button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Айхьа кхечарна цхьаъ алале хьалха, хьайн сакхташ нисде!

Корехула арахьаьжначу зудчо шен майрачуьнга элира бах: «Хьажахь стаг, вайн лулара зудчо йиттина хьалаоьхкина хIуманаш ма боьха а ю!». ТIаккха майрчо куьзган бIаьрг цIанбича, хьалаоьхкина бедарш цIена йиттина хилар гина зудчунна!

Айхьа кхечарна цхьаъ алале хьалха, хьайн сакхташ нисде!

ЦIена кхоллам хьелаш хийцадаларха хийца ца ло!

Юсуф пайхамар набахти чохь волуш цуьнга аьлла: «Хьо дика дечу нахах го тхуна».

Иштта, иза Мисар пачхьалкхехь хазнашна тIехIоттийна волчу хенахь а аьлла цуьнга: «Хьо дика дечу нахах го тхуна».

ЦIена кхоллам хьелаш хийцадаларха хийца ца ло!

Iовжаме бакъдерг

Цхьана Iаьрбочо боху:
«Цхьана хенахь жена Iуналла деш лелла уммат дара вай, юха Ислам-дин деача, цо кхечу умматашна Iуналла деш дIахIиттийра вай. Ткъа вай цу Ислам-динна генадевлча, кхечу умматаша Iуналла деш жа хили вайх!».

Iовжаме бакъдерг

Шаввал беттан ялх де

— Дийна шарахь марха кхаьбнарг санна хила лаьий хьуна?
— Лаьа дера, и муха хир ду ткъа?!
— Ахь Рамадан бутт а, цул тIаьхьа богIу Шаввал беттан ялх де а кхабахь, дерриг шарахь марха кхаьбнарг санна хуьлу-кх хьо, хIокху хьесапца:

30 марха × цхьа дика 10 дика яздо = 300 де. 6 марха × цхьа дика 10 дика яздо = 60 де.

Денош вовшахтоьхча 360 де хуьлу, ткъа иза цхьана шеран денойн барам бу.

Пайхамара (салаллахIу IалайхIи ва саллам), аьлла: «Рамадан бутт кхаьбна, цул тIаьхьа Шаввал беттан ялх марха кхаьбнарг – (дийна) шарахь марханаш кхаьбнарг санна ву». Муслим.

Iилма

Цхьана хьекъалчо аьлла: «Дерриг дуьне бодане ду, Iилма долу меттиг йоцург. Ткъа дерриг Iилма эрна ду, шеца Iамал еш доцург. Ткъа ерриг Iамал а эрна ма ю, цIена даггара ихласца еш яцахь».

АллахI оьгIуз вохуьйтуш, шайтIанна самукъа доккхучех ма хила!

Имам Ибн Ражабас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

— Хlай тоба ца деш коьртара месаш къаж йалийтинарг!

— Нийсон тlехь нисвала ойла йоцуш, я деш тоба доцуш вехаш верг!

— Хьуна хаийла, ахь шайтIанна хазхетар диний, тlех сов Къинхетаме волу АллахI оьгIуз вахийтний!

[Мажмуl ар-расáиль, 348].

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 6-гIа дарс, 3-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 6-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать
тIехьажа лаахь жайна дехьадаккха — скачать

Ахьмад Хьамза: Дена, нанна дика хилар

Абу IабдуллахI: Iумар ибн ал-ХаттIаб (09.06.2017).

Iумар ибн ал-ХаттIаб (Рузбан хьехам, 09.06.2017) — скачать

Ас муха доьхур ду Деле, сан вуно дукха къинош хилча?!

Хьайх лаьцна хьан вон ойла хиларо а, хьан дукха къинош хиларо а хьуна новкъарло ма йойла хьайн Деле деха. АллахIа иблисан доIанна а жоп ма делла цо даьхначу хенахь: «Сан Дела, къематде тIе даллалца дитахь со» — аьлла. Фатхьул-бáрий 11/168.