button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

29 — Сурат Аль1анкабýт

29 — Сурат Аль1анкабýт [Гезг] [Маккахь доьссина ‚ 69 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Алиф-лáм-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву цáрех Шéна луург] .
2.Нáхана моьттинéра [тов] шаьш [Дáла] ца зуьйш 1аддабуьтур бу , цáра :»Тхо [Дéлах] тешна» — áларна ?
3.[Дéлόра] Бакъдолуш , Оха [зен] ма зийра цáрел хьалхарнаш [а] . [Дéлόра] Аллах1ана [бовзанé а] бевзаш ма бу шаьш [и áларехь] бакълийнарш а , [Дéлόра] Цунна [бовзанé а] бевзаш ма бу [цу т1ехь] харцлуьйраш .
4.Я шаьш вόнаш дечáрна моьттинéра ткъа шаьш Тхоьх [Тхо г1όрасиз дина] хьалхабевра бу ? Ма вон хилла-кх цéран хьукма .
5.Шá Аллах1ан дуьхьалкхéтаре догдόхуш [сатуьйсуш] хилларг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1а [тоьхна 1όжаллин] хан [цунна т1е] йόг1ур [йолуш] ма ю . Иза хезарг , хуург ву .
6.Ткъа шá [дéг1аца , сица] джих1ад динарг [къахьегнарг милла велахь] , баккъаллá а цо къахьоьгу шен дéг1ана [дуьхьа] . Баккъалла а Аллах1 хьашт ма вац 1áламашка .
7.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , [Дéлόра] Оха цáрех шайн вόнаш д1ац1андийр ма ду , [Дéлόра] Оха цаьрна шаьш деш хиллачул тоьлла бéкхам бийр ма бу .
8.Оха весет дина адаме шен дéца-нéнаца дика хиларца . [амма] Цу шиммa хьо хьовзавахь [къахьегахь] хьоьга Соьца дéкъаховайта , хьан шéх [дерг] хаар дόцучуьнца , [т1аккха] цу шинна муьт1ахь ма хила хьо ! Соьга ду шун дерзар . [т1аккха] Ас шуна хоуьйтур [довзуьйтур] ду ашa деш хилларг .
9.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , [Дéлόра] Оха уьш [бахийтанé а] бохуьйтур ма бу дикачаьрна юкъа .
10.Адамех ву шá [багахь] όлург :»Тхо тешна Аллах1ах». Ткъа шá Аллах1ан новкъахь хьовзийча [зийча] , цо дира [лéрира] нéхан зер [шá кхéраваларна] Аллах1ан 1áзап [долуш] санна . [Дéлόра] Хьан Дéлера [хьуна] тόлам беача , цáра эра ма дара :»Баккъалла а тхо шоьца ма дара». Аллах1 вац ткъа т1ех дика хуург 1áламийн кийранашкахь [дегнашкахь] дерг ?!
11.[Дéлόра] Аллах1ана [бовзанé а] ма бевза шаьш [доггах Шех] тешнарш а , [Дéлόра] Цуна [бовзанé а] ма бевза мунéпикъаш а .
12.Шаьш [Дéлах] цатешначáра шаьш [Цуьнах] тешначаьрга элира :»Т1аьхьадáза [т1аьхьах1итта] тхан [динан] нéкъана , т1аккха оха [тхайн гихь] д1ахьýра ду шун [хирдолу] къинош . Уьш ма бац шайн къиношхá а [цхьá] х1ума [д1а] дахьалур долуш . Баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу [цу т1ехь] .
13.[Дéлόра] Цáра [дахьанé а] хьýра ма ду шайн [къинойн] маххьаш а , шайн маххьашца [кхин берш тилорна долу къинойн] маххьаш а . [Дéлόра] Цаьрга къематдийнахь [хаттанé а] хоттур ма ду цáра кхуллуш хиллачу хáрцόнах [жоп] .
