button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Къематде атта ден йолу Iамал

ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду». 📕 Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119.

АллахI веза бахарх тоьуш дац, Цо бохург деш дацахь

Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «АллахI вéза бохуш, Цуьнан дозанаш лардеш воцург бакълуьйш вац». 📕 ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 86.

Мéла баккха уггаре дика хан

Мéла баккха уггаре дика хан Iуьйкъа хан ю, рицкъ даккха уггаре дика хан Iуьйре хиларе терра. Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.

ДоттагIий дуккха а леца хьайна

IубайдуллахI Ибн ал-Хьасана цхьана стаге аьлла: ❏ «ХIай хьанех! ДоттагIий дуккха а хилийта ахь хьайн. ХIунда аьлча, хьо велла аьлла шайга хабар кхаьчча, цаьргара уггаре а кIезга хьуна хин долу дика — хьо Деле воьхуш хьуна доIа дар ду хьуна». 📕 ал-Ихвáн ли-ибн Аби ад-Дуня, 29.

Хьайн АллахIана тIе некъ бар нисде

❏ «Хьо АллахIана тIе некъ беш велахь, Цо бийцинчу новкъахула бен Цунна тIе ма гIолахь!». ✍ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.

Зуламхо нахана юкъахь айъаран бахьана 

❏ «Цхьайолчу хенахь АллахIа зуламхо (нахана юкъахь) вазвой айво. Иза Шена дукха везарна ца айво Цо, амма, лаккхара и чу кхоссархьама айво». ✍️ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.

Iовдалчух тар вала ма гIерта

Цхьа стаг хилла Халиф волчу Iумар ибн Iабул-Iазийзе багалееш. ТIаккха Iумар ибн Iабдул-Iазийза аьлла: «ТIе дан дезаш Къемат-де дацахьарий, хьуна (дала ма-дезза) жоп лур ма дара ас».

АллахIана хастам бу-кх массо хьолехь

❏ Цхьаболчу салафаша олуш хилла шайна тIе бала беъча: -Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала сан динехь (суна зен деш) ца хилийтарна. -Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала кхин боккха ца хилийтарна. -Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала лан суна собар делла волчу. ✍ Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид.

ОЙЛА Е!

❏ Хьоьга цхьамма аьлча: цхьа ши стаг ву чуьркан тlоьхула вовшах леташ, цушиннан хьекъалах воьлура ма вара хьо! Ткъа муха хета хьуна, дуьненна тIоьхула хlара деригге lалам вовший летар?! И дуьне ма дац АллахIан гергахь чуьркан тIоман мехха а! ✍️ Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

Къуръан

❏ «Нахе хьайна дагахь мел Къуръан хаа ма дийца, муххале а, хьайн тIехь гайта ахь и Къуръан – мецаниг вузош, тIе-кога доцчунна тIе-кога духуш, боберах къинхетам беш, хьайна во дечунна къинтIераволуш, хьайн нанна муьтIахь хуьлуш».