28 — Сурат Алькъасас [Дийцар] [Маккахь доьссина ‚ 88 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1.Т1ό-сúн-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург]
2.Уьш [х1орш] — [бакъдерг харцонах] билгалдечу [гучудоккхучу] жайнин áяташ ду .
3.Оха хьуна доьшу [дуьйцу] Мýсáн а , Фир1авнан а хабар бакъонца , [Къуръáнах] тéшачу къόмана [нáхана дуьхьа] .
4.Баккъалла а Фир1авн лакхавéлира [вазвелира Миср шахьаран] лаьттахь , цо йира цуьнан ох1лунах [шéна йáцό] тόбанаш , цáрех цхьаболчаьрна г1éлоеш , [цул совнаха] шá цéран [дуьненчудовлу] бόжабéраш дойъуш , цéран [зудбéраш] зударий [дийна] бухабуьтуш . Баккъалла а иза вара [нáхана] бόхамаш бечáрех .
5.Тхуна лаьа Тхаьш дикадан [къинхетам бан] лаьттахь шайна [кхéчáра] г1елойинчаьрна , уьш [дикачуьнгахь] тхьамданаш [баьччанаш] бан а , уьш [Фир1авн бáхаман] вéрасаш бан а ,
6.цéран [ч1аг1барца] лаьттахь аьтто бан а , Фир1авннá а , Х1áмáннá а , цаьршиннан эскаршнá а цáрех [Исрáилан бéрех] гайтá а уьш шех ларлуш [кхоьруш] хилларг .
7.Оха Мусан нéнé [цуьнан дагчу] хьийхира [дагчу тесира] :»Вакхаве иза , ткъа хьо кхийрача цунна цхьаъ хиларх , х1орда чукхосса ахьа иза , [кхéра] ма кхéра , г1айг1á ма йе . Баккъалла а Оха хьоьга вухаверзор [вухалур] ву иза , гéланчех [элчанех] вийр ву иза».
8.[цо чукхоьссича] Фир1авнан ох1луно [хичуьра] схьаийцира иза [Муса] , шайна иза [т1аьхьа] мостаг1 а , г1айг1а а хила . Баккъалла а Фир1авн а , [цуьнан г1оьнча] Х1áмáн а , цаьршиннан эскарш а хат1е [къадеш] дара .
9.Фир1авнан зуьдчо элира :»Сунá а , хьунá а б1аьрган самукъа [хир] ду [иза , шá вайн б1аьрг бузуш] . Ма вé иза ! Вайна пайда бан герга [ма] ву иза , я вайна цуьнах доьзалхо вийра ву вай». Шаьш хууш бόцуш [цуьнан карах шаьш х1аллак хирг хилар] .
10.Мусан нéнан дог [иза вόцучух] дас делира . Баккъалла а иза герга яра [шегахь йолчу г1айг1анна] шá иза гучувáккха , Оха цуьнан дог [сόбарца] ч1аг1 ца динехьáра , иза [Аллах1ах] тéшачарех хилийтархьама .
11.Цо элира шен йише :»Тергал вéхьа [лахахь] иза !» Цуна гира [хаавелира] иза геннара [къайлаха] царна хууш дόцуш .
12.Оха дихкира цуна [шен нéнал] хьалха [кхин болу] вакхόраш [т1елáцар] . Цо [Мусан йишас] элира :»Асa шу т1енисдай шуна иза [вакхо] т1елόцур [дóладийр, кхόбур] болу ц1ийнан ох1лунна , шаьш цуьнга доггах хьовсур болуш ?»
13.Оха вухавелира иза шен нéнé , цуьнан б1аьрг [и гарца] самукъане [синтеме] хилийтархьамá а , цуьнга са ца гатдайтархьамá а , [иштта] цуна хаийтархьамá а , баккъалла а Аллах1ан ч1áг1о бакъхилар , делахь а цáрех [Делах цатешачáрех] дукхахболчаьрна ца хаа [и] .
14.Шен ч1áг1алле [кхиаре] кхаьчна , иза д1анисвелча [г1éметтах1оьттича] , Оха цуна делира хьéкъалаллá а , [х1ума] хаар [1илмá] а . Иштта , бéкхам бо Оха дикадечаьрна .