14.[Дéлόра] Бакъдолуш , Оха Нухь [пайхамар] ма хьажийнéра шен къόме , т1аккха и лаьттира [1ийра] цаьрна юккъехь [уьш дине кхойкхуш] эзар шо хила шовзткъе итт шо т1еоьшуш [х1еттé а харцвира цáра иза] . Т1аккха уьш д1алéцира хи дистина дáро , уьш зуламхой болуш .
15.Оха к1елхьарваьккхира изá а , х1ордкемана т1ехь берш а . Оха дира и [х1ордкема] 1áламашна [ойла ян] билгало .
16.Ибрах1им а [хьажийнера Оха шен къоме] , цо элира шен къоме :»Аллах1ана 1ибáдат де , кхéра Цуьнах ! И шуна тоьлуш [дика] ду шу [г1όли дерг] хууш хиллехь».
17.Баккъалла а , Аллах1 [1адда] витана ц1уйшна 1ибáдат а до аша , [Цунна т1ехь] харцо а кхуллу . Баккъалла а аш Аллах1 [1адда] витана шайна 1ибáдат дийраш , цéран дόлахь [ницкъехь] дац шуна [дала] рицкъа . Аша лаха рицкъа Аллах1ан гергахь , 1ибáдат а де Цунна , баркаллá а áла Цунна . Цуьнга дерзор [долуш] ду шу .
18.[ткъа] Аша [х1ара] харцдахь , бакъдолуш шул хьалхарчу умматаш [къаьмнаш] а харцдина [шайна деанарг] . Элчанна т1ехь ма дац , билгала [долу дин] д1акхайкхор бен .
19.Царна ца гина [тов] , Аллах1а кхоллар мýха дόладо ? Цул т1ахьа и юхакхуллу Цо . Баккъалла а и áтта ду Аллах1ана .
20.Ахь áла :»Лаьттахула дуьйлáлой шу хьовса мýха дόлийна Цо [дуьххьарлéра] кхоллар . Цул т1аьхьа Аллах1а [юха] кхуллу т1аьхьара кхоллар . Баккъаллá а Аллах1 массό а х1уманна т1ехь ницкъкхόчуш ву .
21.Шéна луучунна 1áзап до Цо , Шéна луучух къинхетам бо . Цуьнга карчор [дерзор] ду шу .
22.Шу [ма] дац [Дéла] г1όрасиз вийра долуш лаьттахь а , стиглахь а . Шун [ма] вац Аллах1 вόцург [кхин цхьá] вéрас а , г1оьнчá а».
23.Шаьш Аллах1ан áятех а , [дендина] Цунна дуьхьалкхетарх а цатешнарш — уьш Сан къинхетамах догдиллинарш бу . Уьш — цаьрна лазош [долу] 1áзап [хир] ду .
24.Цуьнан [Ибрах1иман] къόман жоп [ма] дáцара , цáра áлар дόцург :»Ве иза , я [ц1ергахь] вáгаве иза». Аллах1а к1елхьарваьккхара иза ц1ерах . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалόнаш ма ю [Дéлах] тéшачу къόмана [нáхана] .
25.Цо [Ибрах1има] элира :»Баккъалла а аша дуьнéнан дáхарехь лийцира [1ибáдатна] ц1уйш , Аллах1 [1адда] витина , шайна юккъерчу марзонна , цул т1аьхьа къематдийнахь шоьх цхьаболчáра вуйш [инкарло ярца] д1атосур бу , шоьх цхьаболчáра вýкхаьрна не1алт эра ду . Шун доьрзийла [жоьжахатан] ц1е ю . Шун [ма] бац г1оьнчий».
26.Цуьнах [Ибрах1им пайхамар хиларх] тийшира Лýт1 . Цо элира :»Баккъалла а со [сайн къам а дитина] сайн Дéле кхелха . Баккъалла а И ву Иза сийлахьниг [нуьцкъалниг] , хьéкъалаллéниг».
27.[Исма1илна т1аьхьа] Оха цунна [Ибрах1имна] велира Исхьáкъ а , Я1къýб а . Оха дира [хилийтара] пайхамараллá а , жайнá а цуьнан т1аьхьéнгахь . Оха цунна елира шен ял [мел] дуьнéнахь , баккъалла а иза эхартахь дикачáрех [хир] ма ву .
