Сан бусалба йиша! Хьижаб хазаллина кечлуш юхуш яц хьуна, хьижаб хазалла къайлайоккхуш юхуш ю хьуна.
|
|
||
|
Сан бусалба йиша! Хьижаб хазаллина кечлуш юхуш яц хьуна, хьижаб хазалла къайлайоккхуш юхуш ю хьуна. «Юкъа мостагIалла долла Iалашо йолуш цхьаьнан къамел кхечуьнга дийцар, уггаре а даккхийчу къинойх къа ду». ал-Къовлул-муфид Iалакитабит-тавхьид 2/278. «Вежаралла дIакхехьархьама гIалат дIадаккха, гIалат бахьана долуш вежаралла дIа ма даккха». Корехула арахьаьжначу зудчо шен майрачуьнга элира бах: «Хьажахь стаг, вайн лулара зудчо йиттина хьалаоьхкина хIуманаш ма боьха а ю!». ТIаккха майрчо куьзган бIаьрг цIанбича, хьалаоьхкина бедарш цIена йиттина хилар гина зудчунна! Айхьа кхечарна цхьаъ алале хьалха, хьайн сакхташ нисде! Юсуф пайхамар набахти чохь волуш цуьнга аьлла: «Хьо дика дечу нахах го тхуна». Иштта, иза Мисар пачхьалкхехь хазнашна тIехIоттийна волчу хенахь а аьлла цуьнга: «Хьо дика дечу нахах го тхуна». ЦIена кхоллам хьелаш хийцадаларха хийца ца ло! Цхьана Iаьрбочо боху: «Цхьана хенахь жена Iуналла деш лелла уммат дара вай, юха Ислам-дин деача, цо кхечу умматашна Iуналла деш дIахIиттийра вай. Ткъа вай цу Ислам-динна генадевлча, кхечу умматаша Iуналла деш жа хили вайх!». Iовжаме бакъдерг — Дийна шарахь марха кхаьбнарг санна хила лаьий хьуна? — Лаьа дера, и муха хир ду ткъа?! — Ахь Рамадан бутт а, цул тIаьхьа богIу Шаввал беттан ялх де а кхабахь, дерриг шарахь марха кхаьбнарг санна хуьлу-кх хьо, хIокху хьесапца: 30 марха × цхьа дика 10 дика яздо = 300 де. 6 марха × цхьа […] Цхьана хьекъалчо аьлла: «Дерриг дуьне бодане ду, Iилма долу меттиг йоцург. Ткъа дерриг Iилма эрна ду, шеца Iамал еш доцург. Ткъа ерриг Iамал а эрна ма ю, цIена даггара ихласца еш яцахь». Имам Ибн Ражабас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: — Хlай тоба ца деш коьртара месаш къаж йалийтинарг! — Нийсон тlехь нисвала ойла йоцуш, я деш тоба доцуш вехаш верг! — Хьуна хаийла, ахь шайтIанна хазхетар диний, тlех сов Къинхетаме волу АллахI оьгIуз вахийтний! [Мажмуl ар-расáиль, 348]. Хьайх лаьцна хьан вон ойла хиларо а, хьан дукха къинош хиларо а хьуна новкъарло ма йойла хьайн Деле деха. АллахIа иблисан доIанна а жоп ма делла цо даьхначу хенахь: «Сан Дела, къематде тIе даллалца дитахь со» — аьлла. Фатхьул-бáрий 11/168. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||