15.Шахьар чувеара иза , цуьнан ох1лу чидаме [тергаме] дόцучу хéна [лечкъина] . Цуна карийра цу чохь вовшех лéташ шиъ стаг ; х1ара [цхьаъ] цуьнан тόбанах [жуьгтий] ву , ткъа х1ара [шолг1аниг] цуьнан мостаг1ех [мисархо] ву . Шá цуьнан тόбанах волчо орцу дийхира цуьнга [Мусага] шен мостаг1ех волчунна дуьхьал . [т1аккха] Мусас цуна [буй] тоьхна вийра иза . Цо [Мусас] элира :»Х1ара [оьг1азлом] шайт1ан болх бу . Баккъалла а , иза билгала [нийсачу новкъах] тилавеш [вόхош] мостаг1 ма ду».
16.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а асa зулам ди-кх сайн дéг1ана , гечдéхьа суна !» Гечдира Цо цуна . Баккъалла а Иза гечдийриг , къинхетамениг ву .
17.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Ахьa суна динчу диканна [къинхетамна] со [хилнé а] хир ма вац [х1инцачул т1аьхьа] къадечаьрна [зуламхошна] г1оьнча».
18.[ч1ирах] Кхоьруш , [бéкхам] ларбеш [д1асхьахьоьжуш] 1уьренга вéлира иза . Ткъа шá цуьнга селхана г1одехнарг ву-кх [юхá а кхечунна дуьхьал] г1одоьхуш мохьбетташ цуьнга . Мусас цуьнга элира :»Баккъалла а хьо [стаг] билгала тилавелла [дакъазваьлла] ма ву».
19.Цуна [Мусана] шаьшшинан мостаг1 волчунна тόха лиъначу хéна , цо [вýкхо] элира :»Х1ай Муса ! Со [т1ехь] вен лаьа хьуна айхьа селхана [цхьа] стаг вéрах терра ? Хьуна-м ца лаьа лаьттахь къизаниг хилá а бен . Хьуна-м ца лаьа хьо дикачáрех хила».
20.Цхьа къόнах веара шахьаран йистера [чехкачу бόларца] хьаьдда [ведда] . Цо элира :»Х1ай Муса ! Баккъалла а [фир1авнан къόма] элий дагабуьйлуш бу хьан хьокъехь , шаьш хьо верхьама . Áравáлахь [шахьарара] ! Баккъалла а со хьуна [дика] хьéхамбечáрех [ма] ву».
21.Áравéлира иза цу [шахьар] чуьра [шá] кхоьруш , ларлуш [д1асхьахьоьжуш] . Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! К1елхьарваккхахь со зуламечу къόмах [нáхах]».
22.Шá Мадйана áг1орхьа [вирзина] д1аволавеллачу хéна цо элира :»Сан Дéла герга ву Шá со нийсачу новкъа вáккха».
23.Шá Мадйана [г1ýнан] хина [коьрта] т1е кхаьчча , цуна карийра цу [г1ýна йист] т1ехь [шайн хьайбанашна] хи мáлочу нéхан тόба , [иштта] цуна карийра [гира] царна лахόхьа [лаьтташ шаьшшин жа хих] д1акъехкош [сéцош йолу] ши зудá а . Цо [Мусас цаьршинга] элира :»Шуьшинна х1ун хилла ?» Цаьршимма элира :»Оха [жана] хи ца мала до [х1ара] 1уй [шайчаьрна малийна] бовллалц . Ткъа тхан дá [лéла ца луш] воккха стаг ву».
24.Цаьршина [жана] хи малийна , т1аккха 1индаг1е ваьлла цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а со , Ахьa сайна доссийначу [муьлххачу] дикане [кхáчанé] хьашт ву-кх».
25.Цаьршиннах цхьаъ т1ейеара цуна , [шá] ийзалуш [эхь хéташ] йόг1уш , цо элира :»Баккъалла а , сан дáс кхойкху хьо , ахьa тхан дуьхьа [уьстаг1ашна] хи малорна хьуна мах балархьама». Иза [воккха стаг] волчу веана , цо [Мусас] цуна [шен хьόлах лаьцна] дийцарш дийцача , цо элира :»Ма кхéра [парг1ат хила] хьо ! Зуламечу къόмах [нáхах] к1елхьарваьлла хьо».
26.Цаьршиннах цхьамма элира :»Х1ай сан дáда ! [жа дáжо] Балха эцахь иза , баккъалла а ахьa балха эцча тоьлуш [г1олий] верг онданиг , тéшамениг [хир ма] ву».
