Яхкаеллачу кхелано уллера кхела талхош хиларе терра, галваьллачу доттагIчо уллераниг а талхаво.
|
|
|||||
|
Яхкаеллачу кхелано уллера кхела талхош хиларе терра, галваьллачу доттагIчо уллераниг а талхаво. Ибнул Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дукхах болчу нехан хьолан ахьа ойла йича, АллахIа шайна дала дезаш долчу хьокъе хьоьжуш хуьлу уьш, амма, шаьш АллахIана дIадала дезаш долу хьокъе хьоьжуш ца хуьлу». ИгIáсатул-лахIфани фи масáидиш-шайтIáни, 1/89. Уггар деза итт де а, гIурбан хьукманаш а (Рузбан хьехам, 26.08.2016) — скачать Мунафикъ нах 5 (Рузбан хьехам, 19.08.2016) — скачать «Дукхах долу нехан къамел цхьатера хуьлу, амма, нехан дегнаш чохь цунах юьсуш йолу лар тайп-тайпана хуьлу. ХIунда аьлча, хьехам багахь бинарг бац, амма хьена дуьхьа бина хилар ду. АллахIан дуьхьа бина я АллахI воцчунна кхечунна дуьхьа бина». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий (АллахIа Iалашвойла иза). Мунафикъ нах 4 (Рузбан хьехам, 12.08.2016) — скачать Бакъдерг дIаала хьо ницкъ кхочуш вацахь, харцонна тIараш мукъна а ма детта. Хьалха заманахь наха шайн де АллахI хьехаварций, ламаз дарций дIадолош хилла. Ткъа хIинца, цхьа а дIавуьжуш вац-кх шен керахь телпо йолуш бен, юха ша самаволлушехь, сихха вацапан я фейсбукан тIе хьоду! Ткъа хIоранна а ша диннарг карор ду! Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна), дийцина, АллахIан элчано (ﷺ), элира аьлла: «Стагана ша кхача латто безачарна кхача ца латторан къа а тоьур ма дара, кхин цхьа а къа цо ца латийча а». Абу Давуд, 1692. Бусулба стагана тIехь ду, шен берашна бусулба йолу нана харжар, шен Делан хьакъ а, шен майрчун хакъ а, берийн хьакъ а девзаш (хууш) йолу. Шен динна а, пайхамаран (ﷺ) суннатана а бала болу нана харжар. АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух хIоранне а хуьлийла баркалле (шукур деш) дог а, АллахI хьехон мотт а, шен майрчуьнан эхарт тодарехь гIо деш йолу бусалба зуда а» Сахьийхьул-жамиI, 4409. Шайх Нажийб Жалвáхь ал-Жазáирий |
|||||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
|||||