button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

30 — Сурат Аррýм

30 — Сýрат Аррýм [Рýмой] [Маккахь доьссина‚ 60 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Алиф-лáм-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву цáрех Шéна луург] .
2.[г1áжарόша] Рýмой эшийра
3.[шайна] юххерчу [уллерчу] лаьттахь . [амма] Уьш [рýмаш] шайн эшарал т1аьхьа тоьлар болуш бу [г1áжарошна т1ехь] 4.масийтта [масех] шо даьлча . Аллах1ан [дόлахь] ду омар [цул] хьалхá а , т1аьхьá а . Оцу дийнахь [хазахетта] баккхибийра [г1адг1ýра] бу муъманах .
5.Аллах1ан г1оьнца . Цо г1о до [тόлам ло] Шéна луучунна . Иза нуьцкъал , къинхетаме ву .
6.Аллах1ан ч1áг1о ю [и] . [ткъа] Аллах1а йόха ца йо Шен ч1áг1о . Делахь а , дукхахболчу нáхана ца хаа [и] .
7.Цáрна хаа [девза] дуьнéнан дáхарах гушдерг [т1оьхулдерг] . Уьш эхартах шаьш чидам [тергам] бόцуш [нáх] бу .
8.Ойла ца йина цáра шайн дог1машкахь ? Аллах1а ца кхоьллина стигланаш , латтá , цаьршинна юккъехь [мел] дерг бакъонцá а , ц1етоьхначу хáннá а бен . Баккъалла а адамашха дуккхá а , шайн Дáлла [шаьш] дуьхьалкхéтарх [дуьхьалх1иттарх] тéшаш ма бац .
9.Уьш ца лелла тов лаьттахула , т1аккха шаьш хьовса [цéран ларашка , хьавсича шайна га] муха хилла шайл хьалхарчéран чаккхе [бéкхам] ? Уьш [ма] бара ницкъехь цáрел вуно ч1όг1а [онда] . Лáтта лелийра цáра , вуьйш бéхира цу т1ехь уьш [х1орш] баьхначул а дукха . Царна баьхкира шайн элчанаш билгалόнашца . Аллах1 ма вáцара царна зулам дийр долуш , амма уьш [шаьш] бара шайн дог1машна зуламдеш .
10.Т1аккха шаьш вон динчéран чаккхе [цул доккха] вон [бéкхам] хилира , цáра Аллах1ан áяташ харцдарнá а , уьш цáрех кхаьрдаш [ца бéшаш] хиларнá а .
11.Аллáх1а дyόладо [адам] кхоллар , т1аккха и [адам делча] юхакхуллу . Цул т1аьхьа Цуьнга дерзор ду шу .
12.[къематдийнан] Сахьт х1уттучу дийнахь [саб1арзлой дог эшна д1асовцу] догдуьллу къадечáра [керстанаша] .
13.Ца хилира цаьрна [къéматдийнахь] шайн декъахойх [шафá1атца] т1ех1уьттурш . Уьш хилира шайн декъахойх [вовшех] цатéшаш [д1акъесташ] .
14.[ткъа къематдийнан] Сахьт х1уттучу дийнахь — цу дийнахь [вовшех] д1асхьакъаьстар бу уьш [бусулбá а , керстá а] .
15.Амма шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а — уьш [ялсаманин] бешахь [тáм хилла] г1адбохуьйтур [бакххибоьйтур] бу .
16.Амма шаьш [Дéлах] цатешнарш а , Тхан áяташ , эхарт дуьхьалкхéтар харцдинарш а — уьш 1áзапе бáлор бу .
17.Аллах1ана теспахь де [лáмаз де] шаьш суьйренга девлачá а , шаьш 1уьйренга девлачá а ,
18.Цунна бу хастам стигланашкахь а , лаьттахь а , сарахь а , шу делкъенга девлачá а .
19.Еллачух дийнаниг а схьайоккху Цо , дийначух елларг а схьайоккху Цо , латтá а дендо Цо [соьналлийца] и [дакъа] деллачул т1аьхьа . Иштта шý а áрадόхур ду [Цо кешнашкара] .