27.Цо [воккхачу стага] элира :»Баккъалла а суна лаьа , х1окху сан шина йо1ех цхьаъ хьоьга [мáре] яийта , барх1 шарахь ахьa суна болх бийриг . Ткъа ахьa итт дузийтахь [кхόчуш дахь] , [и] хьоьгара [лаамца хир] ду . Суна ца лаьа хьуна хало ян . Хьуна со карор [ма] ву — Дáла мукъалахь [Дáлла лаахь] – дикачáрех».
28.Цо [Мусас] элира :»И [ахьa делла дош] сунá а , хьунá а юккъехь ду . Цу шина хéнах муьлхханиг асa йаьккхича , суна т1ехь [сов хéнаца] гатто [хила йиш] яц . Аллах1 ву вай дуьйцучунна т1ехь теш [векал]».
29.Муса хан чекх яьккхина , шен доьзалца [Миср шахьара боьду] новкъаваьлча , цуна гира [хааелира геннара] Т1ýр [лáман] áг1орхьáра [серлонца йόгу] ц1е . Цо элира шен доьзалга :»Шу [кхузахь] совца , баккъалла а суна [цхьа] ц1е гина [хааелла] , со шуна цуьнах [долчу дикачу] хабарца , я ц1еран к1éгаца [хаьштигца] ван тарло , шу [шéлонах] дохдалийтархьама».
30.Иза цуна [ц1ерна] т1евеача , цуьнга кхайкхира беркатéчу меттигехь , боьран [тόг1ин] аьтту йистéра — диттах :»Х1ай Муса ! Баккъалла а [хьоьга вистхуьлуш волу] Со , Аллах1 ву Со , 1áламашин Дéла [волу] .
31.Хьан [куьйгара] 1áса охьакхосса !» Шена и [1áса] меттахахьуьйш гича , баккъалла а шá тéкхарг болуш санна , [цуьнах] букътоьхна д1аведира иза , юхá а ца воьрзуш . [т1аккха Дáла кхайкхира цуьнга] «Х1ай Муса ! Схьат1евόла , ма кхéра . Баккъалла а хьо маьршачáрех [ма] ву».
32.Хьан куьг хьан чéта долла , и áрадéра ду к1ай [делла , шéца цхьá] сиркхо йόцуш . Хьан т1ам хьайна т1ета1абе [куьг нéкха т1едилла , тéкхаргах болчу] кхéрамна [т1аккха и д1абер бу хьуна] . И шиъ [1áсá , куьг] хьан Дéлера [яийтина] шиъ билгало ю Фир1авнé а , цуьнан тόбанé [баьччанашкá] а . Баккъалла а уьш пéсакъ нах бара .
33.Цо [Мусас] элира :»Х1ай сан Дела ! Баккъалла а асa цáрех [цхьа] дег1 дийна , [цундела] со кхоьру цáра [шайна] со [гича] верна .
34.Сан ваша Х1áрýн — иза маттана соьл говза ву , соьца ваийтахь иза , шá со бакъвечу г1оьнца . Баккъалла а со кхоьру цáра [со] харцварна».
35.Цо [Дáла] элира :»Оха хьо ч1аг1вийр ву хьан вешийца , Оха шу шинна бийр бу [т1етовжа] бух [ницкъ] . Уьш т1екхόчур бац шу шинна [цхьанá вонца] . Шу шиъ а , шу шинна т1аьхьах1иттанарш а тоьлур бу [цаьрна т1ехь] Тхан билгалόнашца».
36.Тхан билгалчу билгалонашца [баххашца] шайна Муса веанчу хéна , цара элира :»Х1ара [ахьа деанарг] ма дац , [харц] кхоьллина бозбуанчалла бен , тхуна хезна ма дац и [ахьа тхо шéга кхойкхург] хьалхарчу [д1абаханчу] тхан [ворх1а] дайшкахь».
37.Мусас элира :»Сан Дéла т1ех дика хууш ву , Шена гергара [Шéгара] нийсонца веанарг мила вý а , [ялсаманин] х1усаман чаккхе [т1аьхье эхартахь] хьанна хир ю а . Баккъалла а зуламхой дéкъал хир [баккхибер] бац».
