|
|
ТабиIий волчу Имам ИбрахIим ан-НахаIийс (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Шух цхьаъ нехан чу вахча, цу чохь болучара охьахаа аьллаче охьахаа. ХIунда аьлча, бухахь болучарна гIолехь хаьа шайн хIусамехь ларо дезарг хIун ду». Мусаннаф Ибн Аби ШайбахI, 25593.
Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду. Ткъа уггаре диканиг аса а, соьл хьалхарчу пайхамарша а аьлларг ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахI, лахIулмулку, ва лахIул-хьамд, ва хIува Iалá кулли шайъин къади́р»». ат-Тирмизий 3585.
Майрачу лаьхьано, хин буха боьдучуьра чIара кIелхьара баьккхина! Вайна гондахьа эгаш долу хIуманаш иштта дуьйцу цхьаболчу хаамийн гIирсаша. Галдаьлларг, цара иштта хаамаш бар дац. Галдаьлларг, чIара хин буха боьду бохучух нах тешар ду.
Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дагна АллахI хьехор чIерана хи эшарх тера ду. Ткъа хих къаьстича чIеран хьал муха хир дара (аьлла хета хьуна)?!». 📚 МажмуIул-фатава, 10/85.
Цхьана стага Ибн МасIудана тIе а веана аьлла: «Суна новкъарлонаш еш, суна луьйш, шега йалуш йолу хало еш цхьа лулахо ву сан» — аьлла. ТIаккха Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьада дIагIо, бакъдолуш, иза хьан хьокъехь АллахIана Iеса хилла, ткъа хьо цуьнан хьокъехь АллахIана муьтIахь хила хьо». [Ихьйáъ Iулýмиддин, 2/212].
Дахаро Iожалле хаьттина: «Нахана со дукха хIунда деза, ткъа хьо дукха хIунда ца еза?» — аьлла. Iожалло жоп делла тIаккха: «Хьо хаза аьшпаш болун дела, ткъа со къаьхьа бакъдерг долун дела».
Цхьана стага тáбиIий волчу Iа́мир Ибн Iабди Къайсе аьлла: «АллахIе доIа дехьа суна» — аьлла. ТIаккха Iа́мира аьлла: «Цкъа АллахIана муьтIахь а хилий, тIаккха Цуьнга айхьа деха ахь, Цо жоп лур ду хьуна!». Хьилятул-авлияъ, 2/93.
Хьайн хьаша бан ма-безза лерам бина дIавохуьйтуш вуй ахь?! «Рамадан бутт новкъабала герга баха, тIекхечи цуьнан дIабоьду хан. Аша йина lамалш эцна дlабоьдуш бу иза. Ткъа кхана, къематдийнахь, аша йина lамалш эцна (тоьшалла дан) шуна дуьхьала богIур бу иза. Алийша соьга, аша хlу эцна бахийти и дIа?! Алийша соьга, муьлхачу lамалшца йи аша цуьнца Iодика?! […]
«Говраш хохкучу майданахь, говраш шаьш чаккхенга кхача гергаяхача, шайгахь мел болу ницкъ тIебохуьйту, вукхарел хьалха дIакхача гIерташ. Ткъа, говраш хьайла а хьекъале ма хилийталахь! ХIунда аьлча, Iамалш чаккхене хьаьжжина ю хьуна». Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах). […]
Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Цхьаммо а АллахIан къинхетамах дог дилла мегар дац, шен къинош мел даккхий хиларх а». 📕 МажмуIул-фатава, 16/19.
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|