20.Цуьнан [сийлаллин] билгалόнашех ду — Цо шу [шун дá Áдам] лаьттах кхоллар , т1аккха шу [садолу] адам [а хиле] д1асхьадаьржа [д1алéла] .
21.[иштта] Цуьнан билгалόнашех ду — Цо шун дог1мех [шоьх шайха] шуна зударий кхоллар а , цáрех шуна синтем хилийтархьама , шуна юккъехь марзо [бéзам] а , къинхетам а бина . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалόнаш ма ю ойлаечу къόмана [нáхана] .
22.[иштта] Цуьнан билгалόнашех ду — стигланаш , латтá кхоллар а , шун [буьйцу] меттанаш а , шун беснаш а тайп-тайпана [башха] хилар а . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалόнаш ма ю [массό а] 1áламашна .
23.[иштта] Цуьнан билгалόнашех ду — буьйсаннá а , дийнахь а [аш еш йолу] шун наб а , [дийнахь] Цуьнан комаьршаллах ашa [дуьнé] лахар а . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалόнаш ма ю [ойланца] ладýг1учу къόмана [нáхана] .
24.[иштта] Цуьнан билгалόнашех ду — Цό шуна стéлахаьштиг [ткъес] гайтар а [шу цуьнах] кхéрийтархьамá а , [шоьга дог1ане] сатийсийтархьамá [догдáхийтархьама] а , стиглара [дог1ан] хи доссор а , шéца лáтта Шá дендеш цуьнан [дакъа] даларал т1аьхьа . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалόнаш ма ю хьéкъалечу къόмана [нáхана] .
25.[иштта] Цуьнан билгалόнашех ду — Цуьнан омaрца стигал а , латтá а [г1ортор йόцуш] х1оттар [1ар] , цул т1аьхьа Цо шу [Исрáпило] кхайкхича лаьттарчу кхайкхамца , т1аккха шу [сихонца] áрадевра ду [кешнашкара] .
26.Цуьнан [όлаллин к1елахь] ву стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] верг . Массό а Цунна муьт1ахь [хьаставелла] ву .
27.Иза ву Шá [адам] кхоллар дyόлориг а , т1аккха и [адам д1атилча] юхакхуллург а . Иза вуно áтта ду Цунна . Цунна ду [Шá цхьаъ хиларехь] лаккхара масал стигланашкахь а , лаьттахь а . Иза сийлахь [нуьцкъал] , хьéкъалалле ву .
28.Шуна [Шéна декъахой бинчаьрна] шайх масал дáлийна [дина] Цо . Шун буй ткъа шун аьттучáра дόладинчáрех [г1арбашех , лайшех] Оха шуна [дуьнéнах] деллачуьнгахь дéкъахой , шу цуьнгахь [рицкъангахь] цхьанийссá а долуш , цáрех кхоьруш шайн дог1мех [шаьш санна чáрех] шаьш кхéрарх терра ?! Иштта билгалдо Оха [Тхан] áяташ хьéкъалéчу [ойлаечу] къόмана [нáхана] .
29.Мелхό а , шаьш [шайна] зуламдинарш т1аьхьах1иттара шайн [дог1мийн] лаамашна [шайгахь цхьá] хаар [1илмá] а дόцуш . Ткъа хьá нисвийра ву Аллах1а шá тилийнарг ?! Цéран бац [шаьш 1áзапех хьалхадáха] г1оьнчий .
30.[доггах] Хьан юьхь ерзае [бусулба] дин т1е тевжина [нисвелла] волуш ! Аллах1ан кхоллам бу [и бакъоне тийжар] , шá Цό адамаш шéна т1ехь кхоьллина болу . [цхьа] Хийцар [хила йиш йόлуш] дац Аллах1ан кхолларна [динна] . Иза нийса [бакъ] дин ду , делахь а адамех дукхах болчаьрна ца хаа [ца девза и Дéла цхьаъ вар] .
31.[дохкодовларца] Цунна т1едоьрзуш , кхéра [ларло] Цуьнах , лáмаз [х1отта] де , шу ма хила [Цунна] дéкъаховечáрех ,
32.шайн дин декъна , тόбанаш хиллачáрех . Х1ор тόбá а шéгахь долчух йоккхаеш ю .