38.Фир1арна элира :»Х1ай [сан къόман] элий ! Суна вевзина [ма] вац шуна со вόцург [кхин цхьá] дéла . Х1ай Х1áмáн ! [ц1е] Латайе суна поппар т1ехь [цуьнах еттина кибарчигаш ярхьама , цáрех] б1ов [г1áла] йе суна ! Со Мусан Дéле хьажа тарло . Баккъалла а суна иза [хéта] ма хéта харцлуьйчáрех».
39.Куралла йира цό а , цуьнан эскарш а [Миср] лаьттахь [цхьá] бакъо а йόцуш , цáрна моьттира баккъалла а шаьш Тхоьга берзор бац .
40.Оха схьалéцира изá а , цуьнан эскарш а , [т1аккха] х1ордчу кхийсира Оха уьш . Хьажа муха хилла зуламхойн чаккхе .
41.Оха бира уьш [дуьненахь] шаьш [жоьжахатин] ц1ерга кхойкху тхьамданаш [баьччанаш] , къéматдийнахь цаьрна [цхьаммό] г1одийр дац .
42.Оха хилийтара цаьрна х1окху дуьненахь не1алт [сийсазло , ткъа] къéматдийнахь уьш эрчабаьхначáрех [гéнабаьхначáрех хир] бу .
43.[Дéлόра] Бакъдолуш Оха делира Мусага [Таврат] жайна , Тхаьш хьалхара чкъоьрнаш [къаьмнаш] х1аллакдинчул т1аьхьа , [шá] адамашна [цéран дегнашна нуьреш [серлόнаш] а , [бакъόне вуьгу] нийса некъ а , къинхетам а болу , царга [цуьнах] хьéхам эцийтархьама .
44.Хьо [Мухьаммад] вáцара [лóман] малхбузéнан áг1ор , Оха Мусáна т1е [элчан] болх билланчу хéнá а , [иштта] хьо вáцара цигахь хиллачарех а [и гинчáрех а и хаа] ,
45.Делахь а , баккъалла а Оха [Мусал т1аьхьа] кхиийра чкъоьрнаш [къаьмнаш] , яхйелира цаьрна т1ехь [шайна юккъехь элча вóцуш] хан , хьо вáцара Мадйанан ох1ланца вéхаш , цаьрна Тхан áяташ доьшуш . Делахь а , баккъалла а Тхо дара [хьоьга цéран хабарш довзийтанарш а , цаьрна элчанаш] хьажóраш [бохкуьйтурш] .
46.Хьо вáцара [Сийнáъ] лóман áг1ор , Оха [Мусага] кхайкхинчу хéна . Делахь а , [Оха ваийтана хьо] хьан Дéлéра [хьоьгá а , цаьрга а болчу] къинхетамна , хьоьга кхéрамтасийта , хьоьл хьалха шайна кхерамтасархо ца веанчу къóмана [нáхана] , цаьрга [цуьнах] хьéхам эцийтархьама .
47.Цаьрна т1е — шайн куьйгаш хьалхадаьккхинарг [динарг] бахьанехь -[1áзапан] та1зар деача , цáра эра дáцахьáра :»Ахьа тхуна элча ваийтанéхьáра , тхо Хьан áяташна т1аьхьах1уьттур ма дара , т1аккха тхо муъманáхах хир дара».
48.Ткъа шайна Тхуна гергара [Тхоьгара] бакъо еача , цáра элира :»Цуьнга [Мухьаммаде Дáла] деллехьáра [Шá] Мусага делларг саннарг [билгалонашха]». Ткъа цáра керстаналла ца дира ткъа [цул] хьалха Мусага деллачух ?! Цáра [ма] элира :»Вовшашна г1одина шиъ бозбуанчалла ду [х1арá а , важá а]». Цáра элира :»Баккъалла а Тхо [оцу] дерригéнах цатéша».
49.Ахь áла [цаьрга] :»Аша схьадá Аллах1ан гергара шá цаьршиннал а нийса [долун] жайна , т1аккха со т1аьхьах1уттур ву цуна . Шу [шайн áларехь] бакълуьйш делахь».
50.Цара хьуна жоп ца лахь , хьуна хаийла баккъалла а уьш шайн дéг1ан лаамашна [духахьáраллашна] т1аьхьабóзуш буйла . Мила ву ткъа [шá] сов тилавелларг , шен дéг1ан лаамна т1ахьаваьзначул а , [шегахь] Аллах1ера [еана] нийсо йóцуш ? Баккъалла а Аллах1а ца нисдо зуламе [керста] къам .
