан доттагI хила.
-Цуьнан белхана сагатдеш хила.
-Цо сагатдечу гIуллакхашна сагатдеш хила.
-Цуьнан диканехь-вонехь цунна накъост хила.
-Цуьнга тапъалий ладугIуш а, харц дерг ца дуьйцуш а хила хьо!