button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Массо бала — вон бац, я массо ниIмат дика а дац

«Бала — ниIмат ду хьуна, нагахь хьо хьайна тIе бала беача АллахIана гергаваханехь. Иштта ниIмат а бу хьуна бала, нагахь хьо хьайна тIе ниIмат деача АллахIана генаваьллехь».

Дуьненан йовхо хааелча, эхартан йовхо дагаяийта еза

Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Маьлхан йовхонехь волчо шена дагаяийта еза, къемат дийнахь цу маьлхан хир йолу йовхо. Бакъдолуш, малх, къемат дийнахь нехан кортошна улле тIе балор болуш бу». ЛатIа́ифул-маIа́риф, 321.

ХIай ирс лоьхушверг!

АллахIан дешнел дика а долуш дешнаш дан а дац. ХIай ирс лоьхушверг! ПаргIато а, я ирс а, я синтем а бан ма бац Къуръанций бен. Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

ГIалат валарх эхь дац, цу тIехь дIа ца вахчахьана

«ГIалат ца долу адам хила ма гIерта, иза хила йиш йоцург ду. Мелхо а, шен гIалатех Iемаш долу адам хила хьо, иза сийлахь адам ду хьуна».

Iилман чам

«Iилман шен чам бу. цуьнан чам кхеттачо, и дIа ца тосу».

ДоIа — салават

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «ДоIанна юьххьехь а, юккъехь а, цуьнан чаккхенгахь а пайхамарна (ﷺ) салават диллар – дерриге доIина жоп хиларга сатуьйсийла йолчу бахьанех уггаре а чIогIа бахьана ду». Икътида́ъус-сира́тIил-мустакъийм, 2/249.

Ма гIийла хIума ю-кх адам

«Ма гIийла хIума ю-кх адам! Селхана тIадам бара и, кхана дакъа ду и». Абу Юсуф ал-ГIасулий. аз-ЗухIдул-кабийр, 204.

Вон нигат

«Вочу нигато санна стеган Iамал йохош хIумма а дац. Вон нигат а долуш, цо цхьа дика дахь, цу дикан беркат дIадера ду. Ткъа вочу нигатца адамо вон хIума дахь, цу вочу хIуман бохам а кхин а боккха хир бу». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий

ПIераскан де

«ПIераскан де — Iибадат до де ду. Беттанашна юкъахь, Рамадан бутт санна (деза) ду и. Цу пIераскан денна чохь доIина жоп луш йолу хан, Рамадан батта чохь Лайлатул-къадр буьйса санна (еза) ю». Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийя — Зáдул-маIáд, 1/398.

Хьоьх шиъ бен кхетар вац

Хьоьх шиъ бен кхетар вац: Хьуна тIехIоьттинарг шена тIехIоьттина хилларг бен. Хьо шена дукха везаш верггий бен.