51.[Дéлóра] Бакъдолуш , Оха цаьрна [билгал дина] д1акхáчийра [нийса] дош . Цаьрга [цуьнах] хьéхам эцийтархьама .
52.Оха шайна цул [Къуръáнал] хьалха [Таврат] жайна делларш , уьш [цáрех цхьаберш] цуьнах [Къуръáнах] тéшаш бу .
53.Шайна и дешча , цáра элира :»Тхо тешна цуьнах . Баккъалла а и [Къуръáн] тхан Дéлера бакъдерг ду . Баккъалла а тхо цул [и доссале] хьалхá дара [Дéла цхьаъ веш] бусалбанаш».
54.Цаьрна лур ю шайн ял [мел] шалха [шозза] , [цаьрца 1амалйарехь] уьш сóбаре хиларна . Цара вóниг диканца духá а тýху , Оха шайна деллачу рицкъанах [закатна , сáг1ийна] харж а йо ,
55.шайна эрна [харц] дерг [вон бага еттар] хезча , [букъ тоьхна] цуьнах д1аберзе , цáра áлара :»Тхуна тхан 1амалш ю , шуна шун 1амалш ю . [тхан маттах] Маьрша ду шу . Сонтанахан [уьш бéзарца] т1е ца г1ерта тхо».
56.Баккъалла а ахьa ца нисво [шá] хьайна везнарг , амма баккъалла а Аллах1а нисво Шéна [нисвала] луург . Иза т1ех дика бевзаш ву нисбелларш .
57.Цáра элира [бехказбуьйлуш] :»Тхо хьоьца [ахь еанчу] нийсонна т1аьхьах1иттахь [тхайна гóнах болчáрех д1á а къаьстина , т1аккха цáра дукха чехка] тхан лаьттах [махках] дóхур [ма] ду тхо». Оха ч1аг1 ца бира [тов] цаьрна [вóчух бихкина болу] маьрша мохк , шéга д1агулдеш [лахьош] массó а х1уманан стоьмаш , Тхайгара [цаьрна] рицкъа дина ? Делахь а , цáрех дукхах болчаьрна ца хаа [Оха бóхург бакъ хилар].
58.Хийла юрт [ох1лу] х1аллак йина Оха , шен дáхарха [Дáлла хам ца беш] дозалла [куралла] дина йолу . Х1орш ю цéран х1усамаш , цáрел т1аьхьа цу чохь ца баьхна к1еззиг [зáманахь] бен .Тхо дара [цéран] вéрасаш .
59.Хьан Дéла ма вáцара ярташ х1аллак еш , цáрех коьртачу юьрта [цхьа] элча хьажаваллалц , шá цаьрна Тхан áяташ доьшуш . Тхо ма дáцара ярташ х1аллак еш , цéран ох1ла зуламе долуш бен .
60.Шуна [х1окху дуьненах] елла [массó а] х1ума , [и деккъа] дуьнéнан дáхаран зовкх а , цуьнан хазаллá а ю , [ткъа] Аллах1ана гергахь [шуна хир] дерг , [и] тоьлуш [г1óли] дерг а , [гуттар] бухдуьсур дерг а ду . Шу [цуьнах] ца кхéта ?
61.Оха шéна дикачу ч1áг1онца ч1áг1о йинарг , шá цуьнга кхóчур волуш , Оха шéга дуьнéнан дáхаран зовкх хьегийтанарг санна ву [ткъа] , цул т1аьхьа шá къематдийнахь [ жоьжахати] бáлóчáрех хир волу ?
62.Оцу [къемат] дийнахь Цо кхойкхур бу уьш Шá óлуш :»Мичхьá бу ашa Сан дéкъахой бу бóхуш [1ибадат деш] хилларш ?»
63.Шайна т1ехь [жоьжахати бахарца] дош хьакъ хиллачáра [сецначáра] элира :»Х1ай тхан Дéла ! Х1орш бу [уьш] оха шаьш [нийсачу новкъах] тилийнарш . Оха тилийра уьш [т1аккха уьш тилабелира] тхо ма-тиллара . Хьоьга [дерзарца] ц1андели тхо [цáрех] . Уьш бáцара тхуна 1ибадат деш».