33.Адамех [цхьа] зен хьакхаделча , [доггах] шайн Дéле [хьасталой] кхойкху цáра [дохкобовларца шаьш] Цунна т1ебирзина , т1аккха Цо шайга Шéгара къинхéтам 1овшийтача , цáрех цхьаболчáра шайн Дéлаца [кхин] дéкъахово .
34.Оха шайна деллачух цатешархьама . Зовкх хьéга-аш , т1аьхьа хуур ду шуна !
35.[я] Оха цаьрна т1е [цхьа] бух боссийна [тов] , [т1аккха] и [тéшалла дарца] бистхуьлуш цáра шéца декъаховеш хиллачуьнца ?!
36.Оха адамашка [Тхан] къинхетам 1овшийтача , [хазахетта] баккхибийра уьш цуьнах . Ткъа шайна [т1е цхьа] вон деача шайн куьйгаш динчунна [дуьхьал] , т1аккха уьш [къинхéтамах] догдуьллуш [саб1арзадόлуш] бу .
37.Цáрна ца гина [ца хиъна] тов , баккъалла а Аллах1а Шéна луучунна рицкъан шортόяр а , [Шéна луучунна] гаттόяр а . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгалόнаш ма ю [Дéлах] тéшачу къόмана [нáхана] .
38.Д1ало шен хьакъ гергарчуннá а , мискачуннá а , некъахόчуннá а ! И тоьлуш [г1όли] ду шайна Аллах1ан юьхь [гар] луучаьрна . Уьш бу уьш дéкъалберш .
39.Аша шá ял [процент] яккхархьама делларг , нéхан бáхамашкахь и совдáлийтархьама [дéбийтархьама] , Аллах1ан гергахь совцадόлу и . Аша ша закатна [сáг1ийна] делларг , Аллах1ан юьхь [доьхьа] лууш , уьш бу уьш [мéла хиларехь] шалха совбуьйлурш .
40.Аллах1 ву Шá шу кхоьллинарг , т1аккха шуна рицкъа делларг , цул т1аьхьа шу кхалхόриг , т1аккха шу дендийриг . Шун декъахойх вуй цуьнах [цхьа] х1ума [мукъане] шá дийриг ?! Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цáра [Шéца] дéкъаховечух .
41.Талхар гучудаьлла [даьржина] лаьттахь а , хин т1ехь а [массанхьá а] нéхан куьйгаш [къинойшха гул] динчунна , шá цаьрга 1овшийтархьама цáра динчух цхьадерг , уьш [нийсачу новкъа] юхаберза тарло .
42.Ахь [цаьрга] áла :»Лéла лаьттахула , хьовса муха хилла [шоьл] хьалхарчéран чаккхе [бéкхам] ! Цáрех дукхахберш [Дáлла] дéкъаховеш бара .
43.Ерзае хьан юьхь нийсачу [ислам] дине , Аллах1ера шен духатόхар [шá цхьаммо а сацор] дόцу [къемат] де [т1е] дáле [хьалха] ! Оцу дийнахь д1асхьакъаьстар [д1асхьабекъалур] бу уьш .
44.Шá [Дéлах] цатешнарг [милла велахь] , цунна [хир] ду шен цатéшар [та1зар] . [ткъа] Шá дика динарг [милла велахь] , шайн дог1машна [ялсамани дáкъа] кечдо цáра .
45.Шá [д1а] дéкхархьама шаьш [Дéлах] тешначаьрнá а , диканаш динчаьрнá а Шен комаьршаллах [ял яларца] . Баккъалла а Иза , керстанаш бéзаш вац .
46.Цуьнан билгалόнашха ду , Цо [дог1анца] мехаш дáхкийтар [шуна] кхаъбаккхийтá а , Шен къинхéтамах шоьга чáмбаккхийтá а , Шен омарца х1ордкеманаш лéлийтá а , [иштта] Шен комаьршаллах шоьга [рицкъа] лахийтá а . Т1аккха аш баркалла áла тарло .
47.[Дéлόра] Бакъдолуш Оха хьоьл хьалхá а ма хьовсийра элчанаш шайн къоме , уьш баьхкира цаьрга билгалонашца [х1етте а цáра харцбира уьш] , т1аккха Оха [х1аллак барца] ч1ир ийцира шаьш къадинчаьргара [зуламхошкара] . Тхуна т1ехь дéкхар ду муъманáхана [тόламца] г1о дар .