28.Лýт1 а [хьажийнера Оха шен къоме] , цо шен къоме элира :»Баккъалла а аша ц1арматниг [дáстамéниг] ма [лéла] до , шéца Iáламашха цхьá а шул хьалха ца ваьлла долу .
29.Баккъалла а шу [мýха] дόг1у ткъа бόжаршна [зударшца санна эвхьаза] , [д1асхьавоьдучуьнан] некъ [х1унда] хéдабо аша [ц1арматчуьнца] , шайн пхьоьханехь дáстамéниг [стенна] до аша ? Цéран жоп ма дáцара цáра [цабéшаш] áлар дόцург :»Дáладе тхуна Аллах1ан 1áзап , хьо бакълуьйчáрех велахь !»
30.Цо [Лýт1а] элира :»Х1ай сан Дéла ! Г1одéхьа суна телхинчу [1éсачу] къόмана [нáхана] т1ехь».
31.Тхан гéланчаш [малийкаш хазчу] кхаъца Ибрах1им волчу даьхкинчу хéна , цáра элира :»Баккъалла а оха х1окху юьртан ох1лу х1аллакдийр [долуш] ду . Баккъалла а цуьнан ох1лу зуламе [1éса] дара».
32.Цо [Ибрах1има] элира :»Баккъалла а цу [юьрта] чохь Лут1 [ма] ву [ткъа]». Цáра элира :»Тхо т1ех дика хууш ду цу чохь болчáрех [дерг] . [Дéлόра] Оха [вáккханé а] к1елхьарвоккхур ма ву изá а , цуьнан доьзал а , цуьнан зуда йόцург , [х1аллак хила] буха бисанчáрех яра иза».
33.Тхан гéланчаш Лýт1 волчу баьхкича цáрна г1айг1анé хилира иза , гаттвелира [шá] цаьрна [х1ун дийра ду цахууш] . Цара элира :»Хьо [кхéра] ма кхéра [вόха ма вόха] , г1айг1ане ма вόжа . Баккъалла а оха к1елхьарвоккхур ву хьό а , хьан доьзал а , хьан зуда йόцург , [1áзапна] буха бисанчáрех яра иза .
34.Баккъалла а оха доссор ду х1окху юьрта ох1лунна т1е стиглара [дόг1у т1улге] 1áзап , уьш пéсакъ [1éса] хиларна .
35.[Дéлόра] Бакъдолуш Оха [йита] ма йитна цуьнах [юьртах] гуш [б1аьрла] билгало хьéкъалéчу къόмана [нáхана] .
36.Мадйане а [хьажийнера Оха] цéран ваша — Шу1айб . Цо цаьрга элира :»Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибáдат де , т1аьхьарчу [эхарт] дийне догдáха [кхéра цуьнах] , ма лéла лаьттахула бόхамаш беш !»
37.[амма] Харцвира цáра иза . Д1алéцира уьш [ч1όг1а лáтта] дéгаро , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна .
38.[Х1ýдан къам] 1áдаш а , [Сáлихьан къам] Самýдаш а [х1аллак бира Оха] , бакъдолуш шуна билгалдéлира [и] цéран х1усамех [хиллачуьнца] , шайт1ано хазйинера цаьрна шайн 1амалш , цо юхатуьйхира уьш [Делан] новкъах , уьш тидаме болушехь .
39.Къáрýн а , Фир1авн а , Х1áмáн а [х1аллак вира Оха] . [Дéлόра] Бакъдолуш Мýсá ма веара цаьрна билгалόнашца , [амма] цáра куралла йира лаьттахь , уьш бáцара [Тхан 1áзапах] хьалхабевра болуш .
40.[цáрех] Х1ор [уммат] а лéцира Оха шен къаца . Ткъа цáрех Оха шéна т1е [т1улги] дарц [мох] хьажийнарг ду , [иштта] цáрех шá ц1ог1ано [маьхьаро] лаьцнарг ду , цáрех ду шá лаьтто хьулдинарг а , цáрех ду шá хибуха дахийтанарг а . Аллах1 вáцара цаьрна зуламдийра долуш , делахь а уьш [шаьш а] бара шайн дог1машна зуламе .
