IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, хьо ламаз тIехь мел ву, Паччахьан неI етташ ву хьуна. Ткъа Паччахьан неI дукха етташ волчунна, и дIаяьлла герга ду». ас-Сунанул-кубра лил-БайхIакъий, 2/684.
|
|
||
|
IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, хьо ламаз тIехь мел ву, Паччахьан неI етташ ву хьуна. Ткъа Паччахьан неI дукха етташ волчунна, и дIаяьлла герга ду». ас-Сунанул-кубра лил-БайхIакъий, 2/684. «Хьо виц моссаза ло АллахI хьахаве ахь, бакъдолуш, АллахI хьахоро вицвалар дIадоккху хьуна». ат-Тафсирул-муяссар, 296. Сийлахь табиIийнех волу Маймун Ибн МихIрана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Хавариж – Ахь шен ойлана духьала кхин ойла ялийча, хьоьх кафир вой, хьан цIий хьанал деш верг ву». Фатхьул-бáрий ли-ибн Ражаб 5/99. Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьáнас (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «Вайн хIусамашкахь вай лелош йоцуш, вайна оьшуш йоцуш бедарш ю вайн. Цхьа хан ма яьлнехь тишъелла дIакхуьссур йолуш ю уьш. Вай сихо ян еза и тайпа хIуманаш сагIина мискачу нахана дIаяла. Вайна цунах ял а хира ю, царна пайда а хира бу». «Бусалба стеган декхар ду, шен динан хьокъехь ша шек воккхур волчу массо а хlумнах ларвалар». Шайх lабдул-Карим Зайдан. ПIераскан дийнан Iамалш: 1. Рузбана вахале лийчар 2. Хаза хьожу йогIу хIума хьакхар 3. Сивак хьакхар 4. Хаза бедар йохар 5. Сурат ал-КахIф дешар 6. Пайхамарана дуккха салаваташ дахкар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). 7. Хьалххе рузбана вахар 8. ГIаш маьждиге вахар 9. ДоIийна жоп ло хан ларъяр. Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац. АллахIа (Шеца там боцучу массо а хIуманех цIена ву И), бакъонца хила аьлла а, собаре хила аьлла а омра дина. Ткъа питан бакъдерг дIатасарца, я собаре ца хиларца хуьлуш ду». ал-Истикъáма, 1/39. Имам Шафиlийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIана хьо гуттаренна а жоьжахатехь вáгийта лууш хиллехьара, Цо хьан даг чу Ша цхьаъвайтар (тавхьид) тосур ма дацара». Дийвáн ал-Имáм аш-Шáфиlий. Цхьана lелам стага аьлла: «Вайга санна барт болуш хила бохуш цхьа а дин дац, хIетте а, вай санна декъаделла цхьа а уммат дац». Имам Ибн Хьазмас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Маж дIаяшар хьарам хиларна тlехь массо lелам нехан барт хилла». Марáтибул-ижмál. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||