48.Аллах1 ву Шá мехаш дохкуьйтург , т1аккха цáра [стиглара] марха лоллу . Цо йаржайо и [марха] стиглахь Шéна ма-лаъара [бáрамехь] . Цо йо и [марха] кескаш [дáкъош] , хьуна го цу юккъера дог1а áрадόлуш . Т1аккха Цо и [дог1а] Шен лайшха Шéна луучунна даийтача , [хазахетна] кхаьънаш дόху цáра ,
49.шаьш хиллехь а , шайна и даийтале — цул хьалха [и дáрах] догдиллина [саб1аьрза] .
50.Хьо хьажа Аллах1ан къинхетаман ларашка , Цо муха дендо латта цуьнан [дакъа] даларал т1аьхьа ! Баккъалла а И [лáтта дендийриг] , белларш денбийриг ма ву . Иза ву массό а х1уманна т1ехь ницкъкхόчург .
51.[Дéлόра] Оха [όраматна зене] мох а бахийтина , цáрна и мажделла гича , цул т1аьхьа а цатéшаш [дог1ан пусар дόцуш] лаьттар [1ийр] ма бара уьш .
52.Баккъалла а , хьуна [нийсадерг] хазийталур дац беллачаьрна , хьуна хазийталур бац къорачаьрна [динан] кхайкхам а , уьш [цуьнах] букътоьхна [д1абирзана] д1абевдача ,
53.Хьо [ма] вац , б1аьрзéнаш шайн тиларх [бакъоне] нисбийр болуш . Хьуна хазийталур дац Тхан áяташха тéшачуннá а бен , уьш бу бусулбанаш .
54.Аллах1 ву Шá шу [шун дог1маш] эг1азаллах [г1ийла] кхоьллинарг , т1аккха эг1азаллан т1аьхьа [шоьгахь] г1όра дина Цо , т1аккха г1όран т1аьхьа [шоьгахь юхá а] эг1азаллá [г1ийлалла] а , къеждалар а дина Цо . Шéна луург кхуллу Цо . Иза хуург , ницкъберг ву .
55.[къематдийнан] Сахьт х1уттучу дийнахь къадечáра [зуламхόша] дуй буу , шаьш [кешнашкахь] лаьттина ма дац [цхьана] сахьтехь бен [аьлла] . Иштта [дуьненахь болуш а] лéбеш [бакъόнах д1ахьовзош] хиллера уьш .
56.Шайна [Дáла] 1илма [хаар] а , ийман а деллачáра элира :»[Дéлόра] Бакъдолуш , шу [лáтта] ма лаьттира Аллах1ан [лайн 1амалаш д1аязйечу] жайнахь [шаьш кхоьлличхьáна] г1овтторан дийнналц . Х1ара ду [адамаш шайн кешнашчуьра] г1овттόран де , делахь а шу [дуьненахь долуш] ца хууш дара [и де дόг1ург хилар]».
57.Ткъа оцу [къемат] дийнахь , шаьш зуламдинчаьрна [шаьш динчух] цéран бехказбовларо пайдá бийр бац , [я] цаьрга дохкобовлар [Дéла рéза вечуьнга берзар] доьхур дац .
58.[Дéлόра] Бакъдолуш , Оха дáла ма дира нáхана [уьш бакъонна т1екхиийта] х1окху Kъуръáнчохь массό а [кéпарчу] масалха [масалш] . [Дéлόра] Ахьa цаьрна [цхьа] билгало ялийча , шаьш [Дéлах] цатешначáра эра ма дара :»Шу [ма] дац харцондай [харцлуьйраш] бен».
59.Иштта [цаьрна санна] , Аллах1а мух1ар тýху [шайга деанчуьнан чулáцам] цахуучéран дегнаш т1е .
60.Сатόха [сόбаре хила] , баккъалла а Аллах1ан [г1оьнан] ч1áг1о бакъ ю [хьуна] . Хьо [вáккханé а динах] галмавоккхийла шаьш доггах [билггала] цатéшачáра .

Leave a Reply