41.Аллах1 [1адда] витина шаьш [кхинберш] вéрасаш лецначéран масал , [шéна мáша боьзна] ц1а динчу гезгах тера ду . [ткъа] Баккъалла а ц1éношха уггар ледарниг гезган [мáшан] ц1а ду , уьш хиллехь [и] хууш .
42.Баккъалла а Аллах1ана хаа [девза] Шá [1адда] витина цáра кхойкху [и] х1ума . Иза сийлахь [нуьцкъал] , хьéкъалаллé ву .
43.И масалш — Оха нáхана дáладо уьш . [амма] Цáрех ца кхéта хуурш [1éламнах] бен .
44.Аллах1а кхоьллина стигланаш а , лáтта а бакъонца [эрна дόцуш] . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгало ма ю муъманáхана .
45.Дéша [Дáла] жайнах хьайна дагехьехнарг [доссийнарг] , лáмаз [х1отта] де . Баккъалла а лáмазо юхатуху дáстамéчух [боьхачух] а , магош дόцучух а . Аллах1 хьахор [кхин долчул] вуно доккха ду . Аллах1 аша дийриг хууш ву .
46.Аша ма къийса жайнан ох1лунца , уггар тоьлуш [г1оли] долчуьнца бен , цáрех шаьш зуламдинарш бόцурш [ткъа цаьрца дов лéло мегар ду] . Аша [цаьрга] áла :»Тхо тешна тхоьга доссийначух а , шоьга доссийначух а . Тхан Дéлá а , шун Дéлá а цхьаъ ву , тхо Цунна муьт1ахь ду».
47.Иштта [цаьрга санна] хьоьга а доссийра Óха жайна . Оха шайга [хьалха] жайна делларш цуьнах [Къуръáнах] тéшаш бу . Х1окхáрех а ву шá цуьнах тéшарг , [ткъа] Тхан билгалόнашна дуьхьал ца хуьлу керстанаш бен .
48.Хьо вáцара цул [Къуръáнал] хьалха [цхьá] жайна доьшуш а , [вáцара] хьайн аьттучуьнца и яздеш а , [хьо доьшуш , яздеш хиллехь] т1аккха шекбевра бара харцондай [сонтанах] .
49.Мелхό а , и [Къуръáн] — билгала [долу] áяташ ду , шайна хаар [1илма] деллачéран кийранаш [дегнаш] чохь [лардина долу] . [ткъа] Тхан áяташна дуьхьал ца хуьлу зуламхой бен .
50.Цара [керстанаша] элира :»Цунна т1е йиссийнéхьáра шен Дéлера билгалόнаш !» Ахь [цаьрга] áла :»Баккъалла а билгалόнаш , Аллах1ан гергахь ю , [ткъа] со баккъалла а билгала [волу] кхерамтосург [д1ахьéдийриг] ву».
51.Царна цатоьу [тов] , баккъалла а Оха хьуна т1е жайна доссадар , шá цаьрна [цахéдаш] доьшуш долу ? Баккъалла а цу [Къуръáн] чохь къинхетам а , хьéхам а ма бу [Дéлах] тéшачу къόмана [нáхана] .
52.Ахь áла :»Аллах1 тоьур ву сунá а , шунá а юккъехь теш . Цуна хаа [девза] шá стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Шаьш харцόнах а тешна , Аллах1ах цатешнарш , уьш бу уьш эшнарш».
53.Цáра хьо сихво 1áзапца [вáрца] . [цуьнан] Ц1етоьхна [йиллана] хан йáцахьáра , цаьрна [и] 1áзап [сихха] деана хир ма дара . [Дéлόра] И [дáннé а] дόг1ур [долуш] ма ду цаьрна ц1еххьана , царна [шá дόг1у хан] хаá [туосá] ца луш .
54.Цара хьо сихво 1áзапца , [амма] баккъалла а жоьжахати керстаний гуо лόцур болуш ма ю .
