15 — Сýрат Альхьиджр [Тόг1é , г1áла] [Маккахь доьссина ‚ 99 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1.Алиф-лáм-рá .
Х1орш жайнан а , билгалчу Къуръáнан а áйаташ ду .
2.Шаьш [Дéлах] цатешначáрна [къемат дийнахь] лаа тарло шаьш бусулбанаш хиллéхьáра [аьлла].
3.Бита ахь уьш йаá а , [дуьнéнахь] зовкх хьéгá а , [дуккхá а бáха] сатийсарό д1алáцá а . [т1аьхьа] Хуур ду царна [шайна хир дерг].
4.Óха х1аллак ца йина цхьá юрт , шéна тоьхна [билгалйина] хан йолуш бен .
5.Цхьá уммат [къáм] шен [тоьхначу] хéнал хьалхá ца долу , [цуьнах] т1аьхьá ца дуьсу .
6.Цáра [керстанаша] элира :»Х1ай шéна т1е хьéхор [Къуръáн] доссийнарг ! Баккъалла а хьо хьéраваьлла [телхина] ма ву».
7.Ахьа [хьайна теш х1итта] тхýна малийкаш дáлийча , [айхьа дуьйцучуьнгахь] хьо бакълуьйчáрех хилча .
8.Óха малийкаш бакъдолчуьнца [1áзапца] бен ца диссадо [ткъа диссийча] , т1аккха уьш хир бáцара [1áзапах] т1аьхьатеттинарш .
9.Баккъалла а Óха доссá а дина [х1ара] хьéхор [Къуръáн] , баккъаллá а Тхо и [вόчух] лардеш ма ду .
10.[Дéлόра] Бакъдолуш Óха хьоьл хьалхá а [ма] бахийтина хьалхалéрачийн тόбанашка [элчанаш].
11.Царна [цхьá] элча ма ца вόг1ура , уьш шех кхаьрдаш [цабéшаш] хиллá бен .
12.Иштта , Óха дуьллу и [харцбар] къадечéран дегнашчу ,
13.уьш шех тéшаш бόцуш . Бакъдолуш , д1адахна [Аллах1а] хьалхалерачийн [1áзап даран] лáмаст а .
14.Óха царна стигалха цхьа наь1 схьайиллинéхьара , уьш цуьнах хьалабовла х1иттача ,
15.[т1аккха] цáра эра ма дара :»Баккъалла а тхан б1аьргаш дахийна , мелхό а тхо шéна бозбуанчалла дина къам [нах] ду».
16.[Дéлόра] Бакъдолуш , Óха стиглахь хилийтина седарчийн гулам , Óха кечйина и [стигал] хьовсучáрна .
17.Оха [хаьштигашца] ларйина и [стигал Тхаьш] эккхийначу массό а шайт1анах .
18.Шá [шéна] хеззарг лачкъийнарг дόцучух , ткъа цунна т1аьхьайόлу сирла [къéгина] стéлахаьштиг .
19.Лáтта даржийна Óха , цу т1ехь лаьмнаш доьг1на , [шен] бáрам [билгала] болу массό а х1ума кхиийна Óха цу т1ехь ,
20.Óха цу т1ехь юург хилийтана шунá а , аша [рицкъá луш дийнатех] шá кхόбуш йόцучуннá а .
21.Цхьá а х1ума [ма] яц , шен хазнаш Тхоьгахь йолуш бен . Óха ца йоссайо и [х1ума] билгалчу [оьшучу] бáрамехь бен .
22.Óха дахкийтина [шуна] беркатé [пхарьевлла мархаш йохьу] мехаш , доссийна Óха стиглара [мархашкара дог1ан] хи , Óха малийна и шуна , шу дац и [хи] лардийраш [доуьйтурш].
23.Баккъалла а Тхо ма ду [белларш] денбийраш а , [дийнаберш] кхалхораш а , Тхо ду [бухдуьсу] вéрасаш .
24.[Дéлόра] Бакъдолуш , Тхýна хиъна шоьх хьалхабевлларш [муьлш бý] а , [Дéлόра] бакъдолуш Тхýна хиъна [шоьх] т1аьхьабиснарш [муьлш бý] а .
25.Баккъалла а хьан Дáла — Цό гулбийр бу уьш . Баккъалла а Иза кхéтамé верг , хууш верг ву .
26.[Дéлόра] Бакъдолуш , Óха адам кхоьллина бекъачу [боькучу , шен] кепйинчу поппарх — сáцкъарх [саззах].
27.Жин [цéран дá Иблийс] а кхоьллина Óха [цул] хьалха чахчόчу [морцучу] ц1ерах .
28.Хьан Дáла малийкашка элира :»Баккъалла а Со адам кхолла воллу бекъачу [боькучу , шен] кепйинчу поппарх — сацкъарх [саззах].
29.Ткъа Ас иза [кéпехь] нисвина , Сан сих цунна чу садиллича , шу эга цунна гόра [сужданé].
30.[т1аккха] Гόрадахара малийкаш — уьш дерригé а , массό а .
