|
АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Шу ялсаманина гергадуьгуш долу а, жоьжахатина генадохуш долу а цхьа хIума шуна билгалданза дисина ма дац». «مَا بَقِيَ شَيْءٌ يُقَرِّبُ مِنَ الْجَنَّةِ، ويُبَاعِدُ مِنَ النَّارِ، إِلَّا وَقَدْ بُيِّنَ لَكُمْ». ас-Силсилатус-СахьихьахI, 1803. Цундела, хьайн Iамал Къуръанца а, суннатца а йогIуш юй хьажа! […]
Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «АллахIана уггаре дукха езаш йолу меттигаш маьждигаш ду, ткъа АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю». Муслим, 671. Имам ан-Нававис (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: “«АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю», хIунда аьлча цигахь пуьташ а, Iехор а, риба […]
Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) витр ламаз а дина элира аьлла: «ХIай Къуръанан охIлу, витр ламаз делаш, бакъдолуш, АллахI (Сийлахь-Веза ву И) цхьаъ ву, Шен лено витр ламаз дар дезаш а ву И». عَنْ عَلِيٍّ (رَضِي اللهُ عَنْهُ) قَالَ: أَوْتَرَ رَسُولُ اللهِ (ﷺ) ثُمَّ قَالَ: يَا أَهْلَ الْقُرْآنِ، أَوْتِرُوا، فَإِنَّ […]
АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан дийнахь била ма-безза корта а буьлуш, лийча а лийчина, цул тIаьхьа хутIба дIадоладалале, хьалххе хIуман тIехиъна воцуш, гIаш рузбана вахана, вахалуччул имамана улле а вахана, меттах ца хьуьйш, тапъаьлла (хутIбане) ладоьгча, цо хIора яьккхинчу гIулчах цхьана шарахь марханаш кхобуш, буьйсанна гIуьттуш ламазаш деш Iамал йича санна мела хир бу […]
АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIа цхьа а цамгар йоссийна ма яц, цунна (дуьхьала) дарба доссийна бен». مَا أنْزَلَ اللَّهُ دَاءً إلَّا أنْزَلَ لَهُ شِفَاءً ал-Бухарий, 5678.
Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шен да воций хуъушехь кхечу ден кIант ву ша бохуш волчунна, ялсамани хьарам ю». ал-Бухарий, 6766. Муслим, 63.
Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Бахам дукха хилар дац вехаш хилар, вехаш хилар — са дехаш хилар ду». ал-Бухарий, 6446. Муслим, 1051.
ШарIо ца магийначух ду: IатIар тоьхна зуда араялар. Иза хьарам а, даккхийчу къинойх къа а ду. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «IатIар а тоьхна шех хаза хьожа яийтархьама нахана юккъехула йолаелла зуда, зина дина ю». ат-Тирмизий, 2786.
АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Муъма стаганна а, я муъма зудчунна а, я бусалба стаганна а, я бусалба зудчунна а цамгар кхетар ма яц, АллахIа цунна тIера (кегийра) къинош дIадохуш бен». Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб, 3425.
Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Шух цхьаъ ша ламаз динчохь хиина Iаш мел ву, ламаз керар даьлла а воцуш, маликаша цунна доIадеш доьху: “Я АллахI! Гечдехьа цунна, я АллахI! Къинхетам бехьа цунах”» — бохуш». ал-Бухарий, 445.
|
Хьехаме дешнаш Цхьа банк ю-кха дуьненахь а, эхартахь а шен филиалаш йолуш, оцу банкан цIе "СагIа" ю. Дуьненахь ахча цу чу дилла ахь, эхартахь цу чуьра схьаоьцур ду ахь.
|