button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 2-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать

Абу IабдуллахI: Убайй ибн КаIб ал-Хазражий (08.12.2017).

Убайй ибн КаIб ал-Хазражий — АллахI реза хуьлда цунна (Рузбан хьехам, 08.12.2017) — скачать

Ламазехь фатихьат дешар

Iубадат ибн ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Фатихьат (бисмил) а ца доьшуш дина ламаз кхочуш хуьлуш дац».

📕 ал-Бухарий, 756, Муслим, 394.

Беллачарна тIера сагIа даккхар

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Беллачарна тIера даьккхина сагIа царна дIакхочуш ду (цунах мел хуьлу царна), массо бусалба нехан барт а бу цу тIехь».

📕 Жáмиlул-масáил 4/270.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать

Ламазехь могIанаш нисдар

Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Шайн могIанаш нисде, бакъдолуш могIанаш нисдар – ламаз дуьззина, нийса хиларан бахьанех ду».

📕 ал-Бухарий: 723, Муслим: 433.

Iилма даржор

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Ша веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».

📕 ат-ТазкирахI, 55.

Шен бусалба вешина къайлах доIа даран къайле

Абу Дардáа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана а бусалба лайно шен (бусалба) вешина къайлах, цунна а ца хоуьйтуш доIа ма ца до, малико олуш бен: (Хьуна а хуьлийла изза)». Муслим, 2732.

Толам баьккхинарш

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

وَمَن يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَخْشَ اللَّهَ وَيَتَّقْهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ

«АллахIана, Цуьнан элчанна муьтIахь хилларг а, АллахIах (ша летийначу къиношха) кхийринарг, Цуьнах (Делах, къинош ца летош) ларвелларг а — уьш бу уьш тоьлларш».

Сурат «ан-Нур», 52 аят.

ДОГ ТОДАЛАРАН КЪАЙЛЕ

Хьузайф ал-МарIашийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Къайлах, цхьанне а ца гучохь ахь АллахIана Iибадат дахь, хьуна лаахь а, ца лаахь а хьан дог Цо тодийра ду».

📕 Сифатус-сафвахI, 4/270.