button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ларло!

Имам ал-АвзáIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вота а, эшарийн гIирсаш а болчу тойне ма гIолахь». Áдáбуз-зифáф, 165.

Дог самукъне дацахь, ирсе хир вац

«Къинош летошверг массо а ниIматашца зовкх хьоьгуш велахь а, цуьнан дагчохь даимна цхьалла а, сийсазалла а, дог Iийжош болу дагахьбаллам а хуьлу». Имам Ибнул-Къаййим — ал-Жавáбул-кáфий, 120.

Къиноша дог цомгуш до

«Нагахь санна хьан дог ахь летийначу къиношна сагатдеш дацахь, хаалахь хьан дог цомгуш дуй. ХIунда аьлча, дийна дог цомгуш а хилла Iан реза хуьлуш дац, ткъа деган цамгар — иза къинош ду». Шайх Ибн Iусаймийн — Тафсир жуз Iамма, 250.

Дика чаккхене кхачалуург собаре хила веза

«فَٱصۡبِرۡ إِنَّ ٱلۡعَٰقِبَةَ لِلۡمُتَّقِينَ». «…Собаре хила хьо, бакъдолуш дика чаккхе Делах кхоьручарна кечйина ю». Сурат ХIýд, 49 аят. «И дика чаккхе дагаяийтинчунна, ша собаре хиларан къахьалла йицлур ю». Ибн ал-Жавзий […]

Доллу хIума Шен долахь долчуьнга деха

«وَلِلهِ خَزائِنُ السَّماواتِ وَالأَرضِ». «…АллахIан (долахь) ю стигланийн а, лаьттан а хазнаш…». Сурат ал-Мунафикъỳн, 7 аят. «Iилман а, нийсачу новкъа ваккхаран а, аьтто баран а, рицкъан а, могушаллин а, ирсан а хазнаш АллахIан долахь ю. Цундела, Цуьнга бен цхьанге а ма деха!». […]

ШайтIанан гелача ма хила

Цхьана стага ВахIб Ибн МунаббихIе аьлла: «Хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха ВахIба аьлла цуьнга: «ШайтIана хьо воцург кхин цхьа а геланча ца карийра и къамел схьадан?!».

Хьо ларло!

Цхьана стага Хáлид Ибн Валийд волче а веана аьлла: «Цхьа хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха Хáлид Ибн Валийда аьлла: «Иза цуьнан шен тептар ду, шена луучуьнца дIадузхьара цо и».

Дийнахь Дела хьехо уггаре а дика хан

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хаалахь, дийнахь Дела хьехо уггаре а еза, сийлахь хан — Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа ерг юйла». 📔 ал-Азкáр, 155.

Сийсазверг

Далла тIебоьду некъ цабевзург а, и некъ лохуш воцург а ву хьуна, АллахIа шен хьокъехь «сийсазверг» аьлла верг: «وَمَن يُهِنِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن مُّكْرِمٍ». «АллахIа сийсазвинчун цхьаммо а сий дийр дац». ал-Хьажж, 18. 📔 Имам Ибнул-Къаййим — ТIарийкъул-хIижратайн, 177. […]

Хьожуш хила

АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий. «…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ». «Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла».Сурат ал-Бакъара, 196 аят.