64.[цаьрга] Элира :»Кхайкха шайн дéкъахой [ц1уйш шаьш 1áзапах хьалхадáхийта] !» [т1аккха] Цáра кхайкхара уьш , [амма] цáра жоп ца делира цаьрна . [т1аккха] Царна 1áзап гира . Баккъалла а уьш [дунéнахь] нислуш хиллехьáра [гур дáцара цаьрна и] .
65.Оцу [къемат] дийнахь Цо кхойкхур ду цаьрга :»Х1ун жоп делира ашa [шайна бахкийтанчу Тхан] гéланчашна ?»
66.Кéгаделира [хьулделира] цаьрна [шаьш к1елхьарабóхур долу] хабарш [жоьпаш] оцу [къемат] дийнахь , [цундéла] цáра вовшашка ца хоьтту [дала деза жоп] .
67.Амма шá [тóба дина] дохковаьлларг а , [Дéлах] тешнарг а , дика динарг а герга ву шá дéкъалчáрех [к1елхьарбоьвллачáрех] хила .
68.Хьан Дáла Шéна луург [кхоллá а] кхуллу , [харжá] а хоржу . Цéран ца хилла [цхьаннá а х1умангахь] харжам . Ц1ена ву [И] Аллах1 , лакхавели Иза цáра [Шéна] бечу дéкъахойх .
69.Хьан Дáлла хаа цéран кийранаша [дегнаша мостаг1аллех] хьулдийраг а , [меттанаша] гучудоккхург а .
70.Иза Аллах1 ву , [кхин] дéла вац Иза вóцург . Цунна [цхьанна] бу [массó а] хастам хьалхарчуьнгахь [дуьненахь] а , т1аьхьарчуьнгахь [эхартахь] а . Цуьнан [дóлахь] ю кхел . Цуьнга дерзор ду шу [эхартахь дерригé а] .
71.Ахь [цаьрга] áла :»Дийцийша соьга , [нагахь] Аллах1а шуна т1ехь къематде кхаччалц гуттар а буьйса хилийтача , [кхи] муьлха дéла ву Аллах1 вóцург , шá шуна [дийнан] серлонца вóг1ур верг ? Шуна [и] ца хеза тов [ашa ла ца дýг1у дуьйцучуьнга] ?»
72.Ахь [цаьрга] áла :»Дийцийша соьга , Аллах1а шуна т1ехь къематде кхаччалц гуттур а де хилийтача [дича] , [кхи] муьлха дéла ву Аллах1 вóцург , шá шуна буьйса лур ерг , шéна чохь ашa садо1уш [йолу] ? Шуна ца го тов [шаьш г1áлат хилар] ?»
73.Шéгарчу [шоьга болчу] къинхетамна Цо шуна хилийтана буьйсá а , де а , шоьга цу [буьйсан] чохь сада1ийтá а , [дийнахь] Шен комаьршаллах шоьга [рицкъа] лахийтá а . Шу [Цуна] баркалле хилийтархьама .
74.Оцу [къемат] дийнахь Цо кхойкхур бу уьш , Цó эра ду :»Мичхьá бу [уьш] ашa Сан дéкъахой бу бóхуш [шайна 1ибáдат деш] хилларш ?»
75.Х1ор умматах [къóмах цхьа] теш схьá а ваьккхина Оха [вýкхаьрга] элира :»Схьабá [шаьш Дáлла дéкъаховаран] шайн бух !» [т1аккха] Царна хиира баккъаллá а [óлаллин] хьакъ Аллах1ан дуй . Цáрех д1атилира цáра [харцóнех кхуллуш хилларг .
76.Баккъалла а Къáрун Мусан къóмах вара , [х1еттé а] г1ело [куралла] йира цо цаьрна . Оха еллера цуна хазнаш , баккъалла а шен дóг1анаш [дукхаллийна] нуьцкъалчу тóбаннá а дазлуш . Цуьнан [Дéлах тéшачу] къóмо цуьнга элира :»[хьайн бáхамех] Ваккхи ма ве ! Баккъалла а Аллах1ан ца бéза баккхибийраш [дозалладийраш]».