31.Иблийс дόцург , дуьхьалдéлира и гόрадаханчаьрца шá хиларх».
32.Цо [Дáла] элира :»Х1ай Иблийс ! Хьýна [лууш дерг] х1ун ду , хьо гόрадаханчаьрца ца хиларехь ?»
33.Цо [Иблийсό] элира [жоплуш] :»Со [лууш] ма дац гόрадаха адамна , Ахьа шá бекъачу [боькучу , шен] кепйинчу поппарх — сацкъарх [саззах] кхоьллина долчу».
34.Цо [Дáла] элира :»Делахь , áрадала цу чуьра , баккъалла а хьо эккхийна ду .
35.Баккъалла а хьýна т1ехь не1алт ду бéкхаман де [т1е] кхáччалц».
36.Цо [Иблийсό] элира :»Х1ай сан Дéла ! Делахь , со т1аьхьататтахь уьш [денбина] г1овттор болчу дийнé».
37.Цо [Дáла] элира [жоплуш] :»Делахь , хьо баккъалла а т1аьхьатеттинчáрех ду-кх ,
38.билгалчу хéнан дийнé».
39.Цо [Иблийсό] элира :»Х1ай сан Дéла ! [Хьан сийлаллόра] Ахьa со [1éса хиларна] тиларчу дόжόрна , асa цáрна хаздийр ма ду лаьттахь [1éса мел] дерг , ас уьш тилор ма бу берригé а ,
40.цáрех Хьан догц1ена [болу муъма] лайш бόцурш».
41.Цо [Дáла] элира :»Х1ара некъ , Сýна [гергахь] нийса бу .
42.Баккъалла а Сан лайшна т1ехь [цхьá] хьаькамалла [г1όра] дац хьан , тиллачáрех [волу] шá хьýна т1аьхьах1оьттинарг вόцучунна».
43.Баккъалла а жоьжахати , цéран массéран а [чубаха] хан йиллина меттиг ма ю .
44.Цуьнан ворх1 не1 ю , х1όр не1аран цáрех [чудахийта] лéрина [билгал дина] дáкъа ду .
45.Баккъалла а [Дéлах] кхоьрурш [ялсаманин] бошмашкахь а , шовданашкахь а [зовкх хьоьгуш хир] бу .
46.[цáьрга эра ду] «Чу г1ό цáрна мáшарца , [шаьш] маьрша [кхéрамзá] долуш !»
47.Óха д1айаьккхира цéран кийранашкахь йолу хьаг1 [гáмό , цабéзам , áчό , догволла] , вежарий хилла , маьнгеш т1ехь дуьхь-дуьхьал бирзина .
48.Цу [ялсамани] чохь цáрех хьакхалур дáц к1áдбалар [г1елбалар] , уьш цу чуьра [цкъá а] áрабохур бац .
49.Д1акхайкхадé Сан лайшка , баккъалла а Со [муъманáхана] гечдийриг , [цаьрца] къинхéтамéниг вуй а .
50.Баккъалла а Сан 1áзап — иза лазош [долу] 1áзап дуй а .
51.Д1ахаийта цáрна Ибрáх1иман хьéшийх [дерг].
52.И волчу баьхкина цáра элира :»Салам мáршалла [ду шуна]» . Цо [Ибрах1има] элира :»Баккъалла а тхо шоьх кхоьруш [όзалуш] ду».
53.Цара элира :»Ма кхéра ! Баккъалла а тхо [Аллах1ан гéланчаш ду] , όха кхáъ боккху хьýна хьéкъалéчу к1антаца».
54.Цо элира :»Аша сýна кхаъ баьккхи ткъа , со къáналлό схьалаьцнá а волуш ? Аша кхаъ стенца [мýха] боккху ?!»
55.Цара элира :»Óха кхаъ баьккхина хьýна бакъдолчуьнца , хьо ма хила догдиллинчáрех !»
56.Цо [Ибрах1има] элира :»Шен Дéлан къинхетамах дог хьá дуьллур ду , тилларш бόцучáра ?»
57.Цо [Ибрах1има] элира :»Х1ун 1áлашό ю шу [дáхкаран] х1ай [Дéлан] геланчаш ?»
58.Цара элира :»Баккъалла а тхо [Цό] дахкийтина къадечу къόмана [тá1зарна] ,
59.Лýт1ан доьзал бόцург . Баккъалла а όха к1елхьарбόхур бу уьш — берригé а ,
60.цуьнан зуда йόцург . Óха кхелйина , баккъалла а иза бухабуьсучáрех ма ю».
61.Лýт1ан доьзал болчу гéланчаш баьхкинчу хéна
62.цό [цáьрга] элира :»Баккъалла а шу [сýна] девзаш дόцу [хийра] нáх ду».
63.Цара элира :»Мелхό а , тхо даьхкина хьо волчу уьш шéгахь шек хиллачуьнца .
64.Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца , баккъалла а тхо ма ду бакълуьйш .
