|
|
Цхьаболу нах, лайлатул-къадр буьйса цхьана сахьтехь я буьйсан кхозлагIчу декъехь ю олий кхета, ткъа иза гIалат ду. Лайлатул-къадр буьйса малх чубуьзча дуьйна Iуьйра хан хиллалц ю. Сийлахьчу АллахIа аьлла: «И маршо лаьтта сатассалц». Сурат «Ал-Къадр», 5 аят.
Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам), тIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу. Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо а хилар бахьана долуш. Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид
Шайх Ибн Базáс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Рамадан беттан тIаьхьара итте буьйса денйинарг, лайлатул-къадр буьйсане кхочур ву». 📕 МажмуI фатáвá, 15/430.
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бусалба стаг шен бусалба вешина гечдар доьхуш хила веза: «Сан Дела! Суна а, сан дена-нанна а, бусалба божаршна а, бусалба зударшна а гечде Ахь» — олуш. Цхьаболчу салафша и доIа хIора дийнахь дар дика лоруш хилла». 📕 Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/339.
Рамадан бутт — шена чохь доlанашна жоп луш болу бутт бу. Ма хийлаза доIанна жоп делла-кх (АллахIа) Рамадан баттахь. Ма хийлаза сатийсам кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца. Ма хийлаза боккха бала тIера дlаайбина-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца. Ма хийлаза доьхучарна шайн хьашташ кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца. Шайх СултIáн ал-Iумайрий.
Лераме бусалба вежарий, йижарий! Къинхетаман бутт тIебеа вайна. Жоьжахатих хьалхадуьту бутт тIекхечи вайна. Вайга кхойкхуш кхайкхамча ву: «ХIай диканиг лоьхуш верг, схьавола, хIай вониг лоьхуш верг юхавала» — бохуш. АллахIа диканиг лоьхучарех дойла вай, Дала беркате бойла вайна хIара сийлахь бутт! @islamanserlo
Яхья Ибн МуIáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:: ❒ «Адам делча цуьнан даьхнех (ахчанах) ши бала хуьлу цунна». Цуьнга хаьттина: «ХIун ши бала бу и шиъ?» ТIаккха МуIáза жоп делла: «Деригге даьхни дIа а доккху цуьнгара. Деригге даьхнех барт а хотту цуьнга». 📕 Сифатус-сафвати, 2/293.
IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❒ «Хьайна ца хуург ца хаа алар — Iилма ду» 📕 Сахьих ал-Бухарий, 4774.
Ахча дукха дара алий воккха ма велахь, нагахь и диканна а, Дела реза волче а хьовзош дацахь ❒ Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Къемат-дийнахь ши дирхIам (сом) долучуьнга барт чIогIох хоттур бу, цхьа дирхIам долучуьнгачул». 📕 Аз-ЗухIд ли-Аби Давуд, 186.
Суфъян Ибн Iуйайнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❒ «Хьекъал дерг – дика а, вон а девзарг вац. Хьекъал дерг – дика дерг шена гича, цунна тIаьхьавозуш а, ткъа вон дерг гича, цунна генаволуш верг ву». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/339.
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|