77.Ахьa лаха Аллах1а хьайна деллачуьнгахь [цуьнах сáг1а даларца] т1аьхьара [эхарт] х1усам ! Ахьa диц ма де [ма дита] дуьнéнах [магийна долу] хьайн дáкъа ! [нáхана] Дикаде Аллах1а хьайна дика ма-дарра ! Ма лéха лаьттахь бóхам [талхор] , баккъалла а Аллах1ан ца бéза [хьал] талхóраш .
78.Цо [Къáруна] элира :»Баккъалла а [Дáла] сýна делла и [даьхни] соьгарчу 1илманна [дуьхьал]». Цуна [Къáрунна] ца хиъна тов , баккъалла а Аллах1а х1аллаквар шел хьалхарчу умматашха ницкъехь цул ч1óг1а верг а , [бáхам] гулбарехь алсам верг а ? [жоп] Хоттур дац шайн къинойх [дукха] къадечаьрга [къинойн дукхаллийна] .
79.Áравéлира и [Къáрун] шен къóмана [хьалха] шен хазаллехь [кечваларехь] . Дуьнéнан дáхар [дукха] дезачáра элира :»Тхан [дóлахь] а делхьáра Къáрунна [дуьнéнахь] делларг санна [дáкъá] . Баккъалла а иза [дуьнéнах] доккха дáкъа долуш ма ву».
80.Шайна [Дáла] 1илма [хаар] деллачáра элира :»Дáла шаьш х1аллакдарш ! [дуьнéнахь цунна деллачул а эхартара] Аллах1ан ял [ялсамани] тоьлуш [дика] ма ю шá [Дéлах] тешначуннá а , дика динчуннá а . [амма] И [ялсамани] ца ло [диканна , вонна] сóбарéчаьрнá а бен . 81.Лаьтте [и чудóжарца] д1ахýдийтара Óха изá [Къáрун] а , цуьнан х1усам а . Аллах1ан [1áзапан] хьалхá шéна г1о дан [и духатóха] цхьá тóбá [г1éрá] а йáцара цуьнан . [шá] Вáцара иза [ шéна] г1одалучáрех .
82.Шаьш селхана цуьнан [санна] меттиг [дарж] лиънарш áла буьйлира :»Байтамал-я1 ! Баккъалла а Аллах1а Шен лайшха Шéна луучунна рицкъана шортó а йо , гаттó а йо . Баккъалла а Аллах1а вайна дика ца динéхьáра , [латтé] д1ахýдуьйтур дара Цо вай . Байтамал-я1 ! Баккъалла а дéкъал [ма] ца хуьлу [Дéлан зокхах] цатешарш».
83.И т1аьхьара [эхартан] х1усам [ялсамани] , Оха йийра ю и лаьттахь [зуламца] шайна лакхаллá а , [1éсаллийца] бóхам а ца луучарна . [дика] Чаккхе [т1аьхье Дéлах] кхоьручаьрна [хир] ю .
84.Шá [Дáлла дуьхьал] диканца веанарг [милла велахь] , цуна [бéкхамна] цул а [дуккхá] тоьлуш дерг [хир] ду . [ткъа] Шá вонца веанарг , шаьш вóнаш динчаьрна [Дáла] бéкхам ца бо цáра шá деш хилларг [санначуьнца] бен .
85.Баккъаллá а Шá Kъуръáн [нáхе д1акхáчор] хьуна т1едиллинчо хьо верзор ма ву [къематдийнан хьуна] воьрзийле . Ахь áла :»Сан Дáлла т1ех дика хаа нийсонца мила веанá а , мила ву иза [шá] билгалчу тиларехь верг а .
86.Хьо вáцара хьайга жайна [Kъуръáн] доссóре догдóхуш , делахь [и доссийра] хьан Дéлера [хьоьга болчу] къинхетамна . Хьо [хиланé а] ма хила [Дéлах] цатéшачаьрна г1оьнча .
87.Хьо цáра вухаматохийла Аллах1ан [Kъуръáнан] áятех , уьш [Цо] хьоьга диссийначул т1аьхьа . Кхайкха хьан Дéле . Хьо [хиланé а] ма хила [Дáлла] дéкъаховечáрех .
88.Ахьa ма кхайкха Аллах1аца кхин [цхьá] дéла . [кхин] Дéла вац И [Аллах1] вóцург . Массó а х1ума х1аллак хир [йолуш] ю Цуьнан юьхь йóцург [И вóцург] . Цуьнан [дóлахь] ю кхел , Цуьнга дерзор ду шу [къемат дийнахь] .