IабдуллахI ибн Рава́хьата а, Абу ад-Дарда́а а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Ийман кучах тера ду: цкъа тIеюху и адамо, юха тIера д1а а йоккху цо и». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 1/303.
|
||
IабдуллахI ибн Рава́хьата а, Абу ад-Дарда́а а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Ийман кучах тера ду: цкъа тIеюху и адамо, юха тIера д1а а йоккху цо и». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 1/303. Хьан зуда хьо воцчун кхин цхьанне ма яц. Цундела, хийрачу божарийн бIаьргех ларъеш дIахьулъе иза, хьо яхь, эмгаралла йолуш велахь! Абул-Фараж ибн ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, Iилма а доцуш Iибадат дарах ларлолахь! Бакъдолуш, дукхах болу суьпа нах а, суфисташ а Iилма а доцуш Iамал яр бахьанехь нийсачу новкъах тилла хьуна». «إياك أن تتشاغل بالتعبد من غير علم ، فإن خلقاً كثيراً من المتزهدين المتصوفة ضلوا طريق الهدى إذ عملوا بغير علم» […] «АллахIа а, Цуьнан Элчано а хьарам мел динчу хIуманехь зен алсам ду пайданал». .«كل ما حرمه الله ورسوله فضرره أعظم من نفعه» МажмуIул-фатава, 35/171. «Цхьана махкахь я кIоштахь Iилма даьржича, цигарчу нахана юкъахь вон хIуманаш лахло. Ткъа цигара Iилма дIадаьлча, вон мел дерг а, телхина мел дерг а даьржа цигахь». .وإذا ظَهَرَ العِلْمُ في بَلَدٍ أو مَحَلَّةٍ قَلَّ الشَّرُّ في أهْلِها، وإذا خَفَى العِلْمُ هُناكَ ظَهَرَ الشَّرُّ والفَسَادُ Имам Ибнул-Къаййим — ИIла́мул-мукъиIийн, 5/257. […] «Шеца ницкъ боцу бакъдерг гIийла ду. Шеца бакъдерг доцу ницкъ а зуламе бу. Ткъа бакъдерг а, ницкъ а цхьаьнакхетча, нийсо дIахIутту». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий Ибн Къудама ал-Макъдисийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ламазехь хьан дог хьоьца дацахь, хаалахь, цуьнан бахьана ийман гIийла хилар дуйла. Цундела, ийман чIагIдеш къахьега ахь». متى رأيت قلبك لا يحضر في الصلاة، فاعلم أن سببه ضعف الإيمان، فاجتهد في تقويته Мухтасар минхIа́жул-къа́сиди́н, 30. […] «АллахIа шена цхьа ниIмат делла волчу стага “Алхьамду лиллáхIиллази́ биниIматихIи́ татиммуссóлихьáт*” алахь, Сийлахь-Везачу АллахIа долчух кхачам а бийр бу цунна, ниIматехь кхин сов а воккхур ву и». الحَمْدُ للهِ الَّذِي بِنِعْمَتِهِ تَتِمُّ الصَّالِحَاتُ Хьилятул-авлияъ, 2/148. ________________*Цуьнан ниIматаца диканаш дуьззина кхочуш хуьлуш волчу АллахIана хастам бу. […] Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) шен гергарчарех цхьанна бе́р дича, «КIант вина я йоI йина?» — олий, ца хоттура. Амма, цо хоттура: «Могуш а долуш даьллий и дуьненчу?» — олий. Ткъа шега «хIаъ» аьлла жоп делча, цо олура: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Далла». ал-Адабул-муфрад, 1256. […] Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къиношна генаваларо а, шен бала боцург Iаддитаро а дог нуьре до (нийсонна а, бакъонна а тIенисво)». اجتِنَابُ المَعَاصِي وَتَرْكُ مَا لاَ يَعْنِيْكَ يُنَوِّرُ القَلْبَ Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 10/98. |
||
© 2008 - 2023 islamanserlo.net - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |