Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс(АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къиноша цхьацца доккхуш лайгара ниIматаш дIадоху, уьш деригге дIадевла довлалца». ТIарийкъул-хIижратайн, 542.
|
|
|||||
|
Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс(АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къиноша цхьацца доккхуш лайгара ниIматаш дIадоху, уьш деригге дIадевла довлалца». ТIарийкъул-хIижратайн, 542. Уггаре даккхий къинош 10-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 09.12.2016) — скачать Iаьрбийн мотт, 2-гIа том, 5-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать Уггаре даккхий къинош 9-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 02.12.2016) — скачать ЖехIил стаг вевзура волуш ялх хIума ду: -Цхьа бахьана а доцуш оьгIуз вахар. Хьилйатул авлияъ 10/233. Веллачо ша юха дуьненчу верзийча «сагIа далар» хIунда хоржура дара те? Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: «…Сан Дела! КIеззиг ханна тIаьхьатеттина велара Ахь со, сагIанаш лур ма дара ас…». Веллачо ца аьлла: «Iумрат дийра дара-кх ас, ламаз дийра дара-кх ас, я марха кхобур дара-кх ас…». Iеламнаха аьлла: «Веллачо сагIа хьаха ма ца дина, ша веллачул тIаьхьа сагIа даларан йоккха ял шена гичий бен». Дуккха а сагIанаш даха аш, баккъалла а, АллахIах тешаш хилларг, къематдийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир волуш ву шуна. Ибн Iусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Суннат ду, адамо догIа доладелча шен дегIан муьлхха а меже аракховдаяр, цунах догIа кхетийтархьама». Ал-Фатáвá, 16/363. Хаттар: Iибадатан марзо хIунда ца хаало вайна? Жоп: Вайна Iибадатан чам хаабала новкъарло еш дерг, къинош дукха хилар ду. Цомгушчунна моз къахьадаларе терра. Мазехь цхьа сакхат хиларна ма даций иза, амма цомгушчуьнан туй кхаьхьа хиларна ду. Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас — (АллахIа Iалашвойла иза). Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ислам дин дендархьама Iилма Iамийнарг сиддикъийншах (бакълуьйчарах) ву. Ткъа Iилма Iамочуьнан дарж пайхамарийн даржана тIаьххье догIуш ду». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/121. |
|||||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
|||||