«Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХIунда аьлча, иблис и хIума бахьанехь хIаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла».
|
|
||
|
«Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХIунда аьлча, иблис и хIума бахьанехь хIаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла». ЦIеначу даггара лелачуьн нигат цIена хилар билгалдоккхуш, Iелимнаха йийцина билгалонаш ю: ГIаравийлар ца дезар. Ша наха хестор ца дезар. Динан белхашкахь жигар хилар. Дика белхаш дарехь сихо яр а, Делера а бен йоле са ца тийсар а. Собаре хилар а, шена хуьлуш йолу халонаш нахе ца елхор. Шен Iамалш чIогIа къайлаяхьа лууш хилар. Къайлах […] Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къуръан тIера а, суннатера а далил доцуш мел болу некъ — жоьжахатин а, Дала эккхийна долу шайтIан а некъ бу». Мада́рижус-са́ликийн, 2/439. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: {لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ} «Царна цу (ялсамани) чохь шайна мел дезарг хир ду, гуттар Iийр а бу уьш цу чохь…». Сурат: ал-Фуркъан, 16 аят. Вуьшта аьлча, зовкх хьегар хир ду юучуьнца-молучуьнца, бедаршца, хIусамашца, дIасалеларан гIирсашца, исбаьхьа меттигашка хьежарца. Уьш доцурш кхин а зовкхаш хир ду цу чохь, цхьаьна бIаьргана гина […] Къийсадаларехь болу бохам Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам). ТIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу. Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо хилар а бахьана долуш?! Шайх Мухьаммад Сáлихь ал-Мунажжид Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «СагIано тамашийна Iаткъам бо тIера ба́ла дIаайбарехь а, бахана бIаьрг дIабаккхарехь а, хьагI йолчуьн вон юхатохарехь а». Бада́иIул-фава́ид 2/234 Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Мархийн баттахь мискачу нахана юучунца гIо дар, Ислам-динан гIиллакхех цхьа гIиллакх ду». МажмуIул фатава, 25/298. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Марханаш уггаре дика кхобуш берш — шайн марханашкахь АллахI (Сийлахь-Веза ву И), дукха хьехош берш бу». ал-Вабил ас-Саййиб, 152. Лараме вежарий, йижарий! Бертте беана тIехIоьтти вайна мархийн бутт. И Рамадан бутт бу и, хийлаза АллахIах кхоьруш болучара шега сатийсина болу. И Рамадан бутт бу и, хийлаза дикачу нехан синоша шега сатийсина болу. Дерриг дика а, беркат а шена чохь долу цу батте дегнаша са муха тосур дацара?! Шена чохь шортта гечдар а, къинхетам […] Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: Дуьне — кхо де ду: Селхане ю. Иза шен чохь мел долчуьнца дIаяхана. Кхане ю. Хьо цуьнга волий а ца хаьа. Тахане ю. Ткъа иза хьан керахь ю, цундела, дика Iамалш е цу чохь. аз-ЗухIд лил-БайхIакъий, 196. […] |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||