65.Áрабáккха хьан доьзал буьйсанан [цхьана] дéкъехь , царна т1аьхьа [х1оттé] вόла , вуха ма хьожийла шоьх цхьá а , д1áг1ó шайга омaр дечу».
66.Óха д1ахаийтира цунна и г1уллакх — баккъалла а х1окхéран т1аьхьé хáдийна ю [уьш] 1уьйренга бовлуш [х1аллак барца].
67.Г1áлин бáхархой баьхкира [Лýт1 волчехь кегийраш бу аьлла хезна] баккхийбуьйш [кхаъ хилла].
68.Цо [Лýт1ас] элира :»Баккъалла а х1орш сан хьеший бу [шуна] , со юьхь1аьржа ма х1оттавéлаш .
69.Аллах1ах кхéралаш , со сийсаз ма вéлаш !»
70.Цара элира :»Óха хьýна дехка ца дихкинéра ткъа 1áламаш [нáх т1елáцар] ?»
71.Цо элира :»Х1орш сан зудбéраш ду [шуна] , аша [шайн лаар кхόчуш] деш хиллехь [бига уьш мáрé]».
72.Хьан оьмарόра [дáхарόра] , баккъалла а уьш шайн бахарчохь [кеп хиларехь] тилла [боьхна] лéлаш ма бу .
73.Садаьржаш ц1ог1анό схьалéцира уьш .
74.Óха йира цуьнан [г1áлин] т1ехулé [уьш бертал тоьхна] цуьнан лахé . Оха делхийра царна т1е [беттинчу] поппарех [долу] т1улгаш .
75.Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалόнаш ма ю леррина хьовсучарна [тергό ечарна].
76.Баккъалла а и [г1áла] ма ю [х1инцá а нáх] д1áсхьáлéлачу нéкъаца .
77.Баккъалла а цу чохь билгало ма ю муъманáхана .
78.Баккъалла а «Айкат» [варшан] дай [Шу1айбан къам] зуламхой ма хилла .
79.Óха цáрна д1адекхна [уьш х1аллак барца] , баккъалла а и шиъ [юрт] ма ю [нáхана] билгалчу [боьвзачу] новкъахь [лаьтташ].
80.[Дéлόра] Бакъдолуш , тόг1ен [г1áлин] дайша [Самýдаш а] харц [ма] бира [Тхан] гéланчаш .
81.Óха елира царна [ойла йайта] Тхан билгалόнаш , [амма] уьш цáрех [букъ тόхé] д1абоьрзуш бара .
82.Уьш бара лаьмнех [шайна] маьрша [кхерамза] чохь1ойлаш [х1усамаш] цоьстуш [йόхуш].
83.Сахуьллуш ц1ог1анό схьалéцира уьш .
84.Уьш хьалха ца бéхира [Дéлан 1áзапах] цáра [дуьнéнах] лохуш [гулдеш] хиллачό .
85.Óха ца кхоьллина стигланаш а , латтá а , цаьршинна юккъехь [мел] дерг а бакъонца бен . Баккъалла а [къéмата дийнан] сахьт [шéкό йόцуш] дόг1ур [долуш] ма ду , къинт1éравáла [царна] хаза къинт1éравáларца .
86.Баккъалла а хьан Дéла [массό а х1ума] кхуллург , [цуьнах дерг] хуург ву .
87.[Дéлόра] Бакъдолуш , Óха хьоьга делла [доссийна юх-юха доьшуш] карладоккхучáрех [долу] ворх1 [áят] а , сийлахь [долу] Къуръáн а .
88.Ма кхийдабé [кхерстабé , хьéжабé] хьан ши б1аьрг Óха шéца цáрех цхьаболчарга зовкх хьегийтинчуьнга , ма хила цáрна г1айг1анé а , охьата1абé хьан т1ам муъманáхана [к1éда-мерза хиларца] !
89.Ахь áла :»Баккъалла а со [шуна 1áзап хилар] билгала д1ахьéдархό [кхерамтасархо] ма ву».
90.Óха [и] досса ма-дарра [дин] доькъучарна т1е ,
91.шаьш дина [болу] Къуръáнах дáкъош .
92.Хьан Дéлόра Óха [жоп] хоттур ма ду цаьрга массаьргá а ,
93.цáра деш хиллачух .
94.[мохь тоххé] Гучудáккха хьайга омaр дийриг , д1аверза [Дáлла] дéкъаховечáрех !
95.Óха хьо хьалхаваьккхина [хьоьх] кхаьрдачáрех [хьо хьийзόчáрех] ,
96.шаьш Аллах1аца цхьана кхин дéла веш болчу . [т1аьхьа] Хуур ду царна [шайна хиндерг].
97.[Дéлόра] Бакъдолуш Тхýна хаа [ма хаа] , баккъалла а хьан кийра гаттлой [1аьвжий] цáра [хьайна] όлучух [дуьйцучух].
98.Теспахь дé хьан Дáлла хáстам барца , хьо хила [лáмазна] гόрабаханчáрех ,
99.1ибáдат дé хьан Дáлла , хьайга билггал дерг [валар] дáллалц .
31/12/2015