55.1áзапо шайн т1ехулá а , шайн когаш к1еларá а уьш хьулбечу дийнахь , Цό [цаьрга] эра ду :»1овша-аш шаьш деш хилларг .
56.Х1ай шаьш [Соьх] тешна [болу] Сан лайш ! Баккъалла а Сан лáтта шуьйра [доккха] ду [шуна] , Суна [цхьанна] дé 1ибáдат !»
57.Х1óр сино 1овшур [долуш] ду валар , т1аккха Тхоьга дерзор ду шу .
58.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а [Дéлόра] Оха [биссабанé а] биссор [бáха ховшор] ма бу уьш ялсаманийн чоьнашка , шайна к1елахула тáтόлаш лéлаш йолу , [шаьш] гуттареннá а цу чохь [1ийр] болуш . Ма-хаза [дика] ю-кх къахьоьгучéран [хир йолу] ял ,
59.шаьш [халонна] сатоьхна , шайн Дáлла т1етовжуш [хилла] болу .
60.Хийла дийнат ду шен рицкъа шá ца дохьуш [ца лохуш] , Аллах1 ву цунá а , шунá а рицкъа луш [верг] . Иза хезарг , хуург ву .
61.[Дéлόра] Ахьa цаьрга хаьттича :»Хьá кхоьллина стигланаш а , лáттá а , [хьá] муьт1ахьбина [шуна] малх а , бутт а ?» Цáра [áлнé а] эра ма дара :»Аллах1а [дина и дерриге а]». Ткъа муха [хьá] 1éхабо [д1ахьовзабо] уьш [Иза цхьаъварха] ?
62.Аллах1а Шен лайшха Шéна луучунна рицкъана шортό а йо , цуна [гатто йой] к1еззиг а до [и] . Баккъалла а Аллах1 массό а х1ума хууш ву .
63.[Дéлόра] Ахьa цаьрга хаьттича :»Мила ву стиглара [дог1ан] хи доссийна , цуьнца [шá] латта дендинарг и [дакъа] деллачул т1аьхьа ?» Цáра [áлнé а] эра ма дара :»Аллах1 [ву]». Ахь [цаьрга] áла :»Хастам бу Аллах1ана». Мелхό [х1еттé] а , цáрех дукхахберш кхéташ [ойлаеш] бац .
64.Х1ара дуьнéнан дáхар [ма] дац , синкъéрам а , ловзар а бен . [ткъа] Баккъалла а т1аьхьара х1усам , и ма ю [дáхарна] юьсур ерг . Уьш хууш белахь .
65.Шаьш х1ордакемана т1е хевшича , Аллах1е кхайкхира цáра , [шайн] дин доггах Цуна [ц1ан] дина . Ткъа шаьш Цо лаьтта т1е к1елхьар баьхча , [сихха] цáра [Цунна] дéкъахо во .
66.Оха [диканах] шайна деллачуьнан хама ца бархьамá а , [дéкъахо варца] зовкх хьéгархьамá а . [т1аьхьа] Царна хуур [гур] ю [цуьнан чаккхе] .
67.Царна ца гина [ца хиъна] , баккъалла а Оха [шайн шахьар вόчух] йихкина [ларйина] , маьрша [кхерамза] яр , царна гόнахара [шахьаршкара] нáх идош [бойъуш , д1абуьгуш] болуш ? Ткъа харцόнах [ц1уйх] тéша уьш , Аллах1ан зовкхах [диканах] цатéшаш ?
68.Мила ву [ткъа] т1ех зуламе , Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллинчул а , я бакъо харцйинчул а , и шéна еанчу хéнахь ? Жоьжахатахь яц тов [Дéлах] цатéшачаьрна боьрзийла [1ойла] ?
69.Шаьш Тхан [дин] дуьхьа [дог1машца , синошца] джих1ад динарш [къахьегнарш] , [Дéлόра] Оха уьш [баннé а] нисбийр ма бу Тхан нéкъашка . Баккъалла а Аллах1 , дикадечарца ма ву